ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIаьххьара джамаIат". Шемара аратоьтту нохчийн тIемалой


Шемарчу Идлибехь евзаш йолчу тIемалойн "ХIайат ТахIрир аш-Шам"* тобано декхаревина нохчо, баьчча Шишани Муслим шен тобанца шайна юкъаваха. Реза ца хилахь, цунна тIедожийна махкара аравалар.

"ХIайат ТахIрир аш-Шам" тIеман тобанийн альянс ю шен коьртехь террорхойн "Ал-Къаида"* тобанехь лаьттина дакъа "ДжабхIат Фатхь аш-Шам"* а долуш.

Британехь ехачу Шемарчу тIамехь дакъалоцу кавказхой тергалбечу аналитика Паращук Джоаннас дийцарехь, эшначул тIаьхьа бухабисина ницкъаш цхьаьнатоха гIерта и тоба.

"ХIайат ТахIрир аш-Шам" дагахь ю берриг а ницкъаш шена гонах дIагулбан. Хууш дац цкъачунна хIун некъ хоржур бу Шишанис – хьал массо а агIор хийцаделла ду тахана", — билгалдоккху Паращук Джоаннас.

Ультиматум кхайкхийна масех де даьлча, Шишани Муслима дIахьедина, шена "аьттехьа а ца лаьара ша бахьанехь бусалбанаш бекъалойла", аьлла. Цо бахарехь, Идлибехь масех джамаIат ю - "уьш бен яц шайн некъ дIалело гуьнахь долуш".

Шишани даима а гIиртина джихIадхойн тобанашна юьстах хила, аьлла хета Прагерчу Дуьненаюкъарчу зIенийн институтан директорна Аслан Эмильна а.

"Муслим еххачу хенахь юьстахлаьттина джихIадхойн тобанашна – церан гIуллакхаш шеконехь, ирча хилла даима а. ДжихIадхошца цхьаьна Шемахь исламан пачхьалкх кхуллучу тIемашкахь ша дакъалаьцнехь а, шен къийсам политикан исламехьа хиларал совнах, Оьрсийчоьнна а, цуьнан Малхбалерчу агIонашна а дуьхьал латтийна цо", — боху Аслана.

Шен заманахь Шишанис дIахьедира нохчашка, Шема тIаме ма эха, аьлла, "цIахь а совций, шайн аьтто боллучу кепара латтабе цигахь къийсам", элира цо, дуьйцу Аслана.

"Цуьнан и ойла бахьанехь Шемахь цхьаболучара "нохчийн националист ву иза, вац джихIадхо" а олура цунах", — боху Прагерчу Дуьненаюкъарчу зIенийн институтан директора Аслан Эмила.

Мила ву Шишани Муслим?

Шишани Муслим (Маргошвили Мурад) Паьнказара нохчо ву, дакъалаьцна цо Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь. Шемахь нохчийн тIемалойн "Джунуд аш-Шам" тобан (катибан – ред.) коьрте хIоьттира иза 2013-чу шарахь. ХIинццалц реза ца хилла цхьана а китабийн дакъаваха.

2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа террористийн тептара язвина иза, дуьхьал санкцеш а йохуш.

2018-чу шарахь Туркойчуьрчу прессо хаам баржийра, Шишани Муслим шен тобанца цхьаьна Шемарчу курдойшна дуьхьал тIем беш ву Афринехь туркойн эскаршца цхьаьна, аьлла. Амма Шишанис иза бакъ ца дира, бохура, шен Шемахь "кхин еза проблемаш ю, туркойн, курдойн къовсамна юкъа ца гIиртича а".

Нохчийн кегий тобанаш йоцурш, Шемахь тахханалц ю Советан пачхьалкхера схьабевллачу тIемалойх лаьтта китабаш:

  • "Лива МухIаджирин вал-Ансар", Кавказера схьабевлла тIемалой бу цигахь дукхахберш, тоба ю "ХIайат ТахIрир аш-Шам" джамаIатан дакъахь;
  • "Таухьид вал-ДжихIад", доккхачу декъанна лаьтта Юккъерчу Азера схьабевллачу нахах, узбекех, таджикех, амир ву цигахь Узбеки Iабдул-Iазиз ("ХIайат ТахIрир аш-Шам" джамаIатан дакъа);
  • "Кавказ Имарат " Шамехь, шакъаьстина йолу тоба. Иза кхоьллина экстремистийн " Кавказ Имаратан" Дагестанан вилайатан коьртехь Iийначу Гимринский Салахьуддина;​
  • "Катиба Имам Ал-Бухори", "Талибанна" дайват дина узбекийн тоба, тIемаш бо ОвхIанистанехь а.

И тобанаш кегий ю, уьш шаьш а къестийна, шайн декъаийзо маьIна ца хета Асадна дуьхьаллаьттачу оппозицерчу яккхий тобанашна. Иракъехь "Исламан пачхьалкх"* йоха а еш, Асад Башаран Iедало Шемин доккхах дакъа шен долаэцчхьана схьа, гатъелла, Алеппо гIалина гонах йисина оппозицин долара территореш.

Москварчу Iедало Асадана тIекарло латтош, Шема гIоьнна хьийсадо Къилбаседа Кавказера тIеман дакъош, шайлахь Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера эскархой а болуш. Уьш официалехь лору тIеман полицин дакъош.

*ЦIерш яьхна джамаIаташ террорхойн а лоруш, йихкина ю Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG