ТIекхочийла долу линкаш

Массо а агIор Iаткъам ловш бу Нохчийчура лоьраш


Нохчийчоь -- Даим а бан болх хуьлу Нохчийчохь берийн лоьрашна.

Нохчийчура дарбан хIусамашкара хьолах дуккхаза дийцина. Цхьаболчара лоьрашна дов деш, уьш «куьйгана цIена бац» бохуш дIахьедарш до. Кхечара хестабо уьш, царца оццул оьгIазе хила мегар дац бохуш. Дукхачу декъана, хьалхарниш - цIахь дарба ца хилларш бу, вуьйсуш тобелларш бу.

Тахана Нохчийчохь 70 ца кхоччуш дарбан хIусам ю. Царна юкъахь ю поликлиникаш а, профилакторийш а, диспансераш а, иштта кхин дIа а. ТIаьхьарчу шерашкахь схьайиллина онкологийн диспансер а, кардиологийн дарбан хIусам а. Ала догIу, хьалхарчун коьртехь вар хIинцалера могашаллин министр Сулейманов Эльхан.

Дуьххьара Нохчийчура дарбан хIусамаш юьйцучу хенахь, массара а билгалдоккху, шайна лоьрашкара хуьлуш долу дарба ледар ду бохуш. Ишттачарах ву, масала Соьлж-ГIалара вахархо Хамидов Ширвани. Дарбан хIусамийн дукхаллех, дикалла хиларе сатуьйсу ша а, ша санна наха а, элира цо.

Хамидов: «Муьлха а гIирс бу вайн. Амма говзанчаш бац. Кхузахь сурт доккху хьан дегIан меженна, тIаккха оцу суьртан тIехь дерг дикка деша хууш дозаналла арахь ву. Кхузахь лоьраш яздина молх дIагайтича, дозанал арарчу лоьраша уьш хьуна зенехь дерш яздина олу».

Нохчийчура лоьраша тIе ца оьцу шайна буьллу бехк. Цара даре до, дуккха а нах мехкан дозанал ара а буьйлуш, луларчу республикашкахь шайн гIоле лохуш хилар. Цуьнан бахьан а гуш ду царна шайна. Нохчийн амалехь ду, гена мел воьду, цигахь гIоле ю моттар, элира ша а лор йолчу Тагаева Элинас.

Тагаева: «Вайн цIахь медицина во яц. Делахь а, нах шаьш-шайн лаамца оьху кхечу мехкашка дарба лаха. Мах лучу дарбан хIусамашка боьлху и нах. Ахча цигахь охьа дуьллий, тIаккха тхуна юхабогIу. Лоьраш дика ца хилар ма дац иза. Нахана моьтту-кх, гена дIабахча, шайна гIоле хир ю аьлла».

Лоьраш шайна тIера бехк боккхуш санна хета, церан белхан дикалла яц аьлча, иза нохчийн амалан тIететтар. Шен масал ду боху Хамидов Ширванис.

Хамидов: «2-3 шо хьалха вахна-кх сой, сан гергара кIантий тхан ненаваша а эцна. Стиман тIулг бара дIабаккха безаш. ЦIахь операци ян еза аьллера тхоьга. Ткъа, Ставрополехь лоьро цхьа а урс а ца Iуттуш, дукха сиха схьабаьккхира и тIулг. Нохчий а дуккха а бара цигахь лаьтташ».

Нохчийчура лоьраш цхьана дарбхошкара Iаткъам лайна Iаш бац. Iедалан агIорар а, гIехьчулла совбаьккхина церан бан беза болх. Къаьстина алсамбаьлла кехаташца берг, аьлла дуьйцу лоьро Тагаева Элинас.

Тагаева: «Кехаташца болх дукха бу. Цомгучунга хьожуш оццула дукха хан ца йолу, кехаташна йойург санна. Долахь йолчу дарбан хIусамашка а дIабахна тхоьца болх бина цхьаберш. Цара боху, цхьанна а тайпана кехаташ лелош дац шаьш, цомгушчун гIуллакх дичхьана».

Мухха а далахь а, тахана Нохчийчура медицина-къеггина масал ду махкахь долчу хьолан. Цхьа бакъ ду, нохчийн лоьраш, дукха декъана кийча бу жоьпалла шайна тIе а оьцуш болх бан. Цара цхьана мIаьргонехь тIеэцначу сацамах адаман могашалла а, дахар а доьзна хилча-м муххале а мехал ду иза.

Кху деношкахь Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусамехь инзаре тамашийна операци йина цара. Ванни чохь охькхетта воккхачу стаган, бIаьргакIоган чу бахна цIано ечу щеткийн тIам. Хьалха 9-гIа олуш хиллачу дарбанан хIусамехь оцу стаган, дукха сиха операци а йина, цуьнан могашалла юхаметтахIоттина лоьраш. Уггаре инзаре дерг ду, оцу стеган я бIаьрган а, я цхьанна пхенан а зе ца хилла.

XS
SM
MD
LG