ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кIентан керла мидал а, махкара имамашна декъна совгIаташ. КIиранан жамIаш


Коллаж
Коллаж

Доьзалехь латточу гIелонах йедда Нохчийчуьра йоI йийна хила тарло, Кадыровн кIентан рогIера совгIат, "Ахмат" спецназан оьрсийн националисташца даьлла дов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 49-чу подкастехь.

ХIинццехь хIоттайе лайк – тхо дуьйлало.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Нохчийчуьра йедда йо1 йийна хила мега

Санкт-Петербургехь лачкъийна Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа цуьнан гергарчу наха йийна хила тарло. Цунах лаьцна дIахьедина кризисан "СК SOS" тобано, вовшашца йоьзна йоцчу махкара шина хьастана тIетевжина.

Дагадоуьйту, 26 шо долу Седа Нохчийчуьра дIайахнера, бертаза ша маре йала хьовзарна. Мангал-бутт бовш ницкъахойн гIоьнца схьакарийра иза цуьнан гергарчу нахана. Питерехь йехаш хиллера иза шен везарца Кудрявцев Станиславца. ЙоьIан доьзало пайдаийцира бевддарш цIа буьгуш даим а лелочу кепах: цара бехкейира Сулейманова къола дарна. ТIаккха Нохчийчу йухайигира иза хеттарш дан аьлла. ГIадужу-баттахь Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео йаржийра, Сулеймановаца ша цхьанакхеттий хоуьйтуш.

Оцу ролика тIехь хьаькамо чIагIдо, Седа "кхерамзаллехь йу", цунна "сагатдан оьшуш дац" аьлла. Амма ша йоIа оцу видео тIехь дош а ца элира. Кризисан "СК SOS" тобанан бакъоалрйархоша билгалдоккху, Сулейманова Седа йийна хила тарло аьлла хаам чиллан-беттан йуьххьехь кхаьчнера шайга, ткъа кху деношкахь Талламан комитете а, прокуратуре а дIахьедар дина цара, катоххий дуьйцург бакъ дуй талла аьлла. Соьлжа-ГIалахь оцу хаамийн терго йеш йац.

"Цкъачунна хууш дукха хIума дац: вовшех йозуш йоцчу шина хьасто бахарехь – бу уьш махкара бахархой – Сулейманова Седа йийна ала бух бу", - элира кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас.

Кадыров Адаман керла совгIат а+ Нохчийчуьра имамашна дина совгIаташ а

Керла совгIат кхаьчна 16 шо долчу Кадыров Адамна – Дубайхь дIадаьхьна бохучу "спецназан къийсаршкахь". ДIахьедарехь, тоьлла жамIаш гайтина конкурс йоьдучу доьалгIачу дийнахь Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лерринчу полкера эскархойх лаьттачу "Ахмат" командо.

Кадыров Рамзанан кIанта дакъалаьцна дац къийсадаларшкахь, делахь а совгIаташ доькъучу хенахь хьалха сцени тIе велира иза совгIат схьаэца - и гуш ду, нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада зорбане йаьккхинчу видео тIехь. Цо бахарехь, Кадыров Адам Дубай веана хилла махкара эскархойн "гIолаца".

Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталлин хаамца, Нохчийчоьнан урхалхочун кIант хилла совгIаташ доькъучохь, шен ден "кхерамзалла латточу декъан хьаькам" санна. И дарж Кадыров Адамна делла стохка гурахь, КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа кхин долу совгIаташ лучу хенахь. Оцу гIуллакхехула волайнхой бу аьлла Нохчийчуьра 13 имам ву вовшахкхетта.

Оцу йукъанна республикера кхо б1е исс (309) имамана Оьрсийчохь вовшахтесна LADA Granta цхьацца машен йелла. Кадыров Ахьмадан цIарахчу, регионан урхалхочун "долара бохча" лоручу фондан чоьтах эцна йу и машенаш. Оцу йоллу машенех делла хила тарло ши б1е шовзткъе ворх1 (247) миллион сом.

Регионера йукъараллин Кадыров Ахьмадан цIарах фонд Американ Цхьаьнатоьхначу санкцийн тептарехь йу 2020-чу шарера схьа дуьйна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун долара организаци санна. Хаамийн гIирсаша билгалдоккхура фонде дуьллу ахча цIена дац бохуш, иштта пачхьалкхан белхахошкара нуьцкъаша гулдеш хилар а дуьйцура.

Нохчийчуьра Iедалхойн дIахьедарца, Украинана дуьхьал тIемаш бечу республикера дакъойн хьашташна лерина Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо хьажийна 29 миллиард сом гергга ахча. 2022-чу шеран зерашца, организацин йоллу активел а, регионехь гулйечу йоллу йасакхел а масийттаза сов ду и терахь.

Алаудинов а, z-националисташ а

"Русич" тобанера националисташца дов даьлла "Ахмат" спецназан комнадиран Аладудинов Аптин. Бахьана ду, берийн "Ахмат" центр кхолла дагадар. Оцу Iалашонна луьйш болу кхин берш а санна вистхилла "Русичан" латархо а, милитаристийн блогер Топаз Евгений а. Резабоцчех "диванан турпалхой" аьлла Алаудиновс, уьш "йа оьрсий бац, йа националисташ бац" аьлла, тIе а тухуш.

Украинерчу тIамехь дакъалацарна Алаудиновна а, "Русич" тобана а дуьхьал йаьхна санкцеш йу. Украинхойн бакъоларйархочо Савва Михаила иштта элира цунах лаьцна: «Оцу къовсамехь цхьаммо а толам баьккхина аьлла, суна ца хета. Цигахь нохчийн йоцчу регионашкара бераш патриотикехь кхиадайтархьама, берийн "Ахмат" клуб кхолла лаам хиларна дашца цхьахволчу оьрсийн националисто дуьхьало йаро гойту, националисташлахь хилла а ца Iаш, Оьрсийчоьнан йукъараллехь а оцу Iалашонна реза цахилар. Кадыровн Iаткъамбар, кадыровизаци чIагIйар Оьрсийчоьнан Федерацихь цхьа мостагIалле, кхераме хIума долуш санна тIеоьцу".

"Ахмат" декъан куьйгакIел берийн центр кхолла йеза аьлла хьехнарг Оьрсийчоьнан парламентан депутат Кузнецов Дмитрий ву. Цул а хьалха "Ахмат Академи" кхолла йеза аьлла Iалашо кховдийра консервативан "Оьрсийчоьнан дайн Союзо". "Эскархойн берашна совгIат" ду бохура цара и. Эксперташа билгалдаьккхира, тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан дешаран го тIаме берзийна хилар.

Мусаева Зарема кхечу колони дехьайоккху

Нохчийчохь таIзар дина Мусаева Зарема, вежарийн-оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана Устрада-ГIаларчу колонира кхечухьа дехьайоккхуш йу, муьлхачу колони – хууш дац. "Iазапашна дуьхьал Командо" хаамбарца, адвокатана Савин Александрна хиира цунах лаьцна Пятигорскера Кассацин кхеле веъча. Чиллан-беттан 6-чохь листа дезаш дара цигахь Мусаевана динчу таIзарна дуьхьалдьккхина рогIера арз. Цуьнан метта адвокатана хаийтина, зуда кхечу колони дIайига новкъайаккхарх, ткъа кхеташо зазадокху-беттан 5-чу дийне дIатеттина.

Савина бахарехь, суьдхочо Мусаева дехьайаккхарх кхетийна видеозIенехула ладегIаршкахь цуьнга дакъалацийтархьама аьлла – Устрада-ГIаларчу колонихь оцу кепара техникан таро йац бохура. Мусаева йолу меттиг билгалйаккха аьлла, кхело федералан таIзарш кхочушдечу урхаллина (ФСИН) тIедиллина; адвокат лерина ву Устрада-ГIалара колони а и хаттар хьажон.

МВД-н подполковник вийна Нохчийчохь

Чиллан-беттан 4-чу суьйранна Нохчийчохь вийна мехкан чоьхьарчу г1уллакхийн подполковник Атмурзаев Альберт. Цунах лаьцна хаамбира "Сапа Кавказ", Baza телеграм-каналаша. Церан хаамашца, "Арена Ахмат" стадион йолчу меттигехь машенахь воьдуш хилла Атмурзаев, ОМОН-Ахматан белхахоша саца аьлла, тIедожийча, ца соцуш тIехъиккхинера иза бохура. ТIаккха герз тоьхна машенна тIе полисхоша. Коьртах герз кхетта подполковникана, дарбанан цIийнехь кхалхар нисделла цуьнан. Официалехь информаци тIечIагIйина йац.

2000-чу шарахь ханна вовшахтоьхначу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, дакъойн а оперативан тобанан куьйгалла деш хилла вийна волу Атмурзаев Альберт. Официалехь оцу декъан Iалашонаш хилла Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу дозанаш тIехь Iуналла латтор, зуламхойн тобанийн декъашхой, герз, наркотикаш лехар, федералан лехамашкахь йолу транспорт гучуйаккхар.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG