ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрдоганан дуьхьалончийн политика къобалйийр ю аьлла, кхерам тесна нохчийн муфтийс


Муфтий Межиев Салахь
Муфтий Межиев Салахь

Туркойчоьнан президентан Эрдоган Реджепан политика емал еш вистхилла Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь. Ичкерин президент лаьттинчу Дудаев Джохаран цIарах туркойн гIалахь парк схьаеллар ду цуьнан бахьана.

"Гоьваьлла политикан гIуллакхдархо Гюлен ФетхуллахI туркойн халкъан бакъволу патриот, ткъа Оджалан Iабдулла политикан тутмакх лара тарло" республикехь аьлла, дIахьедина Межиевс.

Гюлен ФетхуллахI - туркойн Iеламча ву, 1999 –чу шарахь дуьйнна Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь веха иза. Цуьнан цхьайолу книгаш экстремистийн материалаш а лерина, федералан тептаре яьхна.

Оджалан Iабдулла - "Курдистанан Белхан парти" кхоьллинарг ву, Туркойчохь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна цунна.

Туркойчоьнан Iедалш а, президент Эрдоган Реджеп а бехкевира кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "бандиташна а, боьха хIуманашна а" тховкIело яларна, хетарехь, иштта хьахийна цо оцу пачхьалкхе дIабахна нохчийн оппозиционераш.

Дахначу кIирнах туркойн Керфезехь схьабиллира Дудаевна хIоттийна хIоллам а, цуьнан цIарах йиллина парк а.

Арахьарчу политикаца доьзна сацамаш тIеэца бакъо яц пачхьалкхерчу регионийн куьйгалхойн аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитирийс, Кадыровс Францин президент "шен махкахь терроризме иракарахӀотторг" ву аларна жоп луш.

Йоьдучу урокехь Мохьмад пайхамарна Шарли Эбдос ехкина хилла карикатураш гайтина хьехархо Пати Самюэль Францехь вийча гIаьттинчу гIовгIана юккъехула дира Кадыровс оцу кепара шен дIахьедар. Макронна кхерам тосуш къамелаш дира хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, иштта мехкан муфтийс Межиев Салахьа а.

Дудаев Джохаран цIарах урамаш ду Стамбулехь, Хонкарахь, Амманехь, Львовхь, Гораждехь, Ивано-Франковскехь, Хмельницкехь а, иштта, кхечу гIаланашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG