ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлхха а дин лелор маьрша ду Гуьржийчохь


Гуьржийчоь--Тбилиси, маьждиг, 29Дечк2016.
Гуьржийчоь--Тбилиси, маьждиг, 29Дечк2016.

Европерачу мехалшна тIегIертачу Гуьржийчоьно, муьлха а дин лело паргIато елла. Керстан динан тайп-тайпана килсанаш а, бусулба маьждигаш а ду цигахь. Масийтта шо хьалха леррина динан гIуллакхехула Iедалан  урхалла а ю кхоьллина. Иштта, Тбилисехь шиIаташ а, сунниташ а  цхьана рузба деш долу маьждиг а ду. Цига вахара Маршо Радионна корреспондент Султанов Ахьмад.

Молла ламазе кхойкхуш арахь хезаш дац Тбилисехь. Цунна герга вахчий бен ца хаало ламазан хан юьйла. Иза дихкина дац. Маьждиг шира Тбилиси олучу меттигехь ду. Уллехь пенаш бен юккъахь доцуш бехаш бу гуьржий а, кхиберш а. Цундела, арахь хезаш ламазе кхайкхар бусулбачара шаьш сацам а бина сацийна.

Рузбан дийнахь уггаре а дукха туристаш хуьлучу меттехь машенаш дIахIотто аьтто бац. Дуккха а нах бара; цхьаберш готтачу урамешкахула гIаш а, тIулгийн новкъахула машенашца а хьалаоьхуш. Маьждиган уллехула чекхаболуш бу Тбилиси-ГIалана тIехула хьажа «Майдан» олучу метте некъ.

Тбилиси. Маьждиг лаьтта урам.
Тбилиси. Маьждиг лаьтта урам.

Маьждиган чохь дIахIотта меттиг яцара. Учохь а лаьтташ бара цхьана могIехь, шайна хьалхахь кегий тIулгаш дихкина шиIаташ а, шай кепехь ламаз деш сунниташ а. Хьехам азербайджанийн маттахь бора. Имам а, цу чу оьхурш а дукхачу хьолехь азербайджанаш бу. Iаьрбойн пачхаьлкхашкара а бара шортта.

Нохчийн пес коьртахь йолуш цхьа а гуш вацара, амма, къамеле бевлча, цигахь уьш хуьлу элира.

Нияз цIе йолчу ламазе веанчу стага дийцира Маршо Радиога Гуьржийчуьрчу динан паргIатонех лаьцна. Иза къаьстина гуш ду элира цо, 2011 шарахь меттигерачу Iедалехь леррина урхалла кхоьллича дуьйна.

Нияз: "2011 шарахь Iедало официала кехаташ а кечдина тхуна. Хьалха уьш дацара. Шо шаре мел долу кегирхой алсам хуьлу маьждигехь".

Маьждигехь бечу хьехамашкахь даиманна шайга имама дуьйцу бусулба динан хазаллех а, иза машарехьа хиларх боху Нияза.

Нияз: "Дуьненахь машар хIоттаре доьху оха. Ша-дерриг дика хилар доьху. Пайхамаран хьадис ма ду, динера схьадогIуш ду Даймахке безам, бохуш. Миччахь а вехаш валахь а шен мохк беза беза цунна. Тхо реза ду тхайн пачхьалкхан. Бусулба дин дуьхьала ду тIаман. Динехь дац, нах байа аьлла. Оха вовшах а кхеташ а дуьйцу иза. Тхо духьала ду питанашна".

Советан заманарчу керстан республикашна юккъахь Гуьржийчоь къаьсташ ю муьлха а динца бертахь хиларца. Маьждиг а, керстан массийта килс а, уллехь ду оцу «Майдан» олучу меттигехь. Оцу хIуманех дозалла а до шаьш гуьржаша, бохуш дийцира меттигерачу журналиста Паресишвили Мзияс.

Паресишвили: "Тбилиси дуьххьара юьллучу хенахь хIинца шира гIала олучохь хилла. Цигахь Майдан олуш йолу меттиг ю. Гуьржийчохь баккхий бо цуьнах. Муьлхачу къомаца тхо мегаш хилар гойтуш масал ду цигахь. Уллехь масийтта метар бен юккъехь йоцуш: аьрмлойн-грегорианан , католикийн а, гуьржийн-керстан а килсанаш а, бусулуба маьждиг а ду. Иза доккха масал ду, гуьржийн къам массаьрца а ийна хилар гойтуш".

Тахана Гуьржийчохь бусулба нах шолгIачу меттехь бу терахьашца, кхечаьрца дуьстича. Цул тIаьхьа богIу аьрмлойн килсанера а, протестанташ а, адвентисташ а, кхиберш а. Массаьрна а меттиг а, паргIато а ю шайн дин лело.

Бусулбачеран хьал, маьждигаш кегий хилар бен кхин бала боцуш далахь, аьрмлойн килсанца наггахь цхьацца халонаш хуьлу Гуьржийчохь. Массийта шо хьалха аьрмлойн коьрта мозгIара, Гуьржийчохь йолчу шай килсанашкахь шайга хьехамаш байта аьлла дIахьедар динера. Цунна дуьхьал, гуьржийн Патриарха Илия шолгIачо,жоп деллера, Аьрмлойчохь гуьржийн килсанашкахь иштта бакъо лахь, шаьш а иза магадийра ду аьлла.

Иштта цакхетамаш боцуш хуьлийла дац динан паргIато йолчу меттехь. Амма дуьненахь лаьттачу хьоле хаьжча, Гуьржийчохь дика ду динца долу хьал. Иза даделла дукхачу хьолехь, шаьш гуьржий хьанца а къеда-мерза болун дела.

XS
SM
MD
LG