ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIистий, я Гуьржийчуьра нохчий. Паьнказан истори (чаккхе)


Паьнказан бахархой
Паьнказан бахархой

Паьнказан чIаж – Гуьржийчоьнан Кахетера, Алазань хин ирхошкара Ахмета муниципалитет. Карарчу хенахь цигахь ю 16 нохчийн юрт. Царех шайн коьрта шахьар лору бахархоша уггаре йоккханиг – Дуиси.

Ши бIешо гергга хан ю Паьнказахь нохчий беха. "КIистеби" олу царех гуьржаша. Муха кхаьчна уьш цига, муха кхоллаелла гуьржашца юкъаметтигаш, нохчийн муьлха тайпанаш ду царалахь? Оцу хьокъехь Кавказ. Реалиин "Кавказан хроника" подкастан автора Вачагаев Майрбека къамелдира историкца, чIожан этнографех, хиламех лаьцна дуккха а тептарш арахецна волчу Хангошвили Хасухица.

Дуисехь масех стага тIеэцна хилла керста дин, бусалбанашца буьстича, дукха хилла а бац иштанаш. Юьрт йилла баьхкинарш бусалба а болуш баьхкина, цундела килсан луург чекх ца даьлла.

Дах ца делла оцу нехан керсталла. XX бIешарахь, Iедалан шайн бала боцийла хиича, юха бусалба дине бевлла уьш а, юьртахь цул тIаьхьа массо а хилла бусалба.

– Суна яйна, со Паьнказа вахана волуш, Джоколера килс. ДогIа тоьхна лаьттара иза, цига лелаш нах бац, элира соьга, гарехь, иза заманах йисина гIишло бен яц.

– ХIаъ, иштта ду иза, туристаш бен ца хуьлу цигахь. Иза хIинца историн, синбахамаллин хазна бен яц.

– Оьрсийн импери йоьхча, 1917-чу шарахь, муха тIеэцна Гуьржийчохь керла Iедал чIожан бахархоша?

– Тхо кхузахь вежарий санна даьхна, ца хилла къаьмнашна юкъахь гамо, ларуш даьхна вовшийн Iадаташ, дин. Амма Оьрсийн импери йоьхча цхьацца проблемаш юьйлаелла. Тхан регионехь ваьхна массарна а вевзаш хилла эла, меньшевик Чолокашвили Какуца. Ломан регионехь гIаттам айбина цо йозуш йоцу Гуьржийчоь 1924-чу шарахь большевикийн караяхча. Паьнказахь кест-кета хуьлуш хилла иза. Массо а кIистой цуьнгахьа латтар цецвийла хIума а дац. Дуй биина доттагIий хилла цуьнан кхезахь. Иза тешаш хилла нохчех. Цара цхьана тIемаш бина большевикашна дуьхьал. Паьнказара нохчех боцчу цхьа нах большекикашкахьа бевлла, къовсам баьлла кхузахь. 1921-чу шарахь Тбилиси дIалаьцна большевикаша, Советан Iедал дIахIотто долийна Гуьржийчохь. Большекикашкахьа болчу нохчашка дита а дуьтуш, герз дIадаьккхина кхузахь нахера. Iедале баьхкина чIожахь большевикашца хилла бахархой. Делахь а, тхо кхузахь машарехь даьхна, дехар а ду.

– 1944-гIа шо – нохчийн къоман историн къаьхьа агIо. Советан Iедало нохчийа, гIалгIай а, массо а меттигашкара дIа а лехьабеш, дIахьийсийна Казахстане а, ГIиргIазойчу а. Паьнказара нохчий хье ца байта муха баьлла аьтто? Депортацех муха хьалхабевлла уьш?

– Дерг муха хилла аьлча, нохчий кхузахь шаьш Паьнказах бохур бац моьттуш а ца Iийна, мелхо а, шаьш бохор бу бохуш, кечлуш хьийзина. Суна тхан дас а, кхечу къаноша а дуьйцура, шаьш шайна депортаци йийр ю аьлла хеташ, бежаний дайъина, жижиг а дакъийна Iийра, дама, кхиерг а кечйинера, аьлла. Далла хастам бу, ца нисделла ишта.

Суна хетарехь, тхо кIелхьара даьккхинарг дут хан паспорташ тIехь, къам гойтучохь, нохчий ду аьлла яздина цанисдалар – «кIисти» олий яздеш хилла хьалха. Тхан нохчийн фамилеш гуьржийн кепе яьхна язйина. ШолгIа делахь, гуьржийн Iедална, халкъанна, Iилман а, куьлтуран а интеллигенцина гергахь тхо пачхьалкхера къам хилла, сванаш а. хевсураш а, бацой а санна. Царна хууш хилла нохчийн а, гуьржийн а орамаш юкъара буйла. Вайн Iадаташ а, менталитетан дуккха а агIонаш тера ю вовшех. Гарехь, цара дика мах хадийна тхан. Уггаре коьртаниг, тешийна пачхьалкх кIистий Iедална муьтIахь хиларх. Бакъдерг ала деза, Сталина а, Берияс а вайнах, нохчий а, гIалгIай а даймахканна тешнабехк бина я немцошкахьа бевлла аьлла ца баьхна махках. ХIан-хIа. Нохчийчохь, ГIалгIайчохь шайна Советан Iедал дIа ца хIоттаделча йина царна депортаци. Вайн къам даима а хилла Iедална дуьхьал, цундела лаххьийна даьккхина махках. Ткъа тхуна гIодина гуьржийн Iедало, Iилманчаша, куьтуран интеллигенцино, яздархоша.

– Паьнказа кхиош къахьегначу масех кIисточун цIеяккхалур ярий хьоьга?

– Ас школехь болх бина 28 шарахь, оха даима дозалла дина тхаьш нохчий хиларх, дозалла дина кхечунхьа ца боьлхуш, кхузахь тхайн дай баха севцца хиларх. Дукха бу Паьнказара нохчий кхетош-кхиийна, царна диканиг дина нах. Масала, Албуташвили Мате. Иза керста хилла ву, Джоколорчу килсехь мозгIар хилла иза, школехь а хьехна, нохчийн къам дезаш ваьхна. Нохчийн маьлхий тайпанах хилла иза. Дукха пайда кхаьчна цуьнгара Паьнказарчу нохчашна. Хьехархо а, адвокат а хилла, кIистошний, кхузарчу кхечу къамьанашний юкъахь барт латтош ваьхна иза. Тхан даймохк, тхан Iадаташ, тхан амалш йийцина цо шен этнографин "Паьнказан чIаж" жайнехь. Иза ешча, цецвер ву хьо, оццул воккха патриот, керста, нохчо оцу заманахь ваьхна хиларх.

Ваьхна, масала, Маргошвили Юсуп, хьехархо хилла иза а, 1922–1924-чу шерашкахь Дуиси юьртахь дуьххьара школа йиллина цо. Азербайджанехь хьужарахь дешна хилла цо, хьехна Iаьрбийн мотт. Уллера вевзаш хилла цунна Чермоев Тапа (глава Горской республики в I917–I918-чу шерашкахь лаьттинчу Ламанхойн Республикан президент – ред.).

Буьритехь а, Нохчийчохь а ваьхна Маргошвили, амма дерриг а дIа а тесна, школа а йиллина, шен дерриг а дахар кIистошна дIаделла цо. Гуьржийн яздархочун Казбеги Александран жайнеш нохчийн матте а даьхна цо.

Дукха бу нохчийн хьесапах, хотIах ца къаьсташ, нохчий хилла баьхна кIистой, масла, Мехкан-Кхелан декъашхой. Уьш массо а баьхна Паьнказахь шайн къоман Iадаташца, ламасташца. Нохчалла тхаьшка схьакхачийначу оцу нахах дозалла до ас. Уггаре коьрта сан дозалла ду со нохчо хилар.

***

Хангошвили Хасухах дуккха а ехира шайн чIожахь баьхнчу, нах Iамош, шайн къоман гара кхиош леллачийн, лелачийн цIерш. Уьш бу: этнограф Маргошвили Лайлаъ, историк Борчишвили Эдуард, яздархо Хангошвили Нона, журналист Бордзикашвили Сулхьан, Шавхелишвили АбрахIам, филолог Шавхелишвили Белла, дуккха кхиберш.

Дахар хазлуш ду тахана Паьнказахь, Тбилиси кийча ю Гуьржийчоьнан и тайна агIо тоян, шо шаре мел дели дебаш лаьттачу туристийн могIаршна товр йолчу хьесапе ерзо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG