ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан Парламенто школерчу дешархошна динан билгало йолу духар, васташ тIехь лело магоро и мохк исламан экстремизмах ца кхоьрийла гойту, делахь и духаран кеп тIейожийна хила а ца еза, аьлла РИА Новости агенталле Оьрсийчоьнан израилхойн конгрессан президенто Каннер Юрийс.

«Дуккха а пачхьалкхашкахь, масала, ГIажарийчохь, ца кхоьру исламан фундаментализмах, иза пахчьалкхан политика елахь а, цигахь магадо хьиджабаш лелон. Израилехь а, Штаташкахь а ца кхоьру. Вайна а ца оьшу кхера. … Цундела дерриг а дика ду, вай а ца кхоьру – иза дика сурт ду», - д1ахьедина Каннера.

XS
SM
MD
LG