ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Казанцев велла. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш буьйралла деш вара иза


Казанцев Виктор а, Кадыров Ахьмад а, Квашнин Анатолий а, 2000 шо

75 шо долу инарла Казанцев Виктор велла. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, 1999-2000-чу шерашкахь, Къилбаседа Кавказехь тIемаш беш хиллачу эскархойн буьйралла деш вара иза. РБК агенталло бина цуьнан кхалхарх хаам. Еххачу заманчохь цомгаш Iийра иза, кхиндерг дуьйцуш дац цунах лаьцна.

1999-чу шеран Марсхьокху-беттан 17-чу дийнера Охан-беттан 2000-чу шаре кхаччалц Дагестанехь а, Нохчийчохь а нохчийн гIаттамхошца а, жихIадхошца а тIемаш бечу эскаран куьйгаллехь вара Казанцев. ХIетахь Басаев Шемалан тобанхошна тIехь Дагестанехь толам баьккхира оьрсийн эскарша, цул тIаьхьа инарлас буьйралла дира Соьлжа-ГIалахь хиллачу штурмехь а.

Оцу заманчохь президент хиллачу Ельцин Бориса 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла, совгIат дира Казанцевна. Делахь а, Казанцевн хьокъехь бехкзуламан гIуллакх дара толлуш, Дагестанехь Армавирера спецназхой байарца доьзна, ишта, оьрсийн авиацино динчу тохаршна тIехула а.

2000-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь, Нохчийчохь жигара хилла тIемаш бирзинчул тIаьхьа (гIаттамхойн тIом кхин дIа а лаьттира масех шарахь), Къилба федералан гонашкахь Оьрсийчоьнан президентан векал хIоттийра Казанцев. Цо кураци латтийра Нохчийчоьнна а, Къилбаседа-Кавказерчу кхечу регионашна а тIехь. 2004-чу шарахь оцу даржера дIаваьккхира иза, цул тIаьхьа йирзира цуьнан карьера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG