"За свободный Кавказ" депутатийн фракцийн юккъера цхьанакхетаралла кхоьллира Украинан Лаккхарчу радехь мангал-беттан чакхенгахь, цуьнан декъашхо хилира 10 парламентхо. Дайначу кIирнахь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь дийцарш дарехь ПАСЕ-хь Украинан векал волчу цуьнан кхоллархочо Гончаренко Алексейс критика йира Къилбаседа Кавказерчу Оьрсийчоьнан политикана.
Гончаренкос билгалдаьккхира, "Оьрсийчоьнах кIелхьара довла гIерта" къаьмнаш инзаре болчу Iаткъамна тIениссало, иштта цо дIахьедина, адамийн бакъонашкахула йолчу организацин санна, ПАСЕ-н декхар ду Къилбаседа Кавказан бахархошна тIехIотта. Гончаренкон дешнашна Оьрсийчуьра жоп хIинца а ца кхаьчна.
Гончаренко Алексейс Кавказ.Реалиига дийцина, Къилбаседа Кавказан маршонах, цуьнан къаьмнашна геноцид ярх лаьцна, иштта Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а дуьхьал санкцех лаьцна а.
– ХIун Iалашонаш лаьтта "За свободный Кавказ" цхьанакхетараллина хьалха?
- Карарчу хенахь цунна юкъабогIу Украинан парламентан депутаташ, Iедалехь йолчу а, оппозицехь лаьттачу а партешкара. Тхан Iалашо – пачхьалкх-агрессоро Оьрсийчоьно Iазапехь латточу Къилбаседа Кавказан къаьмнашна гIо дар.
– Украинана ладаме стенна ю Къилбаседа Кавказан проблемаш?
– Хьалхара бахьана – моралан мехаллаш. ХIинца дIахьош украинхойн геноцид ю. Тхоьгахь мел-хуьлург ООН-ан геноцидах лаьцначу Конвенцица догIуш ду. Амма цунах лаьцна дуьйцучу хенахь, тIаьххьарчу 150 шарахь Кавказехь хилла геноцидаш а дагалеца еза вай: XIX-чу бIешарахь чергазашна, 1944-чу шарахь нохчашна а, гIалгIашна а, иштта шина бIешарна юккъерчу шина тIамехь. Суна хетарехь, оха, Оьрсийчоьнера геноцидах бала хьоьгучу къомо санна, иза тхоьх хьакхаделла а ца Iаш, доккхачу декъанна Кавказах а Iоттделла бохуш, дийца деза.
ШолгIа бахьана – моралан-практикан. Тахана Украинехь тIом беш нохчий, дагестанхой, гIалгIай, хIирий, кхиндолчу Кавкавзан къамнийн векалш а бу. Тхо кхета, цара тхоьгхьа а, тхан мостагIчун агIонехь а тIом беш хилар. Цхьана агIор Оьрсийчоьно баларе хьийсабо уьш, юха а царна тIехь геноцид еш, хууш ма ду, уггар дукха оцу тIамехь белларш Дагестанера а, Бурятера а хилар, Москвара, йа Санкт-Петербургера беллачул а масийттаза дукха. Кхечу агIор, цхьамогIа кавказхой, доккхачу декъанна нохчий, уьш боцурш а, Украинан агIо лаьцна Оьрсийчоьнна дуьхьала леташ бу. И тема тхуна чIогIа ладаме ю. Тхан Iалашо – царна гIо дар.
Оьрсийн бакъо ю шайн пачхьалкх хила, цуьнца къийсалуш цхьа а вац. Амма империн кепехь Оьрсийчоьно массочу хенахь кхерам латтабо, цуьнца дозанахь хиларана балехь болучаьргахь
КхолгIаниг – иза деккъа практикан беркат ду. Оьрсийн импери, цуьнан цIе мухха а елахь, - Советан Союз, йа Оьрсийн Федераци – кхин хила езаш яц. Оьрсийн бакъо ю шайн пачхьалкх хила, цуьнца къийсалуш цхьа а вац. Амма империн кепехь Оьрсийчоьно массочу хенахь кхерам латтабо, цуьнца дозанахь хиларана балехь болучаьргахь. Иза къаьмнийн набахте ю, Кавказан къаьмнашна Iазап латторца а гучудолу иза. Украинан интересашкахь ду и импери мелла а сиха йохар, тIаккха цо гойту, яхначу хенашкахь а, хIинца а шайн маршонан некъа тIехь къийсам латтош долчу къаьмнашна гIо дан дезаш хилар.
– Европан Кхеташонан Парлмаентан ассамблейно резолюци тIеэцна, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш а, низаман лакхалла а, меттахIиттон езаш хилар дуьйцуш. Ахь яздора, Къилбаседа Кавказехь а, Украинерчу тIамехь а Кадыровс а, цуьнан гоно а зуламаш лелорна, финансийн активаш дIа а лакъош, шога персоналан санкцеш яхар хьоьхуш ахь бинчу хийцамех пайда а оьцуш, хIоттийна и резолюци. Амма Кадыровна а, цуьнан доьзална а дуьхьал хьалххо дуьйна ма ю санкцеш яьхна, тIаккха хIун маьIна ду оцу хийцаман?
– Хьан яьхна уьш? Туркойчоьно яьхна Кадыровна дуьхьал санкцеш? Азербайджана? И пачхьалкхаш Европан Кхеташонан декъашхой ма ю. Европан Кхеташонна юкъайогIуш 46 пачхьалкх ю, царах 27 бен яц санкцеш къобалйинчу Евробентан пачхьалкхаш. Амма кхин а 19 пачхьалкх ю, шайлахь Азербайджан, Эрмлойчоь, Гуьржийчоь, Туркойчоь, кхин а Кадыровн интересаш хила мега пачхьалкхаш декъехь йолуш. ШолгIаниг. Кадыровх хилла ца Iа и къамел, цуьнан гонах а хьакхало иза. Со тешна вац, цуьнан уллера массарах а хьакхаелла санкцеш, бохучех, ур-атталла Евробертера а. Цундела со догтешна ву, сан кхайкхам дIахезарг хиларе, и санкцеш тIеоьцург хилера.
- Хьайн ПАСЕ-рчу вистхиларехь Оьрсийн имперех Къилбаседа Кавказан къаьмнаш кIелхьарадаха бохуш, дехар до. ТIеэцна план юй шун? Йа Къибаседа Кавказехь адамийн бакъонаш талхорна тIе тидам бахийтархьама дина дара иза?
Тахана Украинана Оьрсийчоьнца тIом бан хала далахь, тIаккха Нохчийчоьнах лаьцна хIун дуьйцур ду, I994-чу шарахь цуьнан бахархойн терахь 40-зза кIезга дара вайнчул, церан цхьа а дуьненаюкъара гIо а дацара деш
– Европан Кхеташо – иза политикан организаци ю, цхьанне агIор тIеман яц, цундела Кавказ тIамца мукъаяккха еза бохуш кхайкхамаш сан дешнашкахь бацара, йа хила йиш а яц. Амма шайн 46 пачхьалкхехь арахьара политика кхуллу депутаташ бу ПАСЕ-на юкъабогIуш. Европан Кхеташо – иза муьлххачу а дуьненан проблемана тIе тидам бахийтаран ладаме майда ю. Дуьххьара йийцаре йан еза Къилбаседа Кавказан тема, хIунда аьлча, тIаьххьарчу шерашкахь иза яц ала мегар долуш ю. Къилбаседа Кавказан тема юха актуале ярехь гора суна сайн Iалашо, Оьрсийчоьно Iазап латторах бала хьегна а, хьоьгуш а кхин а къаьмнаш хилар дагадаийта. Тахана Украинана Оьрсийчоьнца тIом бан хала далахь, тIаккха Нохчийчоьнах лаьцна хIун дуьйцур ду, 1994-чу шарахь цуьнан бахархойн терахь 40-зза кIезга дара вайнчул, царна цхьа а дуьненаюкъара орца а дацара деш. Юха а, тIаккха а, сан кхайкхамах практикан пайда хила мега: Парламентан ассамблейл сов, Европан Кхеташонна юкъайогIуш Оьрсийчоьнна дуьхьала аьрзнаш луьстуш йолу Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел ю. Иштта арзнаш Къилбаседа Кавказан регионашкара шортта хуьлу.
– Вайна ма-хаара, кхин луьстур дац, Оьрсийчоь хIинца Европан Кхеташонан декъашхо яц, цул сов, 2022-чу шеран зазадоккху-беттан 15-хь ЕСПЧ-н тIедилларш кхочуш цадаран низамна куьйг а яздира Путино.
- 2022-чу шеран герзгмашин-беттан 15-чу дийне кхачалц ЕСПЧ-но луьстур ду гIуллакхаш, цхьамогIа сацамаш а дийр ду, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашкахула йолчу резолюцино цунна гIо дийр ду. Мухха делахь а, гезгмашин-беттан 15-гIа терахь дIадаьлча а, цхьа Iаткъам баран гIирс карор бу. Ур-атталла Оьрсийчоьнан низамаш лелаш доцу, нах лечкъа а беш, Iазапехь латточу Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьоьшу бохург дийца а ца оьшу.
– Оцу тайпа дIахьедарш дича Оьрсийчоьно а, ахь гIеххьа чIогIа критика еш волчу ша Кадыровс а юьхьарлаьцна Iалашо хьайх хиларх ца кхоьру хьо?
– Бакъдерг аьлча, хIан-хIа. Тхо Украинехь цхьаннах кхоьручура сецца. Ткъа суна лерина Кадыровс поэтан байташ юьйцу. Шуна хезний иза? ЧIогIа беламе ду иза.
Цул сов, суна тIе шозза тIелатар кечдеш дара. Цундела кхерар дIатеттина дукха хан ю аса, аса цунна тIехь толам баьккхина. Дуьххьара Одессехь 2014-чу шарахь гIиртира, иза ма-ярра берийн беш яра. Оьрсийчоьнехьара митингера цхьа ши стаг а карийна, царна тапча а, ах эзар долларш делла, со вер тIедожийнера. Царах цхьаъ бармен вара, важа – тайпа-тайпана белхаш дийриг. Оцу тайпа гIуллакхех уьш цецбевллера, къаьркъа а мелла, полици а веана, къера хилира. Шо даьлча, шогIа тIелатарехь кечдарехь иштта беламе дацара, афганхой лаьцнера цара. Цхьа йоккха план яра: тIайнаш, тIеман дакъош лелхуьйтуш, итт стаг а вуьйш. Оцу тептарна юккъехь со а вара. Амма церан гIуллакх ца хилира, СБУ-но юхатуьйхира иза.
Кхин тIе а, хIинца цхьана хIумах кхера йиш йолуш хан яц. Чиллан-беттан 24-хь со, маьрша вахархо, доза лардаран эскарех дIакхийтира, оцу хеначохь оьрсийн гIагIдиллина техника Киеве гIоьртира, тхо кхетара, 30 минот яьлча парламент схьаяккха гIерташ тийсдаларш хирг хиларх. Цул тIаьхьа Кадыровх кхерар маьIна доцуш ду.
– ПАСЕ-хь ахь дIахьедарш дича, цхьанне агIор кхерамаш-м ца тийсира хьуна?
– ХIан-хIа, суна цхьамма ца тийсира кхерамаш, социалан машанашкара комментареш ца хьехийча. Амма Оьрсийчоьнан эскарш Киевна тIегIоьртича, Кадыровс видео дIаязйира, суна тIекхача цуьнан 15 километр йиссина, аса кечам бан беза, аьлла. И дIахьедарш дича, суна вуьшта кхерамаш ца тийсира. Керла байт а ца йийшира.
– Украинан агIо лаьцна, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом беш йолчу нохчийн батальонашца юкъаметтигаш юй хьан?
– Ю, царах цхьаболчаьрца гергарло леладо оха. Шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан куьйгалхочуьнца ЧIебарлойн Мансурца цхьанакхийтира со, Ичкерехь хиллачу тIамех лаьцна къамел дIаяздира, иштта цара Украина ларйарах лаьцна а. Цул сов, Закаев Ахьмадца а зIенехь ву со, масийттаза гина тхо, Киевехь а цхьана. И дерриг гуш-хезаш дара, тхан къамелан видео ютубе хIоттийна ю.
– "За свободный Кавказ" цхьанакхетар Закаев Ахьмад украинхойн депутаташца цхьакхеттачул тIаьхьа кхоьллина ю, бохуш дуьйцу. Иштта дуй иза?
Къилбаседа Кавказ схьаэцча, иза империна дуьхьал беш болу тIом хиларца йоьзна ю сан интерес
– ХIан-хIа, иза бакъ дац. Наханна зорбанера суьрташ а, соьца яьхна видеош а гина, цундела иштта моьттина царна. Амма кхузахь хьал бIостнехьа ду: со-суо ву Къилбаседан Кавказан темаца бала болуш, цундела Къилбаседа Кавказан къаьмнийн векалш аса къамеле кхойкху, вуьшта ца хуьлу иза.
Бакъдерг аьлча, "За свободный Кавказ" цхьакхетаралла кхоьллича, аса кхин къамел ца дира Закаевца, и тема а ца йийцира.
– ХIун интерес ю хьан Къилбаседа Кавказаца? Хьан цхьанне агIор уьйр юй цуьнца?
– ХIан-хIа, Къилбаседа Кавказаца сан цхьа а уьйранаш яц, соьца доьзна бахьанаш дац. Масала, Беларусьца ду, цигахь сан доьзалан орамаш ду, "За демаократическую Беларусь" цхьанакхетараллан хьалханча а ву со. Къилбаседа Кавказ схьаэцча, иза империна дуьхьал беш болу тIом хиларца йоьзна ю сан интерес.
***
Гончаренко Алексейс украинхойн парламенте проект кховдийна, чергазийн (адыгхойн) къоманна 1763–1864-чу шерашкахь Кавказан тIом боьдучу хенахь йина геноцид тIелацийта. Цо билгалдаьккхира, Кавказан тIамо 90% чергазий байира, шайн латтанашкара дIа а лаьллира, тIаккха церан латтанаш кхечу къаьмнаша дIалецира. Гуьржийчоьнан парламенто 2011-чу шарахь Оьрсийн империно чергазашна XIX-чу бIешарахь депортаци йар геноцид лаьрра.