ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мах дIалуш яххьаш йовзаран система болх бан йолаелла Москван метрон ерриг социйлашкахь


Москварчу метрополитетан ерриг а социйлашкахь ГIадужу-беттан 15-хь дуьйна болх бан йолаелла Face Pay олу мах дIалуш яьххьаш йовзаран система. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо.

Мэран транспортаца доьзначу хаттаршкахула когаметта волчу Ликсутов Максима дийцарехь, Москва кху дуьнентIехь уггар хьалхара гIала ю оцу тайпа йоккхачу масшбаехь и система болх бан йолаелла йолу.

Face Pay — дIасаваха метрох пайда оьцуш мах дIалон цхьа кеп ю. Оцу сервисана тIетасавалар шен лаамехь гIуллакх ду хIоранан а.

Face Pay мах дIабаларан системо некъахойн яьххийн сурташ автоматан кепара хуьйцу цуьнах шифраца дIакъевлина биометрин догIа а деш.

Москван транспортан департамента чIагIдарехь, цу кепара догIанаш лардеш ду ша лаьтташ йолчу серверша, бахархойх лаьцна хаамаш латторца доьзначу низамо ма бохху.

Оцу гIуллакхах пайда эца, "Метро Москвы" программица вовшахтаса деза сурт а, банкан карта а, "Тройка"олу транспортан карта а.

Эксперташ саготта бу, ма дарра аьлча, Москвахь кхолла мегаш ю Китайхь кхоьллинарг санна махкахойх лаьцна хаамаш гулбон система аьлла. Москван дуккха а бахархойн дезар ду шайх лаьцна хаамаш Iедалшка дIабала, ткъа оцу хьолехь уьш каракхача мегаш бу хьашт доцчу нехан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG