ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой бехкебина Попасная гIала схьаяккхарх харцдерг дийцарна


Кадыровхой Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала бечу тIамехь. Кремло финансийн гIо латточу пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт
Кадыровхой Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала бечу тIамехь. Кремло финансийн гIо латточу пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт

Украинан малхбалехь Iуьллу сепаратистийн "ДНР-н" хилла куьйгалхочо, ФСБ-н экс-белхахочо Стрелков (Гиркин) Игоря Нохчийчуьра тIеман тобанаш бехкейина Попасная жима гIала схьаяьккхарна тIехь пиар йарна. Стрелкова бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедарш дахь а, и нах беха меттиг дIалацарца цхьанне агIора боьзна бац кадыровхой.

Сепаратисто тIечIагIдо, Попасная схьаяккхира "цхьанне агIор (медиа йиссалц) кадыровхоша баккъала дакъа а ца лоцуш". И хаам Кавказ.Реалиина тIечIагIбира, Украинехьа тIом беш йолчу нохчийн шен лаамерчу тобанехь. Шен цIе ца яккхар дехначу къамелдечо тIетуьйхира, "кхечу оккупанташа даьхна толамаш кадыровхоша шайна тIеийзор дуьххьара дац, оцу гIуллакхо оьрсийн тобанашкара кхин эскархой реза боцуш, оьгIазе буьту". Цо бахарехь, иза масийттаза конфликте дирзина.

"Ахмат-Грозный" ОМОН-н тобанан буьйранча Бисаев Анзор а, "Север" Росгвардин полкан хьалханча Тушаев Мохьмад а куьйгаллехь волуш нохчийн тобанаша "Попасная гIалан доккха дакъа шайн кара дерзийна", аьлла хьалхо масех пост хIоттийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Попасная схьаяккхарх лаьцна цо элира иштта Охан-беттан 13-хь, ткъа Стигалкъекъа-беттан 1-хь Кадыровс "администрацин гIишло дIалацарх" лаьцна яздира, иштта Стигалкъекъа-беттан 5-хь – Попасная "оьрсийн эскархойн карахь ю" аьлла а, Стигалкъекъа-беттан 9-хь кадыровхой Попасная гIала "дIацIанъеш хьийза" аьлла.

2014-чу шарера Донбассерчу тIеман конфликтехь Попасная гIала агIонийн кар-кара юьйлура, тIаьххьаре Украинехь йиссира иза. 20 эзар гергга стаг вехачу оцу гIалахь шина баттахь сов тIемаш лаьттира. Украинан президента Зеленский Владимира иэсан Дийнахь украинхошка а, дерриг дуьнене а бинчу кхайкхамехь Попасная юьстира нацисташа хIаллакйинчу Чехин Лидице гIалаца, иштта билгалдаьккхира, гIалех "ур-атталла чим а ца биссина".

  • Стигалкъекъа-баттан 11-гIа де – Украинерчу тIеман 77-гIа де ду. Украино дIахьедина, Луганскан кIоштера шайн латтанашна оккупаци ярна Европе йоьду газан транзит кхузза кIезгъян дезна шайн, аьлла. Американ Къоман талларан директорна хетарехь, Путин Владимир "бахбинчу тIамна" кечам беш ву. Украинера шайн лаамна дуьхьала дIабаха дезначийн терахь 8 миллионе даьлла. Литван Сеймо Оьрсийчоь террорхойн пачхьалкх лерина. "Аль-Джазирано" оьрсийн салтийн декъеш чохь долу рефрежератор гайтина.
  • Украинерчу тIаме хьийсийначу Нохчийчурчу эскархойн корматаллех а, уьш ледара кечбина хиларх а аьллачу "ЛНР-н" сепаратистийн "Восток" батальонан командиро Ходаковский Александра юхаэцна шен дешнаш. Видео шен телеграм-канале хIоттийна Кадыров Рамзана. Ходаковскийца оцу тIехь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам ву къамел деш. Нохчийчуьра ницкъахой муха кечбина бу аьлла хета сепаратистийн командирна, шега хаьттича, вукхо жоп ло: "Корматалла йолчу нахах Iиттаделла тхо", хьалхо кадыровхой "кхинберш санна бу" аьллера цо, цунна хетарехь, "маьрша дахарехь баьхна". Ходаковскийс билгалдаьккхира, нохчийн тобанхой хадархойн дакъойх а, ППС-н гIуллакхдархойх а бу, цхьа а гIо дан гIирсаш а, йа еза техника а йоцуш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG