ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ковидан харц тесташца ши зуда лаьцна Ростоверчу аэропортехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов гIаларчу дуьненаюкъарчу Платов аэропортехь ши пассажир лаьцна, кемана хуучу заманчохь коронавирусан харц тесташца. Ялх батте гергга хан кхачайо цу шинна, хаамбина "Кавказский узел" (Оьрсийчохь арахаьарчу агентийн стусе яьккхина, амма цо тIе ца эцна шена и цIе) ресурсо.

Таллам бечу юкъанна полицин белхахошна къаьстинера, COVID-19 вирус юй хьожуш зударша тесташ йина цахилар. Бехктакхаман гIуллакхаш даьхна цу шинна дуьхьал.

Оьрсийчоьнан массо а регионашкахь шен-шен QR-кодаш ю юкъаяьхна кеп-кепарчу меттигашка воьдуш дIагойтуш. Цхьана кепара стандарт йоцуш, уьш ерриш а вовшех къаьсташ ю. ГIуран-баттахь коронавирусан ун лахделла, амма QR-кодийн система цхьаццайолчу регионашкахь хIинца а лелаш ю.

Хьалхо хаамашкахь яздора, СOVID-19 вирусна дуьхьал вакцина йина а, ПЦР-тесташ а ярх харц кехаташ эцначийн цIераш йохка йолийна къайлахчу форумашкахь а, телеграм-каналашкахь а аьлла. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан статистикаца, 2021-чу шарахь пачхьалкхехь бIе бехктакхаман гIуллакх диллина ПЦР-тесташца а, вакцинаци ярх сертификаташца а, QR-кодашца харцонаш лелорна.

Коронавирусна дуьхьал прививкаш йина шаьш аьлла, мах белла харц сертификаташ эцначу итт сов стагана нуьцкъаша вакцинаци йина Нохчийчохь, хаам бина Baza телеграм-канало дахначу шеран Товбеца-баттахь. Соьлжа-ГIалахь каравеанера 63 шо долу Тучаев Джамалайла. Бакъоларъяран органийн версица, бух боцуш харц кехаташ деш хилла цо, вакцинаци йарх тоьшалла деш. Камерана хьалха дIахIоьттинчу цо дIахьедира "ша нийса цахиларх".

Масех де даьллачул тIаьхьа полисхошна къаьстинера, вакцинаци ца йойтуш, Тучаевгара сертификаташ эцначу Нохчийчуьрчу бахархойн цIераш. ХIораннан цIа а оьхуш, кхерамаш тийсира царна тIаьхьа хиндолчун, "шайн лаамехь" прививкаш цара яйта езаш хилар тIе а дожош. Реза хила декхаре бира уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG