ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров сийсазварна къинтIера баьхна жимачу стага


Нохчийн Iедалхошкахьа йолчу пабликаша социалан машанашкахь рогIера видео яржийна, мехкан куьйгалхочуьнга гечдар доьхуш. Ролика тIехь гуш ду, жимчу стага къинтIера бохуш. Хьалхо Кадыров аьшнашвеш пост хIоттийна хиллера цо.

"Со кхеташ вац, цу дийнахь сайх хиллачух. Мелла вара со, шайтIа доьллера сох. Ас даггара доьху сайна гечдар.... Суна ца хаьа, и хIун дара... Суна хаьа, иза (Кадыров.-Редакцин билгалдаккхар.) бусулбанашна гIо а деш, къинхетаме стаг вуйла", - боху кIанта камера хьалха.

Ролик йовзуьйтуш язйинчу текстехь, постан авторша сийсазво къинтIера бохург, цара дIахьедо "Нохчийчоьнан куьйгалхочух лаьцна муьлхха а харцдерг дуьйцучунна, нохчаша таIзар дийр ду" бохуш.

Кху деношкахь Нохчийчохь полисхоша бехкаш дехира меттигерчу веа вахархочуьнгара, интернетехь оппозицин пабликашка хьежарна. "Профилактикан къамел" деш, дIаязйина видео гучуяьккхира карарчу беттан 11-чохь "ЧП-Чечня"инстаграм-пабликан агIонехь.

Стигалкъекъа-баттахь Дагестанера схьаваьллачу 15 шо долчу кIентан дас-нанас гечдар дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга: Москварчу Чеховехь вехачу кхиазхочо социалан машанашкахь "шайтIа" аьллера Кадыровна.

Кхин а хьалха, Пермерчу кхиазхочо видео дIаязйира Кадыров къинтIера воккхуш, ша цунна "шайтIа" аьлла, ролик яржорна.
Нохчийн инстаграм-каналаша зорбане яьккхира гечдар доьху видео.

Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула кест-кеста доьхуьйту мехкан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG