ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом чекхбаьлла, ткъа блокпосташ лаьтта


Архивера
Архивера
Исаев Руслан

Пачхьалкхашна юкъахь санна къевлина кхобу Къилбаседа Кавказерчу республикийн дозанаш

Шогга лардо Оьрсийчоьно шен мехкашна юкъара дозанаш. Республикийн кевнашкахь лаьтта полицин а, Росгвардин а ницкъаш. Махбалехьа, Нохчийчоьнан агIор некъаш дIа мел оьху а, чIагIйинчу гIопех тарлуш, алсам дуьйлу хаш.

Дозанах дехьа моссаза волу а хетало мехкаш вовшашца цкъа а кхачалуш боцчу тIамехь бехаш. Оцу юккъехула дуьйцу Iедало ша тIемашца дерг диканца дерзийна олий, хестайо ша соьмийн миллиардашца кхиош йолу туризм.

Краснодарера Дагестане боьдучу некъашца цхьа зама хьалха федералан ворхI ха лаьттара. Транспортах а, некъахойх а хьовса бакъо а йолуш. ТIаьххьарчу шерашкахь и терахь лахдина, амма хадархошкахь йисина тохарлерра бакъо.

Цхьадолчу хашка ренгенца чекххьожу гIирс хIоттийна дукха хан йоццуш. Къаьсттина оцу гIирсо догъэтIадо машенийн дайн а, некъахойн а. Уггаре шога ха лаьтта Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь – чу-ара моссаза волу толлу ша а, шен некъахой а, дуьйцу Соьлж-ГIала-Москва маршрутца автобус лелочу Салтыханов Шарпуддис.

"Дукха шераш ду со лела, цкъа а ца ваьккхина сан автобус тIера стаг, хьаштдоцург дIасахьош ца ваьлла цхьа а. Зулам дан араваьлларг блокпостехула гIур вац. Цунна шен некъ карор бу", - элира "Кавказ.Реалиига" Шарпуддис.

ХIора республикехь бу "кхин некъаш". Иштачу некъаца , масала, Беслане а кхаьчна, дIалецира тIемалоша 2004-чу шарахь сила йолу школа. Немцойн "Der Spiegel" журналан корреспонденташа шаьш а зийра и некъ – иза ГIалгIайчуьрчу Маьлхбекна гергарчу хьаннашкахула кхочура Беслане.

Оцу некъанна 60 чаккхарма юьстах чекхболучу некъаца, гIалгIайн-хIирийн дозанехь лаьтта цхьа блокпост. Цигахь девнаш даима а дуьйлу нехан, къаьсттина резабоцуш го гIалгIай, цара доьху блокпост малъяр, я дIаяккхар. ХIирийчуьрчу гIалгIайн ярташкара нисло и нах дукха хьолехь, дийнахь массийттаза толлу уьш.

Youtube-хь ша ца вовзуьйтучу гIалгIачо яьржийна лела оцу блок-постехь яьккхина видео. Хадечара харцонаш лелайойла гойту цо. Полисхошка массийтта видеокхайкхам а бина оцу стага. Дукха наха язйина комменташ иза бакъвеш.

Бакъду, хIирашлахь алсамо бу блок-посташ оьшу аьлла хета нах. Кхерамзалла а, къепе а латторхьама хIиттийна хаш, аьлла хета юкъаралхочунна Байцаева Нинина.

"ГIоьртина лаьтта юкъаметтигаш а, доьхна хьал а тидаме эцча, пачхьалкхна оьшу и тайпа хаш, амма, коррупци сацош, царна тIе хIотто а деза-кх хадархой кхин цхьа чкъор", - боху юкъараллахочо.

Петарбухахь веха Нохчийчуьра волу Джамбулатов Хизар. Деношкахь машенахь веана иза махка. Къилбаседа Кавказерчу некъаш тIе валлалц ша цхьаьнххьа а ца сацийра, децIа кхача ма-вуьйлли, сецо волийра, боху цо.

"Ростов махкарчу "Кущевская" постехь" къьасттина шога толлу. Наггахь а чекх ца волуьйту цигашхула проблема йоцуш, маьрша. ХIинца вогIуш, багаж а, салон а гайта, элира соьга. Дог ца хуьлу къийса. Иза эрна ду. Иштта шога хьаьвза Ставрополан-ГIебарта-Балкхаройчоьнан дозанерчу "Малка" постехь а", - дуьйцу Джамбулатовс.

"Вон цIе" йоккхура Нохчийчоьнний, Дагестанний юкъахь лаьттачу ГIезалой-Юьртарчу (Герзель) постан. Наха дуккха а аьрзнаш динчул тIаьхьа меттигеранаш дIа а баьхна, тIебаьхкина полисхой хIиттийна цига. Лахделла аьрзнаш а.

Делахь а, дIадаха тарло цкъа мацца а Къилбаседа Кавказера хаш, олий сатосу. Амма дуьненахь гIоьртина лаьтта хьал, Шемара тIом юхьаръэцча, кхета хенан йохалла демилитаризаци хир йоцийла. Хаийтира иза Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь Черкесскехь гуъеллачу Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташоно а. Гуш ду, регион къарйина бохуш мел дийцахь а, блокпосташ лаьттар юйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG