Оьрсийчоьнан хьакъ долчу артистана Кабо Ольгина "Нохчийчоьнан халкъан артист" цIе елла, хаам бо РИА Новости агенталло. Цу хьокъехь арадаьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан омрин чулацам бовзийтина Соьлжа-ГIалин драмин театр кхоьллина 90 шо кхачар даздеш.
Кабо-на цIе елла "Нохчийн Республикан театран исбаьхьалла кхиош доккха дакъа лацарна а, Нурадилов Ханпашин цIарах йолу нохчийн пачхьалкхан драмин театр кхоьллина 90 шо кхачарца а доьзна".
2020-чу шарахь Марсхьокху-баттахь нохчийн театрехь дуьххьара спектакль гайтира "Хьуна тIаьхьа лаьмнашка" (В горы за тобой) цIе а йолуш. Цигахь коьрта роль ловзош яра Кабо.
"ХIара цхьа шо а сов хан ю со Нурадилов Ханпашин цIарахчу театран актриса йолу. ХIара сан сцена ю, хIара сан хьажархойн зал ю, сан хьажархой бу. Дуккха а беламе хIуманаш хилира, со цхьана хIуманах цакхеташ хьал хIоьттича, амма хIинца, суна хетарехь, со кхоччуш шоьх дIаийна. Аш суна схьадаьстина цхьа ша-тайпа тамашийна безаман а, кхолламан а дуьне" – даладо РИА Новости агенталло, артисткин дешнаш.
Спектаклехь гайтинарг хуьлуш ду 1943-чу шарахь, фашистех хIинц-хIинца мьршаяьккхинчу Харьковехь. Цигахь цхьаmнакхета коьрта турпахой – Юнус а, Нина а. Нина оьрсийн хьехархо ю, доьзалх яьккхина иза тIамо. Минанаш ехкинчу гIишлонехь дуьненах догдиллинчу цунна тIекхочу иза кIелхьарйоккхур йолу нохчийн салти.
Пьесан автор ву Харьквехь веха Михайлов Олег. Иза язйеш цо пайда эцна дневникех а, украинахош а а, оьрсаша а, нохчаша а тIеман заманах лаьцна бинчу дагалецамех а.