ТIекхочийла долу линкаш

Республика Тыварчу цхьана колонехь дукха хан йоцуш дов иккхинера «низамехь къу» ву бохучу «Жимаха волу Шляпа» цIе лелочу Гегечкори Руслан хьалхаваьллачу тутмакхашна а, Нохчийчура а, Дагестанера а тутмакхашна а юкъахь.

Алсам болчу Шляпин накъосташа йиттина Кавказерчу тутмакхашна бохуш хаам бо «Росбалт» агенталло. И бахьана долуш, баккъалла а дов дала мегаш ду «низамехь къуйшна» а, кавказхойн диаспорашна а юкъахь аьлла, хаам бина «Кавказ.Реалии» интернет портало.

«Росбалто» дийцарехь, хилларг иштта ду. Хан такха Тыварчу колоне хьажийначу Гегечкори Русланан дов даьлла хилла бухахь болчу нохчашца а, Дагестанерчу къаьмнийн векалшца а.

Оьрсийчура "низамехь къу" олуш волу Гегечкори Руслан.
Оьрсийчура "низамехь къу" олуш волу Гегечкори Руслан.

Вовшана луьш цо маьттаза багатоьхна нохчийн къомах лаьцна. Нохчочо Гегечкорина тоьхна. Циггахь вовшахлетта кавказхой а, Гегечкорина тIехIиттина тутмакхаш а. Латар дIадирзича нохчий а, суьйлий а маьждиге бахана ламаз дан.

Дукха хан ялале, шеца иттаннаш тутмакхаш а балош, маьждиганна чуиккхина Гегечкори. Цара къиза йиттина ламазе хIиттинчарна, маьждиг а дохош. Хилларг сихха даьржина Кавказерчу диаспорашна юкъахь, уьш вуно эргIада а бохуьйтуш.

Нохчийчура а, Дагестанера а могIарерчу наха а, криминалан гонашкахь дош лелачу нохчаша а шаьш бекхам боцуш дуьтур дац боху хилларг. «Росбалто» дийцарехь, уьш Гегечкори Руслане санна жоп деха дагахь бу цуьнан дега «низамехь къу» ву бохучу Гегечкори Роланде (Роланд Шляпа) а, ткъа иштта бекхам барна дуьхьало ян дагахь болчу кхечу криминалан дайшка а.

Цу агенталлан хьостано хаам бина, «хIоьттина хьал дIадерзо гIоьртира Руслан. Цо дош делира Нохчийчура а, Дагестанера тутмакхаш колонехь кхин цхьаммо а хьебийр бац, цара динца доьзна лелориг лардийр ду шаьш аьлла. Амма, цу дIахьедаро кхин а чолхечу даьккхина хьал, ткъа цунна бекхам бан лаар лагIделла дац» аьлла.

«Росбалтан» хьостано дийцарехь, «Жимаха волу Шляпа» кхечу колоне дехьаваккхаро а цунна кIезиг гIо дийр ду.

«Кавказ.Реалии» портало дийцарехь, хIоьттинчу хьолехь Гегечкори кланаца боьзна «низамехь къуй» маторра сиха стаг каро гIерташ бу, и дов дIадерзо. «Росбалто" бинчу хаамца, цу Iалашонца уьш дехаре бахана хилла ХIирийчохь набахтехь хан токхуш волчу Домбаев Ахьмаде. Амма иза юкъарло лело реза ца хилла.

Оьрсийчура криминалан гонашкахь дош лела стаг Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский)
Оьрсийчура криминалан гонашкахь дош лела стаг Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский)

Карарчу хенахь уьш дагадовларш дIахьош бу криминалан гонашкахь лоруш волчу Батукаев Iаьзизаца. Иза юха а дуьненаюкъарчу лехамашка велла ву ГIиргIизойчура Iедалша. «Росбалт» агенталло чIагIдарехь, Батукаев карарчу хенахь Нохчийчохь ву.

ГIиргIизойчоь -- Криминалан авторитет Батукаев Iаьзиз. Нарынера набахта, 2013
ГIиргIизойчоь -- Криминалан авторитет Батукаев Iаьзиз. Нарынера набахта, 2013

Муьлаш бу криминалан дахарехь буьйцуш болу «низамехь къуй»? И хаттар делира ас дуккха а шераш набахтехь даьхна волчу Нохчийчура вахархочуьнга Мовладе.

Мовлад: «Низамехь къу" (набахтийн) системехь тутмакхашна юкъахь нийсо а, цхьатерра бакъонаш хилар а лардеш волчу стеган цIе ю. "Низамехь къуй" (набахташкахь) хилча дуккха а гIоле хуьлу адамашна. Цу чохь долу адам бертахь хуьлу. ГIело а, харцо а ца хуьлу. Иза УФСИН (таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалла) Iедална оьшуш ду».

Юккъехула делахь а, набахташкахь хан токхуш болу вайнах шозза таIзар ловш бу бохуш вара Мовлад.

Мовлад: «Ши таIзар ду цу наха токхуш дерг. Оьрсийчохь низам ду хан тоьхна стаг иза вехачу меттера 100 километр дехьа йолчу набахташка хьажо оьшуш дац аьлла. Цуьнга гергара нах бехачу меттехь хан такхийта езаш низам ду Оьрсийчохь. Иза иштта доллушехь, вайн нах дIахьежа бо кхечу меттигашка.

2000 километр гена хьо дIавуьгу. Шен дахаран кхетам а, култура а йолуш кхиина волу стаг бухахь болчу нахах дIа ца тарвелча, церан дуьхьалонча хуьлу иза. ТIаккха нийса доцург ахь нийса дац олу. Цу техула цакхетамаш хуьлу. Во хьоьжу хьоьга. Нохчи хилар цхьаъ, лаьцна хилар шиъ - ши таIазар ловш ву-кх и стаг».

«Жимах волу Шляпин» леларна мах хадийра Оьрсийчурча набахташкахь «низамехь къуй» дукха гина волчу Мовлада.

Мовлад: «Нахана вевзаш а, лоруш а стаг хиллехь цо иза лелор дацара. Ламаз дан чубаханчу нахана тIелатар муххале а ... Иза ша харц стаг волун дела... ша шена цIе тиллина лелаш стаг ву-кх иза. Къуно иза дийр дац, иза цуьнан дан йиш а яц. Шляпас динарг къуйн а, адамаллан а лелар дац».

Мовлада хьахийра «низамехь къуй» набахташкахь оьшуш хиларх лаьцна. Цара нийсо латтош хилар билгалдаьккхира цо. Цунна тоьшалла до Нохчийчура адамийн бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета.

Нохчийчоь -- Адамийн бакъонашларъярхо Мальсагова Асет.
Нохчийчоь -- Адамийн бакъонашларъярхо Мальсагова Асет.

2015-чу шарахь Владимиран кIоштахь набахтехь болчу «низамехь къуй» олучу наха цуьнга телефон а тоьхна, орцах ялар дехна хиллера шаьш долчура Кареле дIавигинчу нохчийн тутмакхана Гелагаев Лом-Iелина. Гелагаевн адвокатаца Яшина Светланица яхара ша Кареле бохуш дуьйцу Мальсаговас.

Мальсагова: «Низамехь къуй» олуш бу-кх набахтешкахь цхьа нах. Цара, телефон а тоьхна, шайн низамаш цигахь лелаш а дац, Конституци хIета а, вета а лоруш а яц. Оцу Карелехь вен дIавигина волу Гелагаев, шун махкахо а вара, аш гIо дахьара бохура. Со яхара цига.

ВархI дийнахь, Ходорковский чохь ваьллинчу набахтехь вара иза ИК-7 олуш йолчу. Оцу вархI дийнахь, оцу неIарехула идийра тхойшиъ, мел йолу Iедалан урхаллаш а, минстраллаш а гIаттийна. Цигахь, вовше гIо-накъосталла а деш, хIуъа а чекхдолуьйтуш долу сурт карийра тхуна».

Татаева Тамара Сибрех колонехь хан текхна ю. Чубоьхкина зударий латточу меттигашкахь «низамехь къуй» ца хуьлу. Амма цигехь а Iуналла деш доьналла долу зуда хуьлу бохуш дуьйцу цо.

Татаева: «Цигахь "низамехь къу" бохуш хIума дацара зударшна юкъахь. Цигахь 150-200 зударийн тобанна урхалла деш доьналла долу зуда хилара. "Низамехь къу" боху божарий хилара церан зIенехь. Цара аьлларг бен низам дацара».

«Жимах волу Шляпас» Тыварчу зонехь лелийнарг, администрацина а ца хууш, лелийна бохучух ца теша Татаева.

Татаева: «Набахтан администрацино иза могуьйтуш ца хилча, иза цхьане агIор цигахь далур долуш хIума дац. Иза дича цара могуьйтур дац. Цаьрна хууш иза дина ца хилча цкъаллига цкъа и тайпаниг дойла яц цара».

ТIом цхьанне а оьшуш бац. Гарехь, массарна а гуш, Гегечкорис йиттина болу тутмакхаш а, берриг нохчий а, бусулбанаш а къинтIера ца бахахь дов Шляпна а, цунна тIехIиттинчарна а диканца доьрзур дац аьлла хета и гIуллакх шайн тидамехь латточарна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG