ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна критика ечу блогеран Халитовн дас кхерамаш туьйсу шен кIантана


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Туркойчохь вехачу оппозицин блогеран Халитов Хьасанан дас рогIера видео дIаязйина, цо лелориг бахьана долуш, ша иза вуьйр ву аьлла, кхерам тосуш. Халитов ГIанин видео инстаграмерчу шен пена тIе хIоттийна парламентан депутато Ханбиев Мохьмада.

"Хьасан, суна ца хаьа, хьоьга кхин муха эра ду. ХIоразза а ас дIабохуш ду хьоьга, и къамелаш ма де, ма кхийса уьш [видеош] цу чу, хьайна цахуург ма дийца. Ахь нисдан кху чохь дисина хIуммаъ а дац. Кху махкахь шадерриг а нийса лаьтташ ду. ДIасацахьа, хьайн Дела дуьхьа! Со тIекхочучохь велхьара ас вуон сацор вара хьо", - боху цо блогере.

Халитов ГIанис тIедожийна кIантана, цо зорбане яьхна видеош дIаяха, хIунда аьлча, уьш баахьанаехь "нахана юкъавала эхь хета" цунна.

"Хьо Делах тешаш велахь, ас Делаца дехар до хьоьга, IадIахьара хьо. Со тIекхаьчча-м ас тоьхна охьавуьллур вара хьо. Нахе воьйтучул а, айса вийна, дIавоккхур вара ас хьо", - аьлла, дерзадо шен къамел дас.

Оцу кепара кхайкхам бира Халитов ГIанис ГIуран-беттан 1-чохь а, хIетахь а видео яржийра нохчийн парламентхочо Ханбиев Мохьмада шен инстаграмерчу агIонехь.

Халитовс чIагIонаш йора, ша а, кхинболу гергарнаш а лецна латтийра бохуш, шен кIанта "дуьйцург бакъ дацара" аьлла.

Гезгмашин-баттахь полисхоша лачкъийна вигира Туркойчохь вехачу Халитов Хьасанан да а, ваша а. Гезгмашин-беттан 6-чохь суьйранна шайн цIера дIавигинера 75 шо долу Халитов ГIани а, 46 шо долу Рамзан а. Цул совнах, Москвахь лачкъийна вигира Хьасанца шалавина ваша Хьусайн а. Нохчийчу дIавигинера иза.

Истамбулерчу полицин терроризмаца къийсам латточу урхалло а, Къоман иччархойн организацино а дIахьедира ГIадужу-беттан 9-чохь, шпионаж лелош хиларна шеконашца шаьш ялх арахьарачу мехкийн бахархой лецна аьлла.

Царех виъ Оьрсийчуьра хиллера - Узбекистанера а, Украинера а ву цхьацца. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционерашна, шайлахь Халитов Хьасанна а цхьаьна, тIелетарш дан кечлучу цара, оьцуш хилла герз.

Гезгмашн-бутт бовш блогеро Халитов Хьасана бехкбиллира Нохчийчоьнан куйьгалхочунна Кадыров Рамзанна, шен нахана полисхо лаьттинчу Арсанукаев Ахьмадан цIийнах болчара чIир кхайкхорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG