ТIекхочийла долу линкаш

Киевехь гIалан юккъехь полицин патрулан тобано сацийна хилла Mercedes ML машен. урхалла деш хилла дег1аца ши тапча йолу Гуьржйичоьнан махкахо Махаури Тимур.

Полицино бинчу хаамца, Махаурин машен сацийна хилла зулам дина бевддачу нехан машенах тера ю аьлла. Таллам бича цуьнгахь карийна ши тапча а, патармаш а.

Махаурехь хилла Шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан куьйгалхочо Чеберлоевскийс украинахойн маттахь яздина долу иччархочуьнан кехат.

Махаури лоцуш яьккхина видео сихха яржийра интернетехь дуккха а зорбанан гIирсаша.

Украинин телевизионехула хилларг гайтича, и стаг баккъалла а шайн батальонера иччархо ву аьлла тIечIагIдира Украинехь антитерроран операци дIахьочу зонехь Мариупольна гергахь лаьттачу Шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан куьйгалхочо Чеберлоевский Муслима.

Чеберлоевский Муслим: "Иза тхан эскархо ву. Тоьшаллан кехат оха делла ду цунна кхузахь. Тхан журналехь цунах лаьцна йоза а ду. И стаг оха гIуллакх эцна вахийтина вара Киеве".

Хилларг зорбанан гIирсаша мухха тидахь а Iедалша къастор ду бакъонца хилла цуьнгахь герз я ца хилла бохург элира Маршо Радионе вист хуьлуш Дудаев ЖовхIаран цIарахчу Украинера нохчийн батальонан хьалханчо Осмаев Адама.

Осмаев Адам: "Iедало къастор ду-кх бакъо йолуш я йоцуш лелаш хилла иза (герзаца). Цхьа йист ер ю цунах. Низамашца леларш а хуьлу, кхиберш а хуьлу. Суна ца хаьа цигахь (билггала) хIун хьал ду".

Махаури Тимур ву бохуш гойту стаг шена вевзаш вара Зона цIарца, бохуш дуьйцу Нохчийчохь шолагIа тIом боьдуш тIемалошца лаьмнашкахь леллачу нохчийн журналисто Анзора. ЦIе цуьнан дехарца хийцина ю.

Анзор: "Цунна и цIе мичара яьллера хаац. Суна вевзачу хенахь а Зона вара иза. ТIом болабелча Шуьйта агIор кхаьчнера со. Зона чов хилла вара. Лаьмнашкахь ГIучун-кхаьлла олуш ю цхьа юрт. Цигара хиллера Зонин дай. Цигахь массо а хIума шен Iуналлехь латтош вара иза. Цера кертахь дара дерриг а - герз дерг а, кхин дерг а.

Оьзда а вара иза. Деза къамелаш а ца дора цо. Ша а товш кIант вара. Динца хьажца, динца дерг лардеш а гира суна иза цу заманчохь. Леларца а, массо а хIуманца а даго тIеоьцуш жима стаг вара иза".

Цул тIаьхьа цунах хилларг ца хаьа шена, адам хийцалуш Iедал ду, шех жоп даладелча а доккха хIума долуш зама ю хIара бохуш вара Анзор.

Исханов Хьусайн Нохчийчоьнан президентан Масхадов Асланан гIоьнча хилла а, Нохчийчоь маьрша йолуш парламентан декъашхо хилла а ву. И бахьана долуш тIамах хьакхабелла хиллачу нехан кхолламаш шен тидамехь латтош ву иза. Исхановс дийцарехь, дикачу хIуманца вевзаш вац Киевехь полицино лаьцна боху Махаури Тимур.

Исханов Хьусайн: "Суна сайна гина а, вевзина а стаг вац иза. Амма суна хезна Туркойчура иза араваьккхина бохуш. Кхо стаг вийна бохуш цхьа хIума дара цунна бехке дуьллуш. Газеташкахь дешна ас иза. Юха Гуьржийчохь Лопота олучу меттехь хилларг бахьана долуш хьехош яра цуьнан цIе.

Цо хIун лелийна ца хаьа суна. Цунах лаьцна бакъдерг дийцича ца хезна суна. Массо а агIор криминалан хIуманаш ду цунах лаьцна хезаш. Баккъалла а цунна тIехь уьш ду-дац ала а ца хаьа суна".

Амма муьлхха а низам дохочу а, харцхьа лелачу а нохчочо дерриг а къоманна деш дерг зулам ду бохуш дуьйцу Исханов Хьусайна.

Исханов Хьусайн: "Украина цхьа майда ю вайна политика лело аьтто хила мегар долуш хила мега. Дерриг а дуьне цунна гIо деш ду. Вай оцу Украинехь вайн цIе дикачу агIор яккхийтича вайн къоманна плюс хир дара.

Дихкина долу хIума лело ца деза. Масала, Киевехь герз лелор дихкинехь и низам лардан деза. Цуьнан цIе а яьккхина Тимур ву а ца боху цара. Нохчо ву боху. Вуьшта а вон йолу вайн имидж Украинехь а иза талхахь вайх тешам бовр бу украинахойн. ТIаккха вайна эшам бу иза. Оцу агIор и меттиг вай ларъян еза аьлла хета суна".

Цхьаболчу хаамашца, Махаури дIахецна полицера. Амма иза тIечагIадан цкъачунна аьтто ца баьлла.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG