ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iазиз - Соьлж-ГIалахь, Гули - Истанбулехь, церан цуьхIарш - "кутузкехь"


Батукаев Iазиз.
Батукаев Iазиз.

ДIадаьллачу шеран тIаьхьарчу деношкахь Москохахь къуйн гулам дIасабохийна хилла полицино. Цхьаберш лецна хилла. ХIинца хиънаоцу хиламан цхьайолу къайленаш. "Прайм-крайм" олучу интернет-сайто хаам барехь, дIалаьцначарна юкъахь нохчийн къу лоручу Батукаев Iазизан а, цуьнца луьрчу къовсаме ваьллачу азербайджанхочун Салифов Надыран Гули олучу "къуьнан" векалш.

Салифов Надыр - Гули
Салифов Надыр - Гули

Хаам барехь, Батукаевн агIора оцу цхьаьнакхетаре баьхкинчарна юкъахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думин Нохчийчуьра депутатан гIоьнча а хилла. Полицино дIалаьцна шинна а агIора 15 стаг: 5 азербайджанхо а, 10 нохчо а.

"Прайм-Крайм" агенталло бечу хаамца, Батукаев Iазиз шен куьйга кIел ерзо гIерташ ву Москохара кхо базар: Дорогомиловский, Бутовский, Даниловский. Царна, олуш ма-хиллара, "тхов беш" дола деш волчу Гулига телефон а тоьхна, цуьнах хаам бина боху цо. Оцу къамелехь вовшашка ца олуш хIума ца дитинчух тера ду шина "къуьно". И хилларг къасто гулбеллачохь дIалаьцна Москохахь церан векалш а.

Гули олург тахана Турцехь ву. Гулин а, Iазизан а даьлла дов дукха генара схьадогIуш ду, ши а агIо юхаяла дагахь яц аьлла, дийцира оцу гIуллакхана юкъахь леллачу Соьлж-ГIалин вахархочо Сумбулатов Расула: "Царна юкъахь дерг генара дуьйна схьадогIуш дов ду. Генадаьлла дов а ду иза. Юхабевр болчух тера а дац уьш. Царна юккъе машар бан гIерташ дуккха а нах а бу. Иштта генадаьлла ду-кх иза".

Батукаев Iазизан цIе дуьххьара шуьйра гIараелира 2005-чу шарахь. ГIиргIазойчуьрчу набахтехь ваьллинчу цо оцу пачхьалкхехь мел йолчу набахтешкахь гIаттам байтинера омра а дина. Халла балица иза сацийра Iедало.

2014-чу шарахь иза, оццу набахтера хан чекхъялаза а йолуш, мукъаваьккхира. Масех сахьт далале иза Нохчийчу кхаьчнера хIаваъан кеманца. Кхузахь а тапча а, герз а карийна аьлла хан тоьхна чу а воьллира, амма и хан а арахь яьккхина бохуш дуьйцуш ду.

Оцу юкъана ГIиргIазойчоьнан Iедал меттах а даьлла, къастийнера Батукаев набахтера мукъаваккхар низамца дина хIума дацара аьлла. Дукха хан йоцуш, Оьрсийчоьнан прокуроре дехнера ГIиргIазойн прокурора иза юха схьалахьара шайга аьлла. Вукхо дош делла, Нохчийчохь цунна тоьхна хан текхна ма-ваьллехь, иза дIалур ву аьлла.

Цу юккъехула, Нохчийчу баьхкинера ГIиргIазойчуьра кинодокументалисташ, шаьш долчохь баьхначу нохчех кино яьккха. Царна хьалхаваьлла вара Талиев Медет цIе йолу стаг. Иза шен хенахь, оцу пачхьалкхан къайлахчу сервисан куьйгалхочун гIовс лаьттина ву. Цундела, Нохчийчохь къамелаш даьржира уьш Батукаев Iазизан лар лаха баьхкина аьлла. Амма цара яьккхина фильм араяьлча и шеко дIаелира нехан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG