ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецна балийначу Закаевн гергарчаьрга иза емалвайтина камерана хьалха


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна хилла кхаарин дийнахь герзашца, муьлш бу цахуучу наха. Цуьнах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига ТIехьа-Мартанарчу хьасташа.

Лецначарлахь хилла Закаевн вежарий - Бувади а, Iела а, церан хIусамнаной Сацита а, Раиса а, цхьахйолу йиша - Зеза а.

Дуьххьара Хьалха-Мартанарчу полицин декъе балийнера уьш, ткъа тIаьхьо, лецначара шаьш бахарехь, Соьлжа-ГIала дIабигира, "нефтяной полк" олучу территорри тIе. Масех сахьтехь цигахь латта а бина, политик Закаев сийсазвойтуш, видеош дIаязъян цIа бахийтинера уьш.

Буьйса юккъе яхначу заманчохь боллу гергарнах Закаевн цхьахволчу вешин хIусамехь вовшахтоьхна, видео яьккхинера. Зударшка а, берашка а дIахьединера, шолгIачу дийнахь цаьрца шайца къамел дан догIур ду шаьш аьлла.

ЦIенна гобинера дуккхаъчу хадархоша, видео дIаязъеш чохь бара ТIехьа-Мартанан администрацера а, полицера а даржхой, евзаш йоцчу структурера герзашца болу нах а.

Закаевгара а, Нохчийчоьнан Iедалхошкара а цкъачунна цхьана а кепара комментари яц Кавказ.Реалиин.

Хьалхо хаамбора, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца юкъахь дIахьочу эфирехь Кадыровс кхерамаш тесна хиларх Закаевна, иза "сийначу цIарах вагор ву" ша аьлла.

Делахь а, дуьххьара дац Закаев Ахьмадна Кадыровс кхерамаш туьйсу. Политикна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь.

Закаеван цIе ца йоккху Кадыровс, амма хьехайо иза веха гIала – Лондон, юьйцу политика караерзийна йолу актеран говзалла.

"Хьо сихха цIавола, ас тоьли чу хаор ву хьо. Я хье юккъе герз тоьхна вуьйр ву, чIир сайна тIе а оьцуш. Со кийча ву и чIир Далла а, халкъана а хьалха тIеэца", - дIахьедо Кадыровс.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан буьйранчас Чалаев Замида куьйгалла а деш дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийра хIетахь ялх тIемало, амирца Бютукаев Асланца цхьаьна.

Кадыровна, цуьнан къамело гайтарехь, ца тайна Бютукаев а, цуьнан тоба а кхалхарца доьзна Закаев Ахьмада дина къамел. Махкал арахьа вехачу Ичкерин векало кадамбира байъинчийн гергарчаьрга, "къоман турпалхой" бу а олуш кхелхинарш.

Дахначу кIиранах ишта Кадыровс кхайкхамбира Закаевга, хьайн цхьахволу воI Нохчийчу хьажаве, "ша шен эккхийтар а дина, гIазотехь валийта" аьлла. Кадыровна хетарехь, ишта "гайта езаш ю къонахалла" цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG