ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лаамхойн" керла тоба хьажийна Нохчийчоьно Украинерчу тIаме


Кадыровхой бу Мариуполехь, архивера сурт
Кадыровхой бу Мариуполехь, архивера сурт

Шина кIиранчохь кечамаш бинчул тIаьхьа Нохчийчуьра рогIерчу лаамхойх тоба хьажийна Украинерчу тIаме. Гуьмсехь йолчу Оьрсийчоьнан спецназан университетан дозана тIехь курсаш яьхна цара.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шен телеграм-каналехь бечу хаамца, "лаамхой" новкъабохуш вара нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад а, кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Алаудинов Апти а, чоьхьарчу гIулакхийн министран хьалхара гIовс- МВД-н полицин хьаькам Ирасханов Аслан а, Оьрсийчоьнан МВД-н Соьлжа-ГIаларчу транспортан декъан куьйгалхо Тагиров Iела а.

Маса стаг хьажийна Украине дуьйцуш дац. Хьалхо Кадыровс дIахьедира, спецназан университетан базехь Украине хьажон хIора кIиранах 200 гергга "лаамхо".

Шен пост ерзош Кадыровс "аьтто бойла талларехь" аьлла тIеман керлачу декъашхошна.

Украинерчу тIаме боьлхчучарна лерина хIоттийначу кхаа таронех юьсуш ю Гуьмсерчу спецназан университет. ТIамехь дакъалацарна царна лур ду аьлла даккхий ахчанаш, аьттонаш бийр бу, кхалхар нислахь- доьзална компенсацеш лур ду аьлла. Журналисташка дийцинера Iаморашкахула чекхбийлинчара, шаьш муха кечдо.

  • Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • ТIамера юхабаьхкинчу цхьаболчу "лаамхоша" латкъамаш бо, шайна лур ду аьлла ахча схьа ца ло, оьшу гIирс боцуш тийсдаларшна юкъа кхуьссура, кхача а ца латтабора, бохуш. ТIаккха Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад цхьанакхийтира тIамера цIа а баьхкина, оьшу дарба а, хьехийна ахча а ца делла бохучу нахаца. Хьаькамо камерна хьалха чехийра уьш.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиино теллира, украинхойн агIоно арахецна долу Нохчийчухала тIаме хьийсийначу "лаамхойн" тептар. Лазийначу а, кхелхиначу а эскархойх лаьцна церан гергарчара дийцира редакцига.
  • Украинерчу тIамехь дакъалаца аьлла, Оьрсийчохь хIинцале а вовшахтоьхна ю 40 "цIерашца" йолу батальонаш ю. Украинехь хиламаш буьйлалбалале хьалха дуьйна цIерашца тIеман дакъош вовшахдетта йолаелира уггар хьалха Нохчийчоь. Цара дакъалецира Украинана Оьрсийчоь тIелеттачу хьалхарчу деношкахь хиллачу тIемашкахь. Доккхачу декъанна, ю уьш ОМОН-н а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу "Ахмат" СОБР а. Мангал-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIакхайкхийра Украинерчу тIамехь дакъалаца йиъ керла батальон вовшахтохарх – "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Восток-Ахмат" а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG