ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровгахьа "эзарнашкахь декъашхоша" флешмоб дIаяхьарх дIахьедина Нохчийчохь


2016-чу шарера Соьлжа-ГIалара митинг, архивера сурт
2016-чу шарера Соьлжа-ГIалара митинг, архивера сурт

"Грозный" пачхьалкхан телевизионо а, кхинйолчу мехкан официалан зорбан гIирсаша а дIахьедина, "Оьрсийчоьнан эзарнашкахь бахархой" схьакхетарх Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна гIо лоцуш а, йозуш йоцчу хаамийн гIирсашна а, бакъоларъярхошна а дуьхьал хIоттийначу онлайн-митингах. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкара цуьнан декъашхоша цхьатеррачу плакаташца суьрташ зорбане дехира.

"Грозный" ЧГТРК-н инстаграме хIиттийначу суьрташ тIехь нехан карахь ду: "Кадыровн митингехь ду! МостагIаллин "Новая газета", "Дождь", "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" дIакъвола! Уьш мостагIий бу! Иноагенташ! Паразиташ!" аьлла, цхьатерра йозанаш тIехь долу плакаташ.

Суьртийн доккха дакъа кечдинера, идентификаци ян таро йоцчу петаршкахь йа нахана юкъахь. Геолокацица даьхна меттиг билгалбаккха йиш йолу суьрташ даьхнера Москвахь, Ханты-Мансийскан гонашкахь, Нальчикехь, Уфахь, Сочихь.

Аккаунташка хьаьжча, флешмобан дукхахболу декъашхой – радикалан "Национальное освободительное движение" (НОД) боламан декъашхой а, Оьрсийчоьнан "Единая Россия" партин цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волчу Федоров Евгенийн организацин жигархой а бу. НОД-н жигархоша хьалха а дIаяьхьира пикеташ "Новая газетана" а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетна" а дуьхьал.

ТIаьххьарчу шина кIиранчохь хиллачу къамелашна а, Яшин Ильян петицина а, цуьнан видеокхайкхамна а, Gulagu.net проектаан авторан Осечкин Владимиран дIахьедарна а, Мусаева Заремигахьа гIаьттинчу шуьйрачу кампанина а тIехула шена муьтIахь болчу нехан гIоьнца Кадыров ша шена реабилитаци ян гIерта юкъараллина гергахь, боху "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

"ХIусамчуьра йина флешмоб бакъоларъяран организацеш а, зорбан гIирсаш а бехдарца йоьзна хиларна, цо юха а Кадыров а, цуьнан го а вончу аг1ор гойту", - билгалдоккху къамел динчо.

Бабинец Сергейс тIетуьйхира, оцу кепара акцеш "Кадыровна хьалха хьаставала луучу хьеннан аьрхачу коьрте йогIур ю" аьлла. Цо дагадаийтира, 2016-чу ушарахь бакъоларъярхочунна Каляпин Игорьна дина тIелетар, журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Дубровина Натальина а дина тIелатар, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" Соьлжа-ГIалара офис ягор.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьлла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула теше санна, хеттарш дан деза аьлла, бертаза дIайигира цара бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема. Юьхьанца 15 дей-буьйсий чохь даккха хан туьйхира цунна, полисхо сийсазвина аьлла, цул тIаьхьа бехкзуламан гIуллахк дуьхьал даьккхира, протокол хIотточу полисхочуна тIелетта аьлла.
  • Кадыровс а, цуьнан гоно а Дечкен-баттахь дIахьедарш дира, оппозицин 1ADAT телеграм-каналца боьзна бу аьлла хетачу ЯнгулбаевгIеран доьзална биллина кхерамаш туьйсуш. Кремль дуьхьал хилира оцу хьолана юкъагIорта, амма Чиллан-беттан 3-чохь, Оьрсийчоьнан президентаца Москвахь цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Кадыров а, цуьнан го а сецира ЯнгулбаевгIар буьйцучуьра.
  • Чиллан-беттан 7-чохь оьрсийн оппозицин политико Яшин Ильяс онлайн-петици юкъаяьккхира, Оьрсийчоьнан перзиденте Путин Владимире Кадыров Рамзан даржера дIаваккха аьлла. Цхьана дийнахь а, буса а Change.org платформе яьккхинчу оцу петицина куьйгаш ядира 100 эзар сов стага. Кремло дIахьедира, и тIебиллам дош хетта, тIе ца оьцу шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG