ТIекхочийла долу линкаш

Шемара нохчийн тIом


Шема -- "Исламан пачхьалкх" тобанца йоьзначу "Амаг" керланийн агенталло яьккхинчу видео тIера даьккхина сурт. Палмира, ГIур. 11, 2016

Шемахь йоьдучу тIеман конфликтехь дакъалоцу ю лаххара 4 агIо - Шеман президентан Асад Башаран Iедал, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш, ДАIИШ (Исламан пачхьалкх), Шемара оппозицин тIеман тобанаш. Царна массарна а юкъахь бу ... нохчий.

Кху деношкахь Нохчийчура Шема-пачхьалкхе гIуллакх дан хаьжийна лаххара а 500 гергга нохчийн эскархо. Уьш бу Оьрсийчоьнан тIеман полицин эскархой.

Нохчийчоь - Оьрсийчоьнан тIеман полици, Ханкала, ГIур. 09.2016.
Нохчийчоь - Оьрсийчоьнан тIеман полици, Ханкала, ГIур. 09.2016.

Цул хьалха масийттоза Нохчийчура администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана эккхийтира, Шемахь тIом беш ша яхийтина нохчийн ницкъийн леррина тобанаш ю аьлла.

Цул сов, Шемарчу герзаца йолчу оппозицин ницкъашца цхьаьна Асад Башаран Iедалца тIемаш беш а бу, ДАIИШ олучу тобанан могIаршкахь а бу нохчийн къомах болу тIемалой. Цундела иттаннаш нохчийн доьзалш бу вуно боккхачу сингаттамца цу махкахь хуьлучуьнга хьоьжуш.

Шема тIаме вахана нохчийн жима стаг.
Шема тIаме вахана нохчийн жима стаг.

Билггал хууш дерг дара нохчийн тIемалой Алеппохь а цунна гонах йолчу меттигашкахь а тIемаш беш хилар. Ткъа кху тIаьхьарчу шина-кхаа кIиранах зорбанан гIирсашкахь саццаза хьехош ерш яра цхьанахенахь вуно дика ехаш хилла Шемахь уггаре а яккхийчерах йолу и гIала.

Алеппо тIом балале.
Алеппо тIом балале.

Нохчийн Республика маьрша пачхьалкх йолчу хенахь Алеппо меха оьху нах эцна дIасалелаш дара Соьлж-ГIалара кеманаш.

Шемарчу оппозицин тобанаша дIалаьцначу Алеппон малхбалехьарачу кIошташкахь, тIемаш боьлхуш а болуш, цIеххьана дерриг а дуьненан тидам тIебахара ширчу Палмирина. ДАIИШ-ан тобанаш дIалецира иза дIадаханчу кIирандийнахь.

Вайна дага а догIуш, кху шеран Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша луьра бомбанаш а, ракеташ а етташ, Асадан ницкъаша арабехира цу гIалара ДАIИШ-ан тIемалой. Цу гIалан йистехь цу хенахь вийна карийнера лаххара а вайнахах волу ши тIемло.

Пенна тIехь дитина йоза
Пенна тIехь дитина йоза

​Оьсийчоьнан хаамийн агенталлаш цу хьокъехь дийцира, «ХIомс провинцехь Палмирина 10 километр уллехь гIалгIачуьнан ИбраьхIиман а, нохчочуьнан Шишани Хайруллан а декъий карийна бохуш.

Палмира дIалаьцначул тIаьхьа ДАIИШ-ан тобанаш кхин гена ца йовлуш дIатарйеллира цу гIалана гонаха. Нагахь и жима ши стаг шаьшшиъ ца хиллехь, цигахь болчу тIемалошна юкъахь хила безаш бара кхин а вайн нах.

Палмира дукха сиха а, говзаллица а тIемалоша дIалаьцна хилар даре до Оьрсийчоьнан инарлаша. Ткъа иштта сурт хIоьттича эксперташ билгалдоккхуш Iедал ду, цигахь тIом бинарш нохчий хилла хир бу олий. ТIехула тIе Палмира схьайоккхуш лелийна тактика вуно тера ю хьалха нохчийн тIемалоша пайда эцначух.

ХIара видео ДАIИШ тIемалоша яьккхина Палмирехь.

Масала, Оьрсийчура зорбанан гIирсаша билгалдоккху Палмирина тIелатар деш дуьххьара тIехаьхкина эккхийтинарг дуккха а чу хIоъ-молха диллина машен хилла бохуш. Ткъа иза нохчаша дукха хенахь дуьйна дуьйна юкъадаьккхина лелош хIума ду.

Амма билггал Палмирехь нохчий хилла аьлла цкъачуна чIагIдан хала ду бохуш, дуьйцу Гергарчу Малхбалехула а, цигахь йолчу тIебан тобанашкахула эксперт волчу Шишани Мурада.

Шишани Мурад
Шишани Мурад

Шишани Мурад: "Билггал ца хаьа вайна цигахь нохчий бу-бац. Амма вайна хууш ду цига бахана нохчий буй а, цигарчу тобанна юкъахь нохчий буй а. Делахь церан (Палмирина чубаханчера) терахь билггал хууш дац. Цхьаболчара уьш эзарнаш бу олу. Вукхара бIеннашкахь багарбо уьш. Амма уьш бекъабелла ма бу. Цьана тобанехь лелаш ма бац уьш. Цундела билггал хаа аьтто бац цкъачунна. Амма царна юкъахь нохчий бац бохург бакъ дац".

Оьрсийчоьнан а, Асадан а тIеман ницкъаша вуно хала схьаяьккхинера Палмира «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанера. Цигахь баьккхина толам базбеш дIабьхьира цара масийтта бутт.

Шема/Оьрсийчоь - Мариински оркестран концерт Палмирехь.
Шема/Оьрсийчоь - Мариински оркестран концерт Палмирехь.

​Оьрсийчоьнан Iедалша динна концерт а хIоттийра Палмирин шира гIишлошна юкъахь. Ткъа муха нисделла «Исламан пачхьалкхан» тобанаша иза юха схьаяккхар? ХIунда оьшуш дара царна и схьаяккха гIерта?

Политикан эксперто Шишани Мурада кхузахь ши бахьана ду бохуш дуьйцу.

Шишани Мурад: "Оьрсий а, Шеман Iедалш а Алеппона тIе тидам бахийтина бу, цунна тIаьхьабевлла бу уьш, иза схьаяккха гIерташ. И бахьана долуш царна, "Исламан пачхьалкх" олучу тобанерчу тIемалошна, атта хилира Палмирина чубаха".

Ткъа шолагIа бахьана?

Шишани Мурад: «Гой хьуна, уьш шайн стратеги а йолуш нах бу. Алеппо (Асадан ницкъашна) карайоьдуш а йолуш, уьш кхечанхьа гучубовларо (толам баккхаро) шена тIеозор бу керла ницкъаш. Ткъа хIунда бахана уьш билггал Палмире? И меттигаш шира меттигаш ю. Дерриг а дуьне леррина хьоьжуш ду цигахь хуьлучуьнга. Цундела зорбанан гIирсаша боккха тидам тIебохуьйту цунна. ТIаккха, иштта хьал хIоьттича, керла нах шайн могIаршка озо а аьтто хуьлу церан Шемахь».

Шема -- Палмира дIалоцуш бу ДАIИШ тIемалой, гIалана къилбехьа Iуьллу хIара ХIайан (Hayan) лам.
Шема -- Палмира дIалоцуш бу ДАIИШ тIемалой, гIалана къилбехьа Iуьллу хIара ХIайан (Hayan) лам.

​Шеман армино гергарчу хенахь юха а шен Iуналле оьцур ю шира Палмира аьлла, дIахьедар дина ХIомс провинцин губернаторо Баррази Таляла. Амма эксперташна хетарехь, иза дан Асадан ницкъ бац. Цуьнан эскарш 4 шо хьалха хилларш дац. ТIеман дакъош тоьаш дац, ткъа дерш, цIе йойу тобанаш санна лелаш ду, тайп-тайпанчу меттигашкахь хуьлу тIемалойн тIелатарш юхатоха гIерташ.

Палмира схьаяккхалур ю Асаде аьлла хетало, нагахь тIаьхьарчу хенахь Шемахь алсамдовлуш долчу Оьрсийчоьнан эскарша цунна гIо дахь. Амма Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир дIоггара лууш вац лаьттахула тIом боло, цхьацца леррина оьрсийн тобанаш цигахь хIинцале а тIом беш ялахь а, аьлла хета, масала, ББС-н политикан говзанчана Маркус Джонатанна.

Цо дийцарехь, Шемахь эскархой байина аьлла хIара ю аьлла дуьхьалонан акцеш хилла яц Оьрсийчохь. Путинна и хьал кхин дIа а иштта дисийта лаьа.

Хаттар кхин ду, Алеппо дIалаьцначул тIаьхьа цхьаьнадогIур дуй те Кремлана а, Асадана а луург, аьлла хета ББС-н политикан говзанчана.

Ткъа иза хуур ду гергарчу хенахь. ТIаьххьарчу болчу хаамашца, шинарин дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша гIортор ечу Асадан эскарша дIалаьцна 95 процент Алеппон территори.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG