Леди Фортунин "Рамзан хьалха ву" эшарна тIехь комиксан кепехь анимацин клип яьккхина, коьртан турпалхочун васт Кадыров Рамзана а ловзош. YouTubeхь яржийна клип.
Эшарехь пропагандхоша хеставо скандале политик. Билгалдоккху, иза даим "шен къомана саготта" хилар, "къам цунна шен доьзалел башха цахетар", иза "векал вина ваийтина" хилар, "массо а бусулбачийн дуьне цо хийцина" хилар а.
Видеоклипехь иштта гучубуьйлу Тимати а, Бузова Ольга а, Галустян Михаил а.
"Кадыров Рамзан санначу лидерша сан дог иракарахIоттадо. Болх безарал совнах, исторехь дийца дика гIуллакхаш тIаьхьа дитар, суна коьрта хета" аьлла, тамашен, YouTubехь яьржинчу клипан авторо.