ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кремль ца хилча кадыровхой бан а бац". Нохчийн батальонан спикеро – Украинерчу тIамах лаьцна


Белокиев Ислам (аьрро агIор йистехь)

Украинан гIаролехь тIом беш масех нохчий лаамхойн тобанаш ю. Масех кIира хьалха ишттачу цхьайолчу батальоно дIахьедира, Нохчийчохь гIаттамхойн къайлаха болам кхоьллина хиларх. Цуьнан Iалашо – республикан деоккупаци. Дуьххьара цунах лаьцна дIахьедира Шейх Мансуран цIарах йолчу, Украинан агIо лаьцна тIом беш йолчу нохчийн батальонан Украинехь волчу спикеро Белокиев Ислама, цул тIаьхьа – къобалъянзачу Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора а. Белокиевн зерашца, дуьхьало кечъярехь дакъа лоцуш масех тоба ю.

ТIаккха зорбанехь видео араелира, цу тIехь яххьаш хьулйина ши стаг ву Нохчийчоьнан байракх ягош, цара бехкево республикан хилла куьйгалхо Кадыров Ахьмад шайн дай-наной федералхоша ши тIом боьдучу хенахь байъарна. Шейх Мансуран батальонехь хаам бира, видео тIехь джихIад кхайкхийна нах шайца уьйр йолуш бац, аьлла.

Белокиев Ислама Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира Нохчийчуьрчу репрессех, кадыровхойн кечаман тIегIанех, Кавказана деоккупаци ярах а лаьцна.

– Телеграмехь, ютьюбехь каналаш лелайора ахь. Муха нисделира кхо бутт хьалха Украинерчу тIамехь хьо нисвалар а, шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан пресс-секретарь хIоттар а?

– ТIеман шолгIа дакъа доладелира, со нисса дIа батальоне кхечира. Цаьрца бутт гергга хан яьккхира, хила тарло, шиъ, амма пресс-секретарь вацара со – блогер вара, со кхийтира тхан юкъарчу балхо пайда бийр бу политикаца дуьстича.

– И бохург хIун ду?

– Юьхь а гойтуш, къамелдан йиш ю сан, сан хан ю иза лелон. Цхьаволчо тIом бо, амма сан бол кхин бу (коммуникаци. – Редакцин билг.). Оха сацам бира, батальонан гIуллакхех дуьйцуш, юьхь а гойтуш, аз а хозуьйтуш стаг оьшуш хилар.

Белокиев Ислам
Белокиев Ислам

– Лаамхойн батальонашка муха кхача аьтто бу хIинца? Шейх Мансуран цIарахчу батальонехь беккъа нохчий бу?

– Муьлхха а стаг ван йиш ю тхан батальоне, цуьнан дика бэкграунд ялахь. ХIора а стаг "толлу": мила ву иза, мичара схьавеана, муьлха гIуллакхаш лелийна, хьанна хаьа цунах лаьцна, цунна тIехIотта стаг вуй. Тхо кхета, кхуза оьрсийн лерринчу сервисийн белхахой, йа кадыровхой хьийсон кхерам хиларх. Кхуза схьаван аьтто бу муьлххачу стеган. Дукхахберш, бакъдерг аьлча, нохчий бу, амма украинхой, гуьржи, гIалгIай бу… Шайн декъехь керста нах а.

– Украинан гIаролехь йолу кхо тоба (Дудаев Джовхаран цIарах, "Хьердаьлла арданг" тоба а, иштта керла ОБОН а) пачхьалкхан тIеман ницкъашна юкъайогIуш ю. Шейх Мансуран цIарах йолу тоба еккъа цхьаъ стенна юьссу лаамхойн кепехь?

– Тхо ичкерихойн агIонан векалш хиларна, тхуна ладаме ду лаамхой санна бисса, тхо йолахой ду ала цхьанна а йиш ца хилийта. Оха кхузахь цхьа а ахча ца доккху, тхуна алапа ца ло – тхуна дерриг волонтерашкара кхочу, Украинан рогIерчу нахера. Тхуна иза коьрта ду.

– Цхьайолчу интервьюхь ахь элира, оцу тайпа статус хиларна, батальон ша-шена герз эца декхаре ю. Иштта хIунда ду?

– Тхоьгахь хIонсан герз ду, йа кхечу тобанаша тхуна делларг ду, йа нохчийн диаспоро, волонтераш даийтинчу ахчах эцнарг ду. Низамца а догIуш, эца йиш йолчу меттехь герз оьцу оха.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровна, цуьнан социалан машанашца дуьстича, нохчийн батальонийн декъашхой шен мостагIий хета, ур-атталла церан коьртех ахча а кхайкхийна цо. Шун тобанехь хIун аьлла хета цуьнан кхерамашна хьокъехь?

Хьо вала йиш ю – башхалла яц, цунах ахча лур ду, йа дац

– Ур-атталла Кадыровна критика ечу нахах а кхайкхайо ял, царна дуьхьал тIом бечу наханна муххале а – царна тIехьбевлла хьийзара, тIаккха церан гергарнах лечкъабора. ХIаъ, оха цхьаболу кхерамазаллин барамаш ларбо – муьлхарнаш бу дийца йиш яц, амма вуьшта, дахар ша ма-дарра дIадоьду тхан. Цхьа а вац бункер чу лечкъина Iаш, йа тIе гIагIдиллина духарца лелаш стаг а вац. ХIун дийр ду, иштта вукх мостагI, хьо вала йиш ю – башхалла яц, цунах ахча лур ду, йа дац. Дахарна кхерам хьалх ма-хиллара буьссуш бу.

– Цуьнан посташка ладоьгIча хеталора, Украинан гIоролера нохчийн батальонаш – коьртачех цхьа Iалашо ю.

– Къаьсттина кадыровхошна гергахь ю эра дацара аса – ерриг Кремлана а цхьана ю. Украинхой шайн махкана дуьхьа тIом беш бу, иза кхеташ ду. Амма оха Украинина духьа тIом бина а ца Iаш, Ичкерина, ерриг Къилбаседа Кавказана а дуьхьа ду тхан лелар, цундела, тхо кхузахь хилар – иза оьрсийн урхаллина легашкахь йиссина даьIахька ю. Тхо – маршонан дийна аз ду, вуно йоккха цIаре берза мегаш болу суй, цундела цара хIуъа дийр ду тхо хIаллакбан гIерташ. Тхо кхеташ ду, амма оцу гIуллакхо тхан дахар ца хуьйцу.

– Ахьа а, кхобалъянзачу Ичкерин масех юкъараллин гIуллакххоша а Украина тоьлча Нохчийчоьнна деоккупаци яран планех лаьцна дуьйцура. Кхин хIумма а ала йиш юй цунах альцна?

– Украина тоьлча тхуна гуттара а атта хир ду, амма Нохчийчоьнан деккупаци нисса дIа цуьнца йоьзна яц. Тхо Нохчийчоьнна тIехь соцу, Къилбаседа Кавказера тхан кхинболчу вежаршца юкъаметтиг лелайо. ГIалгIайн тоба ю, Дагестанехь, ГIебарта-Баркхарайчохь, Кхарачойн-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь – цара массара а тхоьца болх бо.

– ХIун план ю шун?

– Кхузахь вуно чIогIа хьекъал оьшуш хIума дац. Оха хаамаш гулбо, мила мичахь болх беш ву, эскарш мичахь куп тоьхна ду, Нохчийчохь муьлха базанаш ю, муьлха герз ду цаьргахь, царлахь мел стаг ву. Кхеташ ма-хиллара, дерриг дийца йиш яц сан. Меттигехь тхуна хаамаш луш нах бу, вукхара цаьрца болх бо. МостагIо зуламца дIалецна тхан латташ лардан кечлуш ду тхо – цара нах байъарх, Iазап латторах, нах лечкъорах, массочу меттехь харц гIуллакхаш кхолларх (Оьрсийчохь республикаш, къаьмнаш дIакъастаран хьокъехь къамелаш дар пачхьалкхан цхьаалла йохоран артиклехула бехктакхаман зулам лоруш ду. – Редакцин билг.).

– Нохчийчохь гIаттамхойн болам кхолларх лаьцна аша дечу дIахьедарш бахьанехь Кадыровс республикан рогIерчу бахархошна хьокъехь репрессеш кхин а чIагIйийр ю аьлла ца хета хьуна?

– Иштта моьттуш хуьлу, ур-атталла шаьш нохчий а. Амма тхо ишта а ду лечкъош, дойъуш, Iазапехь латтош. Кхин хIун дийр ду цара? Тхан Iалашо – нах кIелхьарабахар а, тхан латтанашна деоккупаци йар а, хIунда аьлча, дерриг ма-дарра дитар – иза йовхачу пеша тIе а хиина, баьлла кIур болушехь, "кхин дIа а вегIар ву со кху тIехь, гIоле хила ма мега суна", бохуш къамелаш дар санна ду.

– Латтанашна "деоккупаци" муха йан дагахь бу шу?

– Уьш маьршачу кепехь дIагIохь – тхуна иза мегаш ду. Тхуна тIом оьшуш бац, маьрша даха лаьа тхуна. Амма регионан цхьанне агIор кхиам хилийта лууш йоцу Кремль цигахь мел ю, тхо лайш санна къен Iаш хир ду. Тхуна тIом ца оьшу, амма тхо Iадда буьтуш ца хилча, тхо лета кийча ду.

– Нохчийчуьрчу бахархошкара кхайкхамаш кхочий шуьга, аша къайлаха болам кхоьллина аьлла дIахьедича?

– Талламаш дIахьош хилар тхуна хууш ду, амма тхуна ца хезна тхан дIахьедарш бахьанехь цхьа къаьсттина репрессеш йинера аьлла. Цхьайолу кIошташ дIакъевлина аьлла хаамаш кхечира тхоьга, иштта цхьайолчу меттигашкахь интернет, мобилан зIе а хедайо бохуш дуьйцура, ур-атталла ша операторан тIегIанехь сецайо бохуш.

Цу тIе, керлачу информацица, оха тхайн планан хьалхара дакъа гIардаьккхича, Нохчийчоьнан дозанера тIеман базанашкара контингент дIахьажор сацийра.

– ХIунда?

– Кхоьруш ма бу уьш. Нохчийчохь цхьамогIа оьрсийн базанаш ю. Оццул нах цхьана республикехь латтор бац цара, кхоьруш ца хилча.

– Депутата Гончаренкос Украинан парламенте кховдийна йолчу низаман проекта муьлха пайда ба мега, хьуна хетарехь?

Ичкери къобалъяр тхуна эшна а ца Iа – иза украинхошна оьшу вуно чIогIа

– Иза тIеэцахь, цо тхуна гIо дийр ду: тхо низамехь хир ду. Малхбузенан пачхьалкхаша гIо дан мега тхуна – финансашца а, политикан кепехь а. Амма Ичкери къобалъяр тхуна эшна а ца Iа – иза украинхошна оьшу вуно чIогIа, хIунда аьлча, тхо къобалдинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан цхьана агIор оцу гIуллакхна реакци йан дезар ду. Эскархойн доккха дакъа тIаккха Нохчийчохь латтош хир ду, тIаккха цигара нах Украине хьийсон йиш хир яц церан.

– Нохчийчу баккхийра ницкъаш хьийсор бу аьлла тешна хIунда ву хьо? Цигахь кадыровхойн тобанаш ма ю иштта а?

Оьрсийчоьнан Федераци ца хилча кадыровхой бан а бац. Оьрсийн куьйгалла Нохчийчохь эскаран доккха дакъа латто декхаре хиларо гойту, кадыровхой шайн лаамехь ца хилар. Кадыровхойх а тешна, Кремль цигара дIаяхча, Афганистанера америкхойн эскарш дIадахча вайна гинарг хир ду кхузахь а, урхаллин хьукматаша шайн позицеш дIатийсар а, тIекхочучу талибех идар. Цундела оьрсийн куьйгалло цигахь эскар латтадо – меттигерчу эскархойх тешам бац церан, цара лерина ца Iамабо уьш чолхечу корматаллина. Уьш тоьпан дилха ду, тахана царах пайда оьцу, кхана чалх санна охьатуьссур ю.

– Афганистанехь талибаша Iедал дIалацале хиллачу эскарца буьстира ахь кадыровхой. Радикале йолчу "Талибанаца" шаьш дуста кийча дуй шу?

Iедало "Талибан" къобалйина ца хиларца йоьзна яра Афганистанан проблема. ТIаккха тхо ерриг исторехь ОьрсийчоьнцIа тIом латтош ду, цуьнан колониализмах, империализмах ларлуш ду. Суна хетарехь, Малхбузено тхоьх радикалаш бохур дац.

Тхуна ладаме ду тхан латтанаш, маршо юхаерзор. Тхо цивилизацин нах ду, тхайна хIун оьшу а хууш: тхан берашка дешийта, церан кхане хилийта. Оьрсийчоьно тахана санна тхоьх цанхьа радикалаш олуш хилахь, тхан дIагIертар хийцалур дац, шайна лаахь ала.

Оьрсийчоьно тахана украинхойх нацисташ олу – тIаккха тахана шайн маршо къийсар сацо деза цара? Тхан Iалашо – тхуна дохкучу бехкех тера ца хилар, нах санна, цивилизацин юкъараллин дакъа хилар а.

– Украинерчу а, Нохчийчуьрчу а тIемашна юкъехь хIун юкъарниг а, хIун башахаллаш а го хьуна?

– Iазап латтор, нах байъар, бахархойн объекташна тIе харжам боцуш бомбанаш кхийсар – боьха тIом. Масштабаш тайп-тайпана ю, хIунда аьлча Нохчийчоь жима ю, цунна доладан атта ду, эскарца го бан а. Украинехь цунах гIулкх хир дац, цул сов, инзаре доккха финансийн, хаамийн, тIеман гIо ду цунна деш. Украинхойн салтий, эпсарш луларчу пачхьалкхашка деша, дарба дан баха йиш ю – иза дацара тхан.

– Юьхь дуьхьал тIемаш дар хилири шун кадыровхошца Украинехь?

– Доккхачу декъанна хьалхабоьвлла ца хуьлу уьш тIамехь. Чиллан-баттахь уьш хьалха могIаршкахь хьовсийнера – уьш цигахь хIаллакбира, хIунда аьлча уьш тIеловта кийча бацара, иштта кечам бац церан. Оккупаци йинчу латташна тIехь контроль латто Iамийна бу уьш, цундела юьхьдуьхьал уьш ган вуно хала ду.

– "Лаамхойн" кепехь нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсабо, бохуш хаамаш кхочу Нохчийчуьра. Ишттачу хиламех лаьцна хIумма а хаьий хьуна?

Масала, пхи бIе стагна юккъера ткъех, йа ткъе итт стаг герз охьадилла дагахь валахь, церан дуьххьара шайн гонера арадовла деза

Тхоьга информации кхаьчнера, цхьа наха шаьш лаамаза фронте хьийсош ду, аьлла латкъамаш дина бохуш, царна и гIуллакх нийса ца хета, цундела тхан агIоне сехьадовла некъ лоьхуш бу уьш, бохуш. Амма, масала, пхи бIе стагна юккъера ткъех, йа ткъе итт стаг герз охьадилла дагахь валахь, церан дуьххьара шайн гонера арадовла деза – иза чIогIа хала ду.

– Амма царна гIо дан аьтто бац шун?

– ХIунда бац, дерриг сан дийца йиш яц.

– Кхеташ ду, шаьш батальонан эскархой республикехь бехаш бац, амма церан гергара нах биссина хила мега цигахь – уьш хьийзабой?

– Тобанан декъашхойн цIерш йовзийтарх ларло тхо – шех лаьцна хаийта стагна ца лаахь, цунах лаьцна хуур а дац. Амма ницкъахойн гергарчу нахана тIекхочийла далахь, доьзалхошна тIе Iаткъам бан йиш ю.

– Шуна дуьхьал Оьрсийчохь бехктакхаман гIуллакхаш ду даьхна. Хьан доьзална кхерамаш тийсиний тIом болабелча а, хьо Украине схьавеача а?

– Сан гергарчу наханна тIекхочийла церан хьалха а яцара, йа хIинца а яц. Кхузахь хIумма а ца хийцаделла.

***

Украинан кхерамазаллин сервисо дIахьедина, Киеван кIоштана оккупаци йинчу хенахь кхиазхочунна тIехь Iазап латтийна волчу нохчийн эскархочун цIе евзина шайна аьлла. Иза хилла Бисаев Анзор Салавдиевич – Нохчийчуьрчу Росгвардин лерринчу мобилан тобанан буьйранча (ОМОН) а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан накъост а.

Нохчийчохь кхоьллина йолу тIеман тобанийн йолу меттиг хийцарх лаьцна дIахьедина украинхойн агIоно, хIинца цара Херсонан кIоштехь тIамера юхабуьйлучу оьрсийн салтешца къийсам латтор бу. Хьалхо кадыровхойх заградотрядех санна пайда оьцуш хиларх дийцира украинхойн талларо, иза тIечIагIдира Украинан гIаролехь йолчу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу лаамхойн батальонан хьалханчас Осмаев Адама.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG