Вевзаш волчу оьрсийн политологана Кынев Александрна телефонехула "хьо лийр ву", аьлла ингалсан маттахь къамел хазийна.
ЗIеневаьлларг +74953572715 номерца хиллера, дIа а яздина, юха хийцинчу зудчун озаца хазийна телефонехула "you will die" (хьо лийр ву), дийцина Кыневс. Getcontact гIирсана чохь и номер дIаязйина ю "Зуламхой, шаьш экономикан зуламаш толлучу декъера ду моттуьйтуш". Ша Кынев Александра комментари ца йо, кхерамаш стенгара боьвлла хила тарло.
И зIе цуьнца яле масийтта де хьалха Кыневс Кавказ.Реалиина комментарий елира "Со Кадыровн гIашсаьлти ву" олучу акцин хьокъехь, цо дийцира, Нохчийчохь болх бен политикан режим, бакъонашларъяр а тера дац Оьрсийчохь долучех.
"Авторитаран режимна оьшу бахархоша сих-сиха режимна шайн муьтIахь хилар гайтар. Иза хила тарло кризис йоьдучу юкъанна а, шайн бакъонийн доза шардечу юкъанна а, иштта кхин дIа а. Коллективан къобалваран ламаст – иза дика евзаш технологи ю", - аьлла политолога.
47 шо долу Кынев Александр – иза политолог ву, оьрсийн регионашкахь а, СНГ-хь а политикан хиламашкахула говзанча ву. 1996-2000-чу шерашкахь цо болх бина "Яблоко" вовшахтохараллехь а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан аппаратехь а. 2000-2007-чу шерашкахь – Дуьненаюкъара гуманитаран, политикан талларш даран институтехь (МИГПИ) эксперт, тIаккха кхажтасархойн бакъонаш ларъяран "Голос" ассоциацин (оьрсийн Iедалхоша арахьара агент лерина ю) аналитикан декъан куьйгалхо а хилла, бахархойн инициативийн Комитетан эксперт хилла а ву, дукхачу шерашкахь цо Лаккхарчу экономикан школехь пайде политологин факультетехь хьехна.
- Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина нуьцкъаха бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. Цкъа дуьххара Мусаевана кхело I5 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта ницкъ бина аьлла, бехке а еш. Кадыровхоша бехкебо ЯнгулбаевгIеран доьзан оппозицин IАДАТ телегам-канал лелорна.
- Телеграм-каналаша хаамбира, Ставрополан махкахь 38 шо долу Иванова Марина тIепаза яр нохчийн нуьцкъахошца доьзна хила тарло, аьлла. Церан хаамашца, Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь болчу IADAT боламца йоьзна ю аьлла, лачкъийна республике дIайигира иза. Ша канало бакъ ца до иза шайн декъехь хилар.
- "Дождь" телеканало (Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьара агент" лерина) а, "Новая газето" а Талламан комитете бевлира Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх, журналисташ а, бакъоларъярхой а сийсазбеш, царна кхерамаш тийсарна.