Москварчу цхьана кIоштахь полисхойх Нохчийчуьра вахархо латарх хаамбина Baza телеграм-канало. Ресурсан информацица, вуьйцург ву Хусейнов Мохьмад. Буьйсанна цIенна хьалха къаьркъа а муьйлуш, маьхьарий детта аьлла, меттигерчу бахархоша арз дина веанчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан шина белхахочунна тIелеттера иза, боху, ГIиргIазойчуьрчу цхьана вахархочуьнца.
"Къепе йохийна шиъ лаца хьоьвзинера полисхой, ткъа вуьйш дуьхьалбевллера. ТIаккха лета буьйлабелира шина полисхочух, цаьргара чхьонкарш схьа а яьхна. Летарш дирзира, цхьахволчу полисхочо тапча хьалаяьккхича", - яздо Baza телеграм-канало, хиллачух видео зорбане а йоккхуш.
Телеграм-каналан авторша чIагIдарехь, полицин белхахошна тIелеттачарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баьккхарна.
Москвахула йолчу МВД-н Коьртачу урхалло оцу хаамех комментарий еш яц - информаци зорбане йоккхучу заманчохь а урхаллин сайта тIехь цунах яздина дацара.
Къаьркъа меллачу шина стеган Москварчу МВД урхаллин белхахошца хиллачу конфликтах яздира иштта ТАСС агенталло а, РЕНТ ТВ телеканало а. Церан хаамашца, летарш хилла Чиллан-беттан 9-чохь, ткъа дийца даьккхина хIинцца. Инцидентехь дакъалаьцнарш стенгара бу федералан зорбанашкахь билгалдоккхуш дац.
- Дечкен-баттахь яздора, Москварчу Гжельскан урамехь дуккха а нах вовшхкхетта, герзаш кхуьйсуш летарна тIехула масех бехкзуламан гIуллакхаш диллина аьлла. Цигахь дакъалацарна бехкебора Нохчийчуьра бахархой а, иштта ГIиргIазойчуьра а, Узбекистанера а бахархой а.
- ГIуран-бутт бовш Москвахь лецира "Метрополис" цIе йолчу йохка-эцаран центре веана, ша граната оьккхуьуйтур ю бохуш, кхерамаш тийсинарг. Нохчийчуьра 47 шо долу вахархо хиллера иза, хьалхо къола дарна а, талораш лелорна а кхел йина волу.
- ГIуран-беттан 11-чохь Москварчу "Славянский базар" метрон социйлехь уьрсан чевнаш йинера Нохчийчуьрчу 29 шо долчу Темирхаджиев Рамзанна.