ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хьехамчас тIалибех "красавчикаш" аьлла, ткъа шен дешнаш "хьекъалалла" лерина


Шахидов Адам
Шахидов Адам

Оьрсийчохь йихкинчу "Талибан" террорхойн тобана юкъабогIу матуридиташ-ханафиташ "красавчикаш" бу аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун динан гIуллакхашкахула хьехамча волчу Шахидов Адама инстаграмехь шега деллачу хаттарна жоп луш.

"Матуридиташ-ханафиташ гуттар а бара красавчикаш", - яздина Шахидовс. Цуьнан жоьпан тидам бина уггар хьалха "Лента.ру" интернет-ресурсо.

Масех де даьллачул тIаьхьа и комментарий дIаяьккхина. ТIаьхьо Шахидовс дIахьедира, шен жоп ша дIа ца даьккхина, хаттар динчо шен йоза дIадаькхича, шен жоп а дайна аьлла. Ша яздинчунна тIехь ву ша аьлла, билгалдаьккхина динан гIуллакххочо.

"Сан жоп хьекъале дара, со тIехIоьттина матуридиташна а, ханафиташна а. Нагахь санна, шаьш антисалафиташ а ду, ваххабиташна-экстремисташна дуьхьал а ду аьлла, тIалибаша тоьшалла даладахь, со цаьргахьа а хир ву, хIунда аьлча, и вайн некъ бу", - дIахьедина Шахидовс.

Оьрсийчоьно тIалибаш "хьеший санна" тIеэцна, уьш "кхераме" ца хета аьлла, тIетоьхна цо.

  • Кху беттан 16-чохь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, бусулбанашна дуьхьал шайн рогIера "афера" ю америкхоша йолийна аьлла, шен шеконаш хиларх. Инстаграмерчу шен кIентан Адаман аккаунтехь хIоттийначу эфирехь элира цо ишта. Кадыровна хетарехь, Оьрсийчохь йихкина "Талибан" – америкхойн проект ю.
  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG