Дубайхь а, Москвахь а конференци а, горга стол а дIаяьхьна Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарца доьзна. Цигахь дакъа лецира Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думан депутаташа а, министрийн кабинетан векалша а, цхьа могIа юкъараллин организацеша а.
Пачхьалкхъан "Грозный" телеканалан зерашца, Дубайхь хIоттийначу дуьненаюкъарчу конференцехь хилира "Доза доцу хьехархой" организацин президент волу Аль-БайIела Мухьаммад а (Iедалшца йоьзна йоцчу йоккхачу дуьненаюкхъарчу организацин сайта тIехьа цуьнан цIе йоцуш ю), Дуьненаюкъарчу бусулбачийн диаспорийн кхеташонан (коммерцица йоьзна йоцчу кху организацин штаб-квартира Абу-Дабехь ю) президентан хьехамча Аль-Обайдли Мухьаммад а, "Кадыров Ахьмад-Хьаьжа: динан хьажам а, нийса некъ а" книга язйина Iабдуррахьим Iусман а, Iарбойн Эмираташкара Оьрсийчоьнан векалаллан консул Фомин Олег а, ишта Нохчийчоьнан Iедалера нах а.
"Грозный" телехьожийло хаамбарца, Кадыров Ахьмадах лаьцначу книгин авторо билгалдаьккхира, дуьненаюкъара Нобелан совгIат дала а хьакъ вара иза аьлла. Хьалхо изза преми эца хьалхатеттира Кадыровн кIант, Нохчийчоьнан урхаллехь волу Кадыров Рамзан а.
Кадыров Ахьмадан 70 кхачарна леринчу Москварчу уггар а езачу майданахь – "Президент-Отель" хьешан цIийнехь - хIоттийначу горгачу стоьлехь дакъалоцуш бара Оьрсийчоьнан президентехула йолчу Нохчийчоьнан урхаллин векалалдаран куьйгалхой а, нохчийн Москвара а, Подмосковьера а юкъараллийн декъахой а.
Kulturverein Ichkeria ("Культурин "Ичкерия" центр) центран куьйгалхочо, Ичкерин парламентан депутато Исханов Хьусейна билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелахь, таханалерачу Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан динан культ дIахIоттош ю, "ФСБ-на а, Кадыровна а муьтIахь болчу имамашка нохчашна тIехь урхалла а дойтуш" аьлла.
Цо дийцарехь, "дуьненаюкъара" аьлла, зевне дIа а кхайкхош, Дубайхь конференци дIаяьхьар доьзна ду, Европе а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а баха йиш йоцчу Нохчийчоьнан куьйгаллина дуьхьал санкцеш яьхна хиларца.
"Кадыровн командано муьлш бу а ца хуучу, цхьана а кепара авторитет йоцчу нахах пайдаоьцу. Со тешна ву, Кадыров Ахьмадах лаьцна книга язйинчу стагана дуккха а ахча делла хир ду аьлла, мехаза язйина яц иза", - тешна ву Исханов Хьусайн. Цунна хетарехь, Кадыров Ахьмадах лаьцна даржош долу иэс "чIогIа доца хир ду".
"Дагалацийша Ленин, цунна хIиттийна хIолламаш Советан заманахь массо а кIоштахь дара. ХIун хилира цунах тIаьххьара а? Кадыров Ахьмадах я Кадыров Рамзанах лаьцна цхьана а книгаша, цхьана а конференцеша, уьш миччахь дIахьош хиларх а, церан авторитет ойбур яц", - аьлла Исхановс.
1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Республикан муфтий вара Кадыров Ахьмад, цул тIаьхьа федералашкахьа велира. 2000-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь вара иза. 2003-2004-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттира.
Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарна а, иштта Оьрсийчоьнан пачхьалкхан байракхан денна а лерина даздаран барамаш дIабахьа ворхI миллион соьмана тендер кхайкхийра Нохчийчоьнан Iедалхоша.
Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю кеп-кепарчу гIишлоша, шайлахь географин объекташ а цхьана йолуш – Ахмат-Юрт, Соьлжа-ГIалара Ахматан кIошт.
Кху шарахь оцу тептаре яьлла шахьаран аэропорт а, Нохчийн Пачхьалкхан Университет а. Цуьнан цIарах ю, "Новая газетано" Iорадаккхарца, дуккха а нах байъина полк а цхьаьна.
2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу Нохчийчоьнан куьйгалхошца доьзна "Магнитскийн санкцийн глобал-тептара" язйина футболан "Ахмат" клуб а, латархойн "Ахмат" клуб а, Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу фонд а ю махкакхь болх беш.