ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь хаам бина кIоштан полицин хьаькам а, КНБ-н полковник а валарх лаьцна


Казахстан -- Жамбылан областан полицин департаментан хьаьким Сулейменов Жанат
Казахстан -- Жамбылан областан полицин департаментан хьаьким Сулейменов Жанат

Казахстанехь, хетарехь, ша шена тоьхна велла Жамбылан областан полицин департаментан хьаьким Сулейменов Жанат. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс-Казахстан", яздо Радио Свобода-но.

Полисхо кхалхар бакъдина Тараз (регионан административан центр) гIалан хьукматан зорбан сервисехь. Карарчу хенахь, хиллачуьнан бахьанаш хууш да, хаам бина агенталлица къамелдинчо.

Казахстанерчу журналистан Козачков Михаилан телеграм-канало бечу хаамца, дуккха адамаш дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа Сулейменовна дуьхьал талла долийнера бехктакхаман гIуллакх, цунна трибунал ян мегаш яра. Цунах лаьцна яздо Mash а, Readovka а телеграм-каналаша.

Къоман кхерамазаллин Комитетехь хаам бина иштта, КНБ-н полковник Ибраев Азамат кхалхарх лаьцна. Цуьнан дакъа карийна Казахстанан коьртачу гIалахь Нур-Султанехь йолчу цуьнан хIусаман уьйтIахь. Полковник кхалхаран бахьанех лаьцна хаам бац.

Алматыхь, инфаркт а хилла, шен белхан меттехь велла кIоштан полицин урхаллан хьаькаман когаметта Назанов Танат, хаам бо Orda.kz телеграм-канала, гIалан полицин департаментана тIе а тевжаш.

  • Дечкен-беттан 8-хь Казахстанехь лаьцна талламан изоляторе хьажийраКъоман кхерамазаллин Комитетан г1антда хилла Масимов Карим. Иза махкана ямарт хилла аьлла шеко ю.
  • Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.
  • Юкъарчу кхерамзаллин бертан организацино (ОДКБ) эскарш кхайкхира Казахстане президента Токаев Касым-Жомарта.
  • Ерриг а Казахстанехула даьржинчу тийсадаларан а, къепедацаран а эпицентр хилира шинарийн дийнахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахойн а, дуьхьалонан акцийн декъашхойн а тасадаларш хилла Алма-Ата. Кхаарин дийнахь цигахь, дIа а лаьцна, ягийра гIалан администрацин а, прокуратуран а гIишлош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG