ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан уьнца болчу нахана лерина кхин а тIе меттигаш схьайиллина Соьлжа-ГIалахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь коронавирусан ун даьржаш хиларна могушалла Iалашъяран министралло омра дина Республикерчу Эпендиевн цIарахчу дарбан хIусамехь ялх, номер 4 йолчу гIалин лазартнехь диъ, ковид токхуш болчу нахана аьлла, керла масех дакъа схьаделла аьлла. Могушалла Iалашъяран министарллерчу шайн хьостана тIетевжина бина и хаам Кавказ.Реалиино.

Хьалхо хиллачу эпидемин тулгIе йирзинчуд тIаьхьа а, дархой лахбала боьлча а махкахь коронавирусан уьнца болчу нахе хьожуш яра 9-гIа дарбан хIусам. Делахь а, керла гIаьттина тулгIе бахьана долуш оцу дарбанан цIийнехь тоьаш дацара маьнганаш. Цундела могушаллин министралло тIедиллина кхечу дарбанан хIусамашкахь кхин а сов меттигаш кечбе аьлла.

  • Кху деношкахь Нохчийчохь бертаза прививкаш йира, мах а луш, вакцина ярх сертификаташ эцначарна.
  • Нохчийчуьрчу бахархоша денна бохург санна хаамаш бо, вакцинаци йина аьлла, карахь тоьшалла дацахь юьртара юьрта даха бакъо яц шайн бохуш.
  • COVID-19 вирусна дуьхьал махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, бохура цо.
  • Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG