ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхойн пропаганда: нохчийн дешархой Оьрсийчоьнан эскархошна тIера ламазаш дан декхаре бо


"Сердце Чечни" олуш долчу центрерчу маьждигна хьалха бераш ду, 2021-чу шеран стигалкъекъа-беттан 13-хь. Архивера сурт
"Сердце Чечни" олуш долчу центрерчу маьждигна хьалха бераш ду, 2021-чу шеран стигалкъекъа-беттан 13-хь. Архивера сурт

Нохчийчохь масех баттахь дуккха а нах гулбеш Украинерчу тIамехь долчу оьрсийн эскарна лерина ламазаш до. Хьалха маьждиге бахкар меттигерчу бюджетхошна бен тIедиллина ца хиллехь, тIаккха хIинца оцу барамашна йукъаийзабо школашкара а, берийн бошмашкара а дешархой. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, стенна оьшу и меттигерчу Iедална.

Бюджетхойн неIалташ

Нохчийчуьрчу бахархошка нуьцкъаха Украинерчу оьрсийн эскарна лерина ламазаш дайтарх лаьцна зазадоккху-баттахь дуьйна хиира. "Ахмат" футболан клубан цIерачу массо а ловзаршкахь хила меттигера бахархой декхаре беш хиллехь, хIинца балхара дIаваккхарца кхерамаш а туьйсуш, "Сердце Чечни" маьждиге бахка декхаре бира уьш, тIаьххьарчу хенахь уггар дукха нах гулбинчу ТахIаджжуд ламазе. И буьйсанна деш долу ламаз ду, рогIерчу хьолехь шен цIахь до и. Украинехь байъинчу кадыровхойн догIмаш республике деана бохуш дуьххьара кхаьчначу хаамашца цхьана нисделира и барам хIоттор.

Аьхка бюджетан хьукматийн белхахойх болчу зударша дийцира, цхьацца бахьанашца джамаIатаца ламазаш дан маьждига буьгу шаьш бохуш. Нохчийн "Вайфонд" ассоциацин хаамашца, наггахь зударий шайн цIера дIабуьгу маьждиге "автобусашкахь". РогIерчу хьолехь ламаз деш кхо сахьт хан йойъу, тIаккха зударий шай-шайн хIусамашка дIабуьгу.

Нохчийн пачхьалкхан хьукматехь йолчу, шен цIе йовзийта ца лиъначу зудчо дийцира, реза воцучунна таIзар дийр ду аьллера куьйгалло, реза хиллачунна бонусаш хьехнера: "Куьйгалло аьллера, тхо схьадахка деза, веъначунна мукъа де лур ду, ца веъначун йерриг отпуск дIайоккхур йу бохура. Сайн гергарчу зудчуьнца цига йаха дийзира сан, йистехь лаьттара тхойша, Кадыровна а, цуьнан имамашна а неIалташ олуш".

Лазамашкахь дакъалоцуш зударий хилар кхето мегар дара, республикан бюджетан, социалан хьукматашкарчу белхахойн доккха дакъа зударех лаьтташ хиларца, амма кхузахь кхин а ладаме меттиг бу – и ламазаш эскархойн нанойн, йижарийн, йоIарийн Iамалш санна гойту официалехь.

Европерчу нохчийн диаспорерчу жигархочунна, къобалйанзачу Ичкерин Францерчу векална Албаков Шемална хетарехь, Iедало оцу ламазийн ду боху маьIна дан а дац.

"Муьлххачу Iалашонашца, муьлххачу наханна лерина ламазаш дан нах декхаре беш балахь а, вайн массарна а кхеташ ду, наха шайн дагахь дерг бен лелор дац. Харцонна ламазаш дийр дац цара. Шайн куьйгалло тIедиллинарг кхочушдеш санна кеп хIиттор йу цара, амма и йац церан таханлера коьрта проблема. Республикера хьал нисдалийтар, аьтто хилийтар, Делан къинхатам а боьхуш дийр ду цара ламазаш. Нохчийн къам гуттара а ду маршоне сатуьйсуш, маршонна дуьхьа эзарнаш синош охьадехкина цара. Республикехь бохамна тIенисвеллачу хIоранна дагчуьра а, исторера и дIадаккхалур дац и", - билгалдоккху Албаковс.

Берийн бешахь ламазаш

ХIинца эскархошна ламазаш дан йукъаийзабо школашкара а, берийн бошмашкара а дешархой.

"Вайн майрачу эскархошка толам баккхийтар, уьш маьрша цIабахкийтар доьху бераша АллахIе", - чIагIдо шен телеграмерчу каналехь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Шен дешнашна бух балош цо арахецначу видео тIехь гойту, маьждигашкахь ламазаш дина ца Iаш, школашкахь, берийн бошмашкахь а бераша Iамалш йеш. Патриотикан барамашкахь дакъалоцу цара – масала, оьрсийн эскаро Украинехь лелочун билгало хилла долу даккхийрачу Z а, V а элпашца дIахIуьтту уьш, йа тIеман барзакъ духий, лела.

Динца спекуляци лелор санна кхето мегар ду цара лелориг

Баккхийрачу нахаца, берашца и барамаш хIотторехь жоьпаллехь йу регионан куьйгалхочун 22 шо долу йоI Хадижат, ши шо ду цо Соьлжа-ГIалин школазхойн департаментана куьйгалла деш.

Делахь а, кхиазхой Iуьйкъа хенан ламазашка ийзоран идей керла йац. Дуьххьара и лелийра 2021-чу шеран охан-баттахь республикан куьйгалхочун вешин кIанта Кадыров Хьамзата, хIетахь кегийрхойн политикан, физическан культуран, спортан а министр вара и. Маьждигехь Iуьйрене долучу берашна Регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фондера совгIаташ лур ду аьлла дош деллера цо – Iуьйкъа хенан ламазехь долчу берийн чот хIотто сацам бира цара. Оцу чоьтан жамIехь хIумма ца хаьа.

Оьрсийчохь экстремистийн лерина йолчу "Оьрсийн-нохчийн доттагIаллин йукъараллин" куьйгалхо волчу бакъоларйархочо Дмитриевский Станислава Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дагадаийтира, 2005-чу шарахь "Юные кадыровцы" болам кхолларх лаьцна шена довзарх. Цо элира, цу хенахь "кадыровхо" боху дош акха хетара, стаг сийсазвар хетара и – хIинца берашка царна лерина ламазаш дойту. Цунна хетарехь, динца спекуляци лелор санна кхето мегар ду нохчийн Iедало лелориг.

Кадыровн кхерар

Динан барамашка дукха хенахь дуьйна ийзадо Нохчийчохь школе даханза долу бераш: ламазаш довзаран хьокъехь къийсамаш хIиттабо царалхь, итт шо гергга хан йу берийн бошмашкарчу дешаран системехь динан бух Iамош. ГIадужу-баттахь оцу тайпа цхьаболчу къовсамехь "цIаьххьана" туьйлира республикан куьйгалхочун кIант Кадыров IабдуллахI.

"Динан истори", "Динан бух" боху урокаш йу школехь йукъайаьхна, керла белхан меттиг кхоьллина оцу бахьанца – динехь кхиорехула волу завуч.

Школашкахь а дIахьо къийсамаш, амма динца боьзна хилла ца Iа уьш, КадыровгIеран доьзална а, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна а лерина хуьлу цхьаберш. Масала, 2020-чу шарахь Кадыровн нанна Айманина уггар дика байт йешначунна ах миллион сом лур ду аьллера Нохчийчуьрчу Iедало. Путинна лерина уггар дика байт йешаран къовсамехь толам баьккхира кхоалгIачу классехь йолчу Ибахиева Хедас. ТIаьхьо гучуделира, и байтана йина плагиат хилар.

Кадыров ша лелочух кхеташ вац. Аьрха кхерам бу цуьнца

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дена лерина къийсамаш республикехь сих-сиха дIахьо, шайн чулацамца цхьатерра хуьлу уьш: уггар дика КъурIан доьшург, воккхачу Кадыровна лерина уггар дика байт, цуьнан сурт диллар, Кадыровн цIарх йолчу фондо кечбина болу шортта спортан барамаш.

Меттигерчу Iедало а, ша регионан куьйгалхочо а бераш леладо шен политикана реклама йеш, амма шен бераш хилла ца Iаш, неханиш а. "Европан нохчийн ассоциацин" кхоллархо Муртазалиев Аслан цец ца волу оцу гIуллакхна.

"Берриг барамаш Iедало тIехь куьйгалла латтош дIахьош бу. Масала, маьждигашка нах дIабига транспорт ло цара, цигахь маса адам хила деза билгалдоккху. Украинерчу эскархошна лерина ламазаш деш долчу берашна реклама йаро гойту, и тIом сийлахьа, динца богIуш хиларх шаьш тешо гIерташ уьш хьийзар. Ша лелочух кхеташ вац иза. Аьрха кхерам бу цуьнца", - тешна ву къамелдийриг.

Муртазалиевс бахарехь, Кадыровна кхета, Украина шен "тIаьххьара бастион" хиларх: "Цигахь Украина тоьлча, тIаккха Путин дIавахча, цунна тIаьххье Кадыров а гIур ву. Шен кумир воцуш висса йиш йац цуьнан, иштта Москвана а, нохчашна а йукъахь ву и. Кадыровна гуш ду, Оьрсийчоь ларош цахилар, шен чакхе йу цунна хаалуш, тIаккха цо сонта дIахьедарш, гIуллакхаш леладойту цуьнга".

***

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада хьалхо Украинерчу тIамах "джихIад" аьлла – бусулбачу наха динан дуьхьа бен тIом. Цо дIахьедина, Украине оьрсийн чугIортарехь Нохчийчуьрчу бахархоша "ислам лардо". Кадыровн хьехамча волчу Шахидов Адамна хетарехь, Украинехь болу нохчийн эскархой – "АллахIан некъа тIехь къахьоьгу муджахIидаш бу" (исламан терминологица "тIемалой". – Редакцин билг.), тIаккха цигахь байъинарг - "шахIидаш" (джихIадехь белларш. - ред.). Оьрсийчоьнан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам а ву цо бохучунна реза, цо боху, кадыровхоша Украинехь "шайтIан агIончашна" дуьхьала тIом бо, шайн къам а, дин а лардеш. Францерчу Ницца гIаларчу маьждиган имамо Магомадов Рамзана (Басхан) дийцира Кавказ.Реалиига, исламан бухерчу принципашца догIуш хила деза ламаз, царна юкъахь ду – мехкаш дIалоьцу тIемаш дехкар.

Iедало джихIадан кепехь гойтуш болчу тIаме баха лууш кхин баш дукха нах бац: цунна тоьшалла до, масала, Кадыровн дешнаша. Лахьан-баттахь меттигерчу телехьожийлехула цо нохчашкара бехкаш бохура, тоъал боьршалла а, иман дац бохуш. И бохура цо уьш Украине баха духьал хиларна.

"Мажошна басар а дой, тIелетта хечеш йухий, хуш дууш, даккхийра къамелаш до аш. АллахIаца дуй буъу ас, суна ураме аравала эхь хетар ма дара, сан вежарий тIемехь кхелхачу юкъанна. Эхь ду-кха иза, вайн истории сийсазйо аш. […] Тхо цIакхачахь, оха цхьана а урамехула лелуьйтур дац шу", - кхерам тесина махкахошна Курчлойрчу РОВД-н куьйгалхочо Агуев Рустама.

Украинера тIом болабелчхьана Кавказ.Реалиино Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а кхалхар тIечIагIдинчу эскархойн, лаамхой олучийн, мобилизацина кIел нисбеллачу а нехан тептар ду хIоттош. ГUура-беттан 2-хь долчу хьолаца йевза 1686 вийначун цIе, царах 140 Нохчийчоьнан бахархой бу. Нохчийчуьрчу Iедало вийначу 29 стеган ц1ерш бен ца йовзийтина. Зорбанашкарчу хаамех, Iедалан дIахьедарех, бакъоларйархойн а, тхайн хьасташкара а вовшахтоьхна хаамаш бу уьш. Баккъала долу эшамаш официалехь дийциначул а масехазза дукха хила мега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG