ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъорIан дагорна кхел йи, лачкъийна нохчийн йоI схьайоьху. КIиранан жамIаш


Германихь Сулейманова Седина тIехIуьттуш хIоттийна акци, чиллан-бутт
Германихь Сулейманова Седина тIехIуьттуш хIоттийна акци, чиллан-бутт

КъорIан дагорна кхел кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь Журавель Никитина, дуьненахь акцеш дIайаьхьна лачкъийначу Сулейманова Седигахьа, Сочихь лаьцна Навальный Алексейн безамна зезагаш дохку тренер, ткъа Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо – хиларх - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 52-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Журавель Никитина кхел кхайкхийна

КъорIан дагийна аьлла бехкевинчу Журавель Никитина кхо шой ахшой хан тоьхна йукъарчу хьелашкарчу колонихь даккха Соьлжа-ГIаларчу кхело чиллан-беттан 27-чохь. Иза бехкевина КъорIан дагорна, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарх а, "дине йолчу гамонца" сий дайъарх а лаьттачу артиклашкахула.

2014-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь вина Журавель. Жимстаг доьшуш хилла Оьрсийчоьнан кадетийн доьшийлехь, цул тIаьхьа Волгоградера университетехь, мукъачу хенахь курьеран болх беш а хилла цо. Стохка стигалкъекъа-баттахь студент лецира, маьждигана хьалха КъорIан дагош видео йаккхарна бехке а вина.

Оьрсийчоьнан талламан версица, Украинан къайлахчу сервисашна болх беш хилла ву Журавель, амма цунна цхьана а тайпа тоьшаллаш дац, билггал тIечIагIдина дац иштта, КъорIан дагош верг и ву аьлла а.

Талламхой а, кхелахой а тIетевжинарг ду, - Журавеля ша шена бехк тIелацар, иза а, ницкъахоша бертаза дайтина ду, билгалдаьккхира бакъоларйархоша. Низам дохон жимстаг тIеозийнарг мила ву –официалехь къастийна дац. Цхьахйолчу версица, уьш хила тарло шаьш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой.

Стохка аьхка Журавель Никита а, цуьнан гIуллакх а Москван тIедилларца Нохчийчу дIакхачийра, Оьрсийчоьнан зуламан-процессуалан кодексехь и магош доццушехь. Дина боху зулам талла дезаш ду, и динчу меттигехь, кхузахь, Волгоградехь. Соьлжа-ГIалара СИЗО хьалха гулбеллера меттигерчу Iедалхоша вовшахтоьхначу акцин декъашхой, "мехк-кхел" йе цунна бохуш, маьхьарий детташ, тIеийцира цара Журавель.

Йахначу аьхка Журавельна йиттира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, хIетахь 15 шо бен дацара цуьнан. Жоьпалле озочу меттана, кхиазхочунна совгIаташ дира пачхьалкхан орденашца а, даржашца а. Дуьхьал тасавала йиш йоцчу лаьцначунна изоляторехь шен кIанта йеттар дин а, бусалба нах а Iалашбар ду аьлла хийтира Кадыров Рамзанна

Журавель Никитин гIуллакхехула волайнхой бу аьлла, гурахь дIакхайкхийра 13 нохчийн имам: кхелан кхеташонашкахь цара дIахьедира "боллу бусалба нахана динчу зенах" а, догуш КъорIан дайча шайн синошнка йоьссинчу гIайгIанах а. Бакъду, СИЗОхь жимчу стагана йеттарх лаьцна дош ца элира цара. Бакъонашларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лерина Журавель Никита лахьан-баттахь. КъорIан дагийнарг милла велахь а, цуьнгара даьлларг динан литература массарна а хьалха сийсазйар – аьлча а, административан низам дохор лара догIура, бехкзуламан ца лоруш, билгалдоккху бакъонашларйархоша.

Мусаева хенал а хьалха маьршайаккхар дийцаредийр ду

Кху кIиранах йуха а меттахдаьккхира Нохчийчохь хан тоьхначу кхечу политикан тутмакхца доьзна гIуллакх – нохчийн оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема хенал а хьалха арайаккхар доьхуш чуделла дехар республикера Лакхарчу кхело йухалиста хьажийна. Оцу кепара кхело къобалбина цуьнан адвокатан латкъам.

Карарчу хенахь Мусаева Соьлжа-ГIалара номер 1 йолчу талламан изоляторехь йу, видеозIенехула кхелан кхеташонашкахь дакъалаца цуьнан аьтто хилийта цига дIайигина иза. РогIера ладегIарш хир ду зазадокху-беттан 5-чохь, цу дийнахь кассацин инстанцино луьстур ду таIзарна дина арз

2022-чу шеран дечкен-баттахь Мусаева Зарема лачкъийра Лахарчу Новгородера петар чуьра. Соьлжа-ГIала дIакхачийча дуьххьара 15 де буьйсий административан хан туьйхира цунна, полисхо сийсазварна аьллачу артиклехь, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра: дийцарехь, иза тIелеттера протокол хIотточу полисхочунна. ТIаьхьо Мусаевана тIетуьйхира курхаллаш лелорах артикл а. Бакъонашларйархошна хетарехь, нохчийн оппозиционерийн-вежарийн нанна тIаьхьабевла лелар политикан бух болуш ду, адвокаташа дIахьедира гIуллакх харц кхоьллина хиларх.

Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха. Цунна таIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а тIелетар дира.

ТIаьхьо Мусаевана тоьхна хан йацйира эхашарна.

ГIуран-баттахь дуьхьало йира цунна хенал а хьалха арайалийта. ТаIзардинчун диабет а, кхин а цхьа могIа лазарш ду дегIаца, ткъа чохь латточу заманчохь цуьнан хьал кхин тIе а эшна.

Хенал а хьалха Мусаева Зарема арайалийтар йуха а луьстуш хиларх шена хетарг элира Маршо Радиога цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара: "Нагахь санна, хенал а хьалха арайаккхарх дехар луьстучу хенахь, массо а барамашка уьш хьовсахь, сан нана дIахеца оьшуш мел ду бахьанаш ду…Оцу йукъанна суна тамашен хета, республикин куьйгалхочун тIедилларца хIара гIуллакх лелош хиларна, стенна лелош ду хIара ловзарш. Цкъа дуьхьало йо УДО-на, йуха кепаш хIиттайо, бехкзуламан-процессуалан бакъонийн принципаш шаьш ларйеш ду бохуш. Со кхеташ вац-кх, хIун Iалашонца лелош ду и хIуманаш".

Сулейманова Седигахьа хIиттийна акцеш

ЦIера дIа а йахна, Санкт-Петербургехь Iаш хиллачу Нохчийчуьра Сулейманова Седигахьа акцеш хIиттийра дуьненан масийтта пачхьалкхехь. Стохка аьхка бертаза Нохчийчу йухайигира иза бакъоларйаран органийн белхахой цхьаьна а болуш. ЙоьIан кхолламах лаьцна хууш хIума доцу ахшо а ду; чиллан-баттахь кризисан "СК SOS" тобанан шеконаш хилира, гергарчара Сулейманова йийна хила тарло аьлла – билггал информаци тIечIагIйина йац.

Чиллан-беттан 27-чохь уггар а йоккха акци хIоттийра Сулейманова Седина тIехIуьттуш: пикеташка бевллера жигархой Гуьржийчохь, Германихь, Польшехь, Мексикехь а, Аргентинехь а, цара тIедожийра лачкъийна йигинарг дIахеца аьлла. Соьлжа-ГIалара комментарий хилла йац акцех лаьцна.

Кризисан "СК SOS" тобано иштта хаийтина, Сулейманован гIуллакхан йистйаккхар тIедожийна хиларх цхьа эзар ахэзар Оьрсийчуьра бахархорша а. Бакъоларйархошна дагадарца, прокуратуре а, Талламан комитете а, адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяне а кхайкхамаш кхоьхьуьйту цара. Коьрта тIедожийнарг – Седа йийна бохург бакъ дуй хьовсар.

ГIалгIайн бакъо йу шайн пачхьалкх хила

Йозуш йоцу шайн къоман пачхьалкх кхолла гIалгIайн бакъо йу аьлла дIахьедина Украинан Лакхарчу Радехь. Иштта сацам тIеийцира депутаташа чиллан-беттан 23-чу дийнахь – Сталина нохчий а, гIалгIай а махках баьхна 80 кхечира оцу дийнахь. Лакхарчу Радо йемалйина депортаци а, гIалгIайн къоман дозанех дакъош дар а, иштта дIахьедина, тахана а Оьрсийчоьно гIалгIашца саццаза лелочу харцонех.

Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа шайн маршонехьа къийса лаам хиларх хIинцале а дIахаийтира Къилбаседа Кавказан масех республико. Оцу некъа тIе бехира уьш Киево, 2022-чу шрахь Лакхарчу Радехь фракцешна йукъахь "Маьршачу Кавказехьа" цIе тиллина тоба а кхоьллина. ТIаьхьо украинхойн парламенто сацам тIеийцира Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу Нохчийчоь аьлла, иштта йемалдира "нохчийн халкъан геноцид" а.

Стохка дечкен-баттахь Туркойчохь дIакхайкхийра, "ГIалгIайн маршонан Комитет" кхолларх; бутт хьалха Оьрсийчоьно "арахьарчу агентийн" могIаре йаьккхира иза, ткъа цхьахволчу цуьнан декъашхочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира, экстремизмаца иза вузуш.

Чиллан-беттан 23-чохь Лакхарчу Радехь тIеэцначу сацамах лаьцна вистхилира "ГIалгIайн маршонан Комитетан" хьалханча Гаркхо Ансар: "Шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхолла гIалгIайн халкъан бакъо къобалйар, 1944-чу а, 1992-чу а шерашкахь Оьрсийчоьно гIалгIашна дуьхьал лелийна зуламаш йемалдар, иштта оцу сацамехь ГIалгIайчоь щен дозанашца йухаметтахIоттор хьахор а, чIогIа дика хеташ тIеоьцу оха. ХIунда аьлча, Украинан Лакхарчу Радехь оцу сацамна тIехь оха тхаьш а дакъалецира йуьхьанца дуьйна.

Таханалерачу дийнахь хIара сацам билгалонан кеп йолуш бу. ГIалгIайчуьра йукъаралло а тергойийр йу кху сигналан. Практикехь таханалерачу дийнахь хIокху сацамо Украинана чохь политикан чам ло "ГIалгIайн суверенитетан Комитетана", ишта жигара доккху гIалгIайн къоман маршонехьа гIертар.

Цул совнах, ГIалгIайчуьра дIаоьхуш дуккха а нах бу политикан бахьанашца, уьш Европе кхочу, йа кхечу меттигашка, цигахь тховкIелонаш йоьху цара. Тхешан гIалгIайн проблема жигарайаккхарца, тхан аьтто хир бу тIейогIучу заманчохь Оьрсийчоьно хьийзош болу тхайн нах Iалашбан".

Сталинан депортацица доьзна кхин а цхьа керла хаам хилира дIадоьдучу кIиранах - ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархочо Келеметов Олега тIедожийра Талламан комитетана, къоман билгалонашца Советан Iедалхоша нах бертаза махках бохуш бинчу сацамийн талламбе аьлла. Цо билгалдаьккхира, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, кхарачошна, балкхарцашна, ГIирмин гIезалошна депортаци йарца Советан Конституци а, Зуламан кодекс а йохийна хилар. Келеметов тешна ву, талламахоша бакъонца хьесап дийр ду Сталин Иосифа а, цуьнан гоно а динчун аьлла.

Подкаст йерзош карладоккху, Кавказ.Реалиин редакцино подкаст арахецна "Махкахбаьхнарш: нохчийн, гIалгIайн депортаци" аьлла. Иза хроника а, дийна биссинчийн дагалецамаш, историкашца а, бакъоларйархошца а дина къамелаш ду. Цуьнан пхеа декъе ладогIа таро йу шун хIинцале а йоллу подкаст-майданашкахь а, ютубехь а.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG