ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу кхело чохь вуьтур ву наркотикашца лаьцна ММА-н латархо Жамалдаев


Наркотикаш латтош, дIасакхоьхьуш хилла аьлла шеко йолу Оьрсийчоьнан ийначу кепехь латархо Жамалдаев Салман лаьцна вуьту Москварчу Кунцевскан кIоштан кхело Дечкен-беттан 6-чу дийне каччалц. Йоьдучу кхелера бина и хаам ТАСС агенталло.

"Талламан дехар кхочушдинчу кхело лаьцна вуьтур ву, Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан ("Баккхийчу барамашкахь бакъо йоцуш наркотикаш латтор, эцар, дIасакхехьар") аьллачу 228-чу артиклаца шеконашка эцна Жамалдаев Салман",- аьлла кхелехь.

Кхаа шарера итт шаре гергга хан кхачо догIу спортхочунна и зудам дар т1еч1аг1дахь, 500 эзар сом гергга гIуда а хьарчош. Оьрсийчоьнан низамашца, 4-5 грамм наркотикаш боккха барам лоруш бу.

Лахьан-беттан 8-чохь яздира Маршо Радионо, Москварчу "Внуково" аэропортехь Соьлжа-ГIала воьдуш хилла кикбоксинган дуьненан чемпион, "Ахмат" клубан латархо Жамалдаев Салман лаьцна аьлла. Наркотикаш яьхна, дуьйцура, спортхочуьнгара.

Readovka телеграм-каналан информацица, юьйцург яра 10 грамм мефедрон.

ММА-хь 22-зза летта Жамалдаев Салман, 20-зза толам а боккхуш. Ву иза иштта Оьрсийчоьнан панкратионан чемпион, Оьрсийчоьнан Къилбехь грэпплинган чемпион, маьршачу кепехь а, желтойн-риман латарехь спортан мастер а, WFCA а, ACB-н а хилла чемпион а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG