ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"КIадбоцург санна ца хета иза хIинца". Нохчийчуьра гечдар дехийтаран ламаст Оьрсийчу кхаьчна


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Архиверса сурт
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Архиверса сурт

Украинера тIом болабелчхьана Оьрсийчохь нуьцкъаха камерина хьалха тIамна дуьхьал берш бехказбийлийтина мел кIезга а 94 меттиг йевзина. Царах шиъ кхолгIа дакъа аннексехь йолчу ГIирмехь хилла, иштта гучудаьлла иза Краснодаран махкахь, Дагестанехь а, дуьйцу йозуш йоцчу бакъоларйаран "ОВД-Инфо" проекто. Хьалхо и барамаш шуьйра лелабора Нохчийчохь. Ницкъахоша стенна долийна оцу тайпа хIума тIамна дуьхьал болчу жигархошна тIехь лелон?

"Сий хуьлда Украинин!" а, йийсаре кхачар а, кхин бахьанаш а

"Ледарло йаьлла" болу тIамна дуьхьал болчу жигархоша шайна бехк ца биллар доьху видеош наггахь официалан низам лардаран органийн зорбанашкахь гучуйуьйлу, амма сих-сиха го уьш ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу пропагандистийн телеграм-каналашкахь. Наггахь безказбуьйлучура ур-аталла баркал олу "товарищ майорна" (кхузахь вуьйцург цхьа стаг вац, лерринчу сервисийн белхахойх олу ишта. – Ред.) цо ша баьхьанехь йайъинчу ханна, дуьйцу "ОВД-Инфо" гIирсо.

Дайначу шеран стигалкъекъа-баттахь Дагестанехь хилира уггар гIардаьлла безказйийлар. Избербаш гIаларчу цхьайтта класс йаьккхина дешархой школера арахоьцуш хIоттийначу барамехь микрофонехула мохь тоьхнера цо "ТIамна дуьхьал! Украинина маршо! Путин – шайтIа!" Гулбеллачара тIараш диттира и хезча, йоьIанна а, цуьнан нанна а дуьхьал административан гIуллакхаш долийра. ТIаьхьо машанашкахь цо бехк ца биллар доьхуш видео йаьржира: дешархочо бохура, "сайна тIе тидам бахийта лууш динера" иза, тIаккха цуьнан нанас бохура, "ойла ца йеш" динера цо иза. Кавказ.Реалиин редакцин хьостанан хаамца, и видео меттигерчу хьаькамаша тIе Iаткъам беш дIайазйайтина йара цуьнга. Республикан куьйгалхочо Меликов Сергейс тIедиллина хиллера царна оцу хьолах йистйаккхар.

ХIетахь бехк ца биллар доьхуш видео дIайазйира нохчийн Гуьмсарчу Сулейманов Рамазана – Пятигорскерчу Машук ломара тIеман билгало хилла дIахIоьттина долу "Z" элп дохийнера цо. Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а Украинехь байинчу нехан гергарчу нахе бехк ца биллар дийхира цо. Кхелехь Сулеймановс бехк тIелецира, дохкохвелира, эскрна "дискредитаци" йар бохучу артиклехуля уггар кIезга таIзар дира цунна – 30 эзар сом гIуда.

Мобилизацина дуьхьал йолчу кхаа телеграм-каналашкахь дакъа лаьцна шаьш аьлла къера хуьлуш видео йаьккхира Дагестанерчу кхаа кегийрхочо. ХIинжа-ГIалахь (Махачкала) дуккха а наха дакъа лоцуш протесташ хиллачул тIаьхьа арахийцира видео. Цу тIехь кегийрхоша къадийра, митингашка арабовла боху кхайкхамаш кхечу пачхьалкхашкара кхочу бохуш.

Нохчийн "Север-Ахмат" полкера украинхойн йийсаре а кхаьчна, маршаваьллачу пхеаннах цхьаъ ву Хамидов Тамирлан – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьалха бехказавийлира иза, ша церан кара кхачарна – цо бохург хезира эзарнаш эскархошна, республикан Iедалхошна, тIеман министраллин векалшна а. Шена а, шен накъосташна а цхьа а бехках хьалхобовла бахьанаш дац элира Хамидовс, Украинерчу тIамехь шайн синош дIадала кийча ду шаьш, аьлла тIетуьйхира. Иза бехказавуьйлуш видео шен телеграм-канале хIоттийра Кадыровс.

Зуда йогIайелла, мотт ца керчаш, камерина тIехьа лаьттачуьнга хьоьжуш хилар гуш ду видео тIехь

Социалан машаншкахь ша посташ хIитторна, "оьрсийн къоманна а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна" а хьала бехказйуьйлуш видео йаьккхира Сочехь йехаш йолчу Украинин йахархочо Матухнова Светланас. Цул хьалха иза шозза лецира, цо шен пачхьалкхехьа дIахьедарш дарна, гIуда тоьхнера цунна 30 эзар соьманна, Glory to Ukraine ("Слава Украине") хештег хIотторна. Ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу "ОПЕР слил" телеграм-канало хIоттийра цо бехк ца биллар доьхуш видео. Зуда йогIайелла, мотт ца керчаш, камерина тIехьа лаьттачуьнга хьоьжуш хилар гуш ду видео тIехь. Видео мичхьа йаьккхина, шен лаамца йазйина йуй иза, хууш дац.

Массарна а гуш бехказвийлийтар – иза йоцург кхин а таIзаран кепаш йу Оьрсийчохь лелош тIамна дуьхьал болучийн хьокъехь. "ОВД-Инфо" зорбано бинчу талламехь дуьйцу, сих-сиха "ледарло йаллаьрш" балхара дIабоху, цхьанакхетараллашкара арабоху, депутатан, адвокатан статусех боху – тIом боьдучу цхьана шарахь, эха шарахь 151 стагна мел кIезга а зен хилла цунах. Цул тIаьхьа цара хIоттийначу рейтингехь дуьйцу, баккъалчу дахарехь а, социалан машанашкахь а кхерамаш тийсарх (123 меттиг йу оцу кепара), камерина хьалха бехказбийлийтар кхоалгIачу меттигехь нисделла.

Оцу кепара "таIзар" тIамна дуьхьал дIахьедарш диначарна лелийна ца Iа, масала, меттигерчу хьаькамашна критика йича до иза. 2022 шарахь дуьйна ницкъбаран йуккъера барам пачхьалкхехь кхуьуш хиларна, оцу кепара долчо цец ца воккху, аьлла хета "ОВД-Инфо" гIирсан юристана Короленко Дарьяна.

"Масех шо хьалха ма-хиллара, кIадбоцург санна ца хета хIинца бехказвийларан видеош йахар", – боху цо.

Дерригенах къинтIерабахар

Бехказвийла декхареваран практика Къилбаседа Кавказехь дукха хенахь дуьйна лелош йу, Украинера тIом болабалале. Масала, 2005 шарахь коммунистийн партийн Нохчийчуьрчу дакъо бехк ца биллар дехна Сталино йинчу депортацина. Кхин а кхо шо даьлча Оьрсийчоьнан журналистан кхеташонан хьалханчас Богданов Всеволода шена бехк ца биллар дийхира, цхьанакхетараллина йукъа эцна волчу Кадыров Рамзанна хьалха, хIунда аьлча, Кхеташонан хьалханчас хьалхо йемалдинера и йукъаэцар.

РогIера вахархочо шена бехк ца биллар доьхуш йолчу видеох уггар хьалхарчех цхьа видео гучуйелира 2015 шеран чакхенгахь. ХIетахь Теркан кIоштан йахархочо Инаева Iайшата критика йинера республикехь долчу чолхечу хьолана.

"Тхоьгара алапа схьа ма доккху аш, иза цIадахьа а ца дуьтуш. Шун бен ца деза йаа-мала? Шу бен дац даха деза? Ма чIогIа хьийзадо аш тхо… Адамех тера хила лууш хьийза тхо, амма аш ца дуьту тхо", – бехира Инаевас нохчийн Iедале динчу къамелехь.

БархI шо хьалха нах бехказбийлийтарх доьлла дацара меттигера Iедал, Кадыров Рамзан ша цхьанакхийтира меттигерчу телехьожийлан студехь ахчанаш чусецорна реза йоцучу зудчуьнца. Хьаькамо аьшпаш боттарна бехке йира иза. Латкъамаш дина йолу зуда лаьтта хьоьжуш Iара, шен йовлакхан йуьхьигца йуьхь дIакъуьйлуш. Цул тIаьхьа ша дийциначух къинтIерадовлар дийхира цо.

2015 шеран дечкен-беттан 20-хь Ойтрара вахархо Дикаев Адам тIехь хача йоцуш спортан гIирса тIехь "Сан уггар дика накъост – Путин Владимир ву" бохучу эшар хезаш уьдуш йаьккхина видео гучуйелира. Цул хьалха Кадыровна критика йинера цо оцу эшарца спорт йеш волчу политикна: оьрсийн-нохчийн тIом болабеллачу дийнахь хIоттийнера и видео. Дикаев реза вацара, Кадыровс цунах лаьцна хIумма ца аларна.

"Суна хиина, со цхьа а войций. ХIинца Путин сан да ву, ден да ву, паччахь ву", – элира Дикаевс камерина хьалха.

Кадыровна критика йар хьехийча, Нохчийчоьнан бахархой цунна хьалха бехказбийларан бахьанаш тайп-тайпана дара, наггахь сонта бахьанаш хуьлура. Масала, ницкъахоша шайна тIехь ницкъбаран латкъамаш бинчу нахе бехк ца биллар дехийтира, иштта йуккъерчу гIишлонан бахархой арабахарна критика йича, заьIапхочунна гIо ца дарна, чехка машен хехкарна, нохчий схьабевлла бохучун белхаш йемалдарна, керт йохийча чехка дош аларна, IатIарш духкучу туькан белхахочунна йеза йаьшкаш дIахьуш гIо ца динчу божаршна критика йарна декхаре бора нах шайна гечдар деха.

"Кавказский узел" зорбано Къилбаседа Кавказехь бехк ца биллар дехийтаран хронологи хIоттийна, 2016 шарахь уьш пхиъ йара, 2017 шарахь – 15, 2019 шарахь – 33, 2020 шарахь – 70 гергга йара. Украинера тIом болабелчхьана оцу тайпа видео 26 йу бохура зорбано.

Зуламе а, низамна дуьхьал а

Нуьцкъаха бехказбийлийтаран ламасташ, хетарехь, Къилбаседа Кавказерчу регионашкара схьаэцна, болху Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь "ОВД-Инфо" гIирсан векало Короленко Дарьяс.

"Тахана пачхьалкхо уггар хьалха репрессеш лелайо, Украинерчу тIамна дуьхьал лаьттачаьрца. [Аннекси йинчу] ГIирмехь уггар дукха йаьхна хилла оцу кепара видеош – оккупацина кIелахь йолчу регионан а, цигарчу ницкъахойн леларца а йоьзна шатайпалла йу иза. Амма оцу кепара нуьцкъаха иза леладайтар кхечу регионашкахула а даьржаш ма ду, иштачу видеон терахь ду совдолуш, муьлхха а бахьанашца йоху уьш – сийсазе йоцу машанера комментари бахьанехь, тIамна дуьхьал йолу стикер бахьанехь, схьадаьккхинчу георгиевскан лентана тIехула", – дуьйцу юриста.

Бехкан концепци, тIаккха бехказвилийтаран ламаст тахана цкъа ца хиллачу кепара даьржина ду оьрсийн йукъараллехь. Хетарехь, ала тарло: низамо болх цабечу хенахь, ламасташа церан меттиг дIалоцу. Царах цхьаъ – нуьцкъаха бехказбилийтар, дуьйцу психолого Шерова-Игнатьева Янас.

Керла лелар кхоллало –ниуьцкъаха дийцинчуьнга ла ца догIар

"РогIерчу дахарехь гечдар дехар – вуно долара, шен чоьхьара хIума ду, дохкохваларца шортта цхьанадогIург долуш – тIаккха иза даггара хила дезаш ду, стагна шена лиъча бен олуш дац. Камерина хьалха ала уьш декхаре бина дешнаш цхьанне агIор ца догIу стагна хетачуьнца. Иза цара до, шаьш кхерарна, гергарчарна саготта хиларна, вала меттиг ца хилча, лазам тIеIоттабелча", – аьлла эксперто.

Нуьцкъаха бехказвилийтар – уггар сонтачу кепехь шен ницкъ гайтар ду. И хIума вуно зуламе хила тарло, хIунда аьлча, стаг сийсазвар санна, хьан дешнийн, ойланийн, идейн, синкхатаман а хьо да воцийла хоуьйтуш кхечун ницкъ хилар гойтуш хIума ду иза, билгалдоккху психолого.

"Шен бехках кхетар, ша динарг меттахIотто гIертар – иза вуно чIогIа гIулч йу, шен деган лаамца йоккхуш йолу. Нуьцкъаха и дойтуш хилча, сийсазвар санна тIелоцу иза, амма иза ишта дац. Жим-жима керла лелар кхоллало – нуьцкъаха дийцинчуьнга ла ца догIар, дехкинчу бехкех ца тешар, йукъараллас йемалваран ирчачу барамах чекхваьллачу стагна орцах валар", – дерзийра Шерова-Игнатьевас.

"Avtozak LIVE" бакъоларйаран проектца болх беш волчу адвоката Захватов Дмитрийс Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь дIахьедира, бехк ца биллар дехийтаран практика Нохчийчохь гучуйаьлла, иза цигахь хьалха дуьйна лелайора, амма хIинца санна даьржина дацара. Кадыровн Iедалехь даьржира иза вуно.

Хила тарло, ницкъахошна шаьш низаман гIаролаш хетачу меттана, "бежIун жIаьлеш" хета

"Иза ирча ламаст ду, низамехь а дац. Бехктакхаман гIуллакхан Iалашо и стаг сийсазвар йац, стеган бакъонаш, низамехь йазйина йолчу адамийн, йукъараллин, пачхьалкхан интересаш ларйар йу. Нуьцкъаха бехказвийла дуьхьал волчу стагна цхьанна кепара Iаткъам бан ца беза", – тешна ву юрист.

Спикерна хетарехь, болийначу тIамна дуьхьал дош аьллачу наха шайн майралла гойту, цундела йукъараллин бIаьргашкахь царна дуьхьал административан, бехктакхаман гIуллакхаш дахар – оцу стеган хьуьнар санна го. Уьш бехказбилийтаран видеош йахар оьшу, уьш охьатаIо, шаьш дийциначух уьш дIаькъаьстина хилар гайта. Важа Iалашо – тIамна дуьхьал а волуш, амма цунах лаьцна дIахьедан ваьхьарг кхерор.

"Оцу кепара дерг лелош болчу ницкъахоша гойту, бахархой шайн гергахь жа хилар. Хила тарло, ницкъахошна шаьш низаман гIаролаш хетачу меттана, "бежIун жIаьлеш" хета, маршо йезаш болу жа йуккъера арахьаьдда уьстагIий йуханехьа чулоьхкуш", – дерзийна Захватовс.

  • Къилбехьарачу регионашкахь "Емалдар" - административан жоьпалле уьйзира полисхо, Оьрсийчоьнан православан килсан диакон, Оьрсийн православин килсан мозгIар, школан хьехархо, вузан хьехархо, ФСИН-ан белхало, кхинберш а.
  • Къилбаседа Кавказера бехказбилийтаран практика Нохчийчохь йолайелла. Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуйуьйлу нахе къурд олуьйтуш йина видеорепoртажаш. Бахархой "сийсазбечу видеошна" 2021-чу шарахь арахецначу шен рапортехь тидам тIеберзийра Американ дуьненайукъарчу динан маршонан Комиссино. Талламан авторша Вашингтонна хьийхира, Нохчийчоьнан зорбанан а, хаамийн а министрана Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG