ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь протесте бевлларш цхьана питанца лелаш бу аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Казахстанехь йоьлхучу дуьхьалонан протестех лаьцна вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цо кхайкхамбина урамашка бевллачу нахе машаре хила аьлла. Кадыровна хетарехь, цхьана питано арабаьхна бу протестхой.

"Таханалера хьал - Казахстанера газан проблема хилла ца Iа, цхьаммо долийна питана ду, шайн цхьа хеттарш кхочушдархьама", - дIахьедина Кадыровс нохчийн праламентан спикерца Даудов Мохьмадца йоьдучу эфирехь къамел деш.

Кхечу Оьрсийчоьнан субъектийн дацахь а, арахьарчу политикан хеттаршна кест-кеста комментарий еш Iедал ду Кадыров Рамзанан.

Хьалхо Казахстанерчу хиламех лаьцна вистхилира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий: "Арахьара цхьаъ оцу юкъагIортарна дуьхьал бу Кремлехь, пачхьалкхан Iедалхой шаьш ларор бу шайн проблемашца" элира цо.

Газан мах шозза лакхабаларна дуьхьал протесте бевлира Жанаозенехь Казахстанан бахархой карарчу беттан 2-чохь. Мах охьабаьккхина аьлла, дIахьедира Iедалхоша, амма демонстрантхой ца совцийра цо а. Пачхьалкхан яккхийчу гIаланашкахь яьржира акцеш. Дуьхьалончийн Iаткъамца кхерамзаллин Кхеташаонан секретаран даржера дIавелира экс-президент Назарбаев Нурсултан.

ГIуран-беттан 2021-чу шарахь Кадыровс бехкбиллира Туркойчоьнан президентана Эрдоган Реджепна, "бандиташна а, боьха хIуманашна а" тховкIело яларна. Буьйцурш бара, оцу пачхьалкхе дIабахна нохчийн оппозиционераш. Иштта, Кадыровс кхерамаш тесира, туркойн Керфезехь Дудаев Джохаран цIарх парк схьаелларна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG