ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь: хьан меттахIоттор бу къоман барт?


Акиев Тимур Эхо Кавказа

Протестан лидерш а, жигархой а кхидIа лоьцуш хьийза ГIалгIайчуьра Iедал. Политикехь, юкъараллехь хIоьттина кризис диканца ерзорхьама Магасе баьхкина Оьрсийчуьра бакъоларъярхой. Мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке цара доьху луларчу республикехь лецна кхобу гIалгIайн оппозицин лидерш махка юхабалабайтар, маьршабахийтар.

КIира ду Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхойн юкъараллийн куьйгалхоша, Нальчикехь чубоьхкина латтабе гIалгIайн оппозиционераш даймахка юха а балийна, дIахеца алахьара Талламан комитетерчу хьаькамашка, бохуш, Евкуров Юнус-Беке доьху.

Лецна латточийн дуьхьа, махка а дуьйлий, гIо дан гIортахьара бухарчу оппозицин векалша аьлча, баьхкина уьш Магасе: "Халкъан цIарх гIодар" ("Гражданское содействие") Ганнушкина Светлана а, "Мемориал" центрера Черкасов Александр а, Орлов Олег а, ХIелсинкин тобан Москварчу декъера Борщев Валерий а. ЦIарца аьлча, уьш махка бехнарг вара гIалгIайн омбудсмен Оздоев Жамболат.

Москвара бакъоларъярхой Магасе кхочучу хенахь бухарчу Iедало лаьцна латтош вара 18 оппозиционер, гIуда тоьхнера 70 сов стаганна. Уьш Магасе а кхачале, бухахь Iойла дацарна, махкахбевлла лецаза буьсуш хилла оппозицин лидерш, цхьаберш Iа шайн болх къайлахчу хьелашка а берзийна.

ГIалгIайчохь даьккхинчу кIиранах бевзаш болу бакъоларъярхой къамелаш дан кхиина Iедалан, оппозицин векалшца: мехкан куьйгалхочун гонца, цуьнгахьа я цунна дуьхьал болчу юкъархошца. Шозза хилла церан къамел шеца Евкуровца а.

Бакъоларъярхоша дийцарехь, юьхь-дуьххьал дечу къамелашкахь шаьш Оьрсийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а патриоташ ду, машарехьа лаьтта, олу шина а агIоно – Iедалхоша а, оппозицино а. Амма ца карийна хьешашна девне яьллачу шина а агIонна товш хета юкъ – хьаькамаша а, протестан жигархоша а вовшашна тIетоьтту махкара хьал талхорна бехк.

Цхьаьнакхетарш жамIе дерзош, бакъоларъярхоша кхайкхам бина гIалгIашка. Iедалний, оппозинийн юкъахьуггаре чIогIа диалог оьшу сахьт тIехIоьттина хIинца, и ши агIо машар лаха ца гIортахь, эгIа кийчча бу къоман барт, боху хьешаша.

Хьан меттахIоттор бу машар? Мила вер ву оцу гIуллакхна хьалха? Тахана уьш коьрта хеттарш ду ГIалгIайчоьнна. Бакъоларъярхошна хетарехь, Iедало яккха еза хьалхара гIулч.

Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан 212-гIа (нах къепе йохо гIовттор), 318-гIа ( Iедалан векална гIелояр) артиклшца лецна оппозиционераш талламчашка мукъабахар деха хьехна бакъоларъярхоша Евкуров Юнус-Бекна. Ша кийча ву иза дан, амма лецначара я церан гергарчара еха еза и маршо шега я ницкъхошка, жоп делла Евкуровс.

Нальчикерчу изоляторехь бахкочу нахалахь хилла ца Iа Iедалца къийсалурш, бу гуламхошка а, Iедале а бертахь хилар доьхуш хьийзинарш а. Амма Евкуровс бакъоларъярхошкахула къадийнарг шайга "къурд ала" бахар санна ду, аьлла хета лецначех дукхахболучарна.

Евкуров а, оппозиционераш а яхьебевлла хьийзаш хилча, Iедале дан догIу дехар шаьш дийр ду, сацамбина бакъоларъярхоша.

…Амма кхуьуш ду оцу юкъанна ГIалгIайчохь лоьцучу протестхойн терахь. Бакъду, лецнарш ца буьгу хIинца луларчу махка чубохка – чохь-цIахь совцабо, лецначу нехан хьолехь Iойту, юьртах, махках бевр бац, олуш, куьйгаш а яздойтуш.

ГIалгIайн тергамчашна гарехь, арара чубаьхкина бакъоларъярхой хилла Iа ца беза бартбан арабевллачаралахь, хила беза къоман къаной а, нахалахь цIе лелаш болу динан дай а.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG