ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт пачхьалкхан векалш арабохуш бина сацам юхаэцна туркойн президенто


ЭрдогIан Реджеп

Малхбузен итт пачхьалкхан векал Туркойчуьра аравоккхуш бина сацам юхаэцна мехкан президенто ЭрдогIан Реджепа. Туркойн лидеро бина цунах лаьцна хаам Хонкарахь дIахьочу конференцехь, векалш "юхабевлла", "тIейогIучу заманчохь ларлур бу шаьш дIахьедарш деш" аьлла, тIе а тухуш.

Хьалхо Канадин, Францин, Финляндин, Данин, Германин, Нидерландийн, Керлачу Зеландин, Норвегин, Швецин, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а векалаллаша дIахьедира твиттерехь, дипломатин юкъаметтигех лаьттачу Венан конвенцица а догIуш, шаьш юкъагIертар дац Туркйочоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна аьлла.

Маршо Радионо яздира, ГIадужу-беттан 23-чохь Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа арахьарчу гIуллакхийн министраллан тIедилларх, шайн пачхьалкхера малхбузен итт векал араваккха аьлла. Туркойчохь Iедал карчон гIоьртина аьлла, шеконашка эцна туркойн бакъонашларъярхо, филантроп Кавала Осман мукъваккха веза цара алар ца тайнера цунна.

Туркойчоь – НАТО-н декъашхо ю, ишта Евроберта юкъаяха гIерта кандидат а ю иза. ХIетте а ЭрдогIана дIахьедира, Хонкаран дозана тIехь цхьанна а хьехарш дан бакъо яц дипломатийн аьлла.

"Оцу векалийн бакъо яц, бахка а баьхкина, дан дезарг вайна хьеха хIитта! Муьлш ду шу данне а?", - элира ЭрдогIан Реджепа, шен "Нийсонан, мохк кхиоран партин" эзарнаш агIончаш гулбеллачу Эскишехир гIаларчу митингехь.

Кавала Осман вуно дика вевзаш стаг ву Туркойчохь, уггаре хьалха иза гоьваьккхинарг ду цо дуккха а Iедалх йоцу бакъонашларъен юкъараллаш кхоллар – 90-чу шерашкахь дуьйна схьа болх бо цара кеп-кепарчу дахаран агIонашкахь: бакъонаш ларъярехь, хьаннаш, латта хIаллакдарна дуьхьаллаттарехь, туркойн исбахьалла, литература, кино, синбахамалла дуьнентIехула яржорехь.

Вевза иза дуьненаюкъарчу бакъонашларъечу Amnesty International цхьанакхетараллина ахчанца гIо латторца, Туркойчохь ледара кхуьучу регионашна гIодарца. Юххера гергарло леладора цо Гёте цIарах йолчу Институтца, Истамбулерчу Швецин, Нидерландин векалташца, Туркойчуьрчу Францин иститутца.

Вара Кавала Осман Сорос Джорджа кхоьллинчу фондехула Туркойчохь дуьненаюкъарчу грантийн маша баржийнарг а – Iедало тIеIаткъамаш бар бахьана долуш сацийра оцу машано шен болх 2018-чу шарахь. Набахтехь валлочу Кавална 2020-чу шарахь делира Динк Грантан цIарах долу бакъонаш ларъярна луш хуьлу дуьненаюкъара совгIат (Динк Грант – 2007-чу шарахь Истамбулехь вийна туркойн-эрмалойн журналист – ред.).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG