ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертахь бехар бу ПIаьнгазара кистойн бусалбанаш


Кистойн къанойн кхеташоно цхьацца гIулчаш йохура, кхуьуш болу кегийрхой шайн дайн гIиллакхашна тIеберзо лууш.

Кистойн салафиташна а, суфийшна а юкъахь барт эшарахь дукха хена дийцина дара. Тамашийна сурт хIотталора: оцу чIожехь ехачу кистойн юкъаралла, ширачу нохчийн гIиллакхашца хIинцалца яьхна йолу, цу тIера къона чкъор долуш дара. Цуьнах саготта дукха нах бара.

Нохчийчохь санна буьрса дацара бакъдерг дийцича и хIума. Цхьаъ вукхунна тIе а ца кхойкхуш, кийтарлонаш а ца еш, маьрша Iара, амма, динан хьежамаш массеран цхьатерра бац.

Кистойн къанойн кхеташоно даима цхьацца гIулчаш йохура, шайх гена бевлла кегирхой юха шайн дайн Iадаташна тIеберзо лууш. Цуьнах хIинца гIуллакх ца хилахь а, иза мацца а хирг хиларна шеко яц церан. Къанойн кхеташонан коьртехь волчу Хангошвили Хасус иштта элира цу хьокъехь телефонан зIенехула.

Хангошвили: «Цу цхьаьнакхетаран бахьана дара: вовшашца мостагIалла а ца лелош, инкарло а йоцуш Iийр ду вай бохург. Коьртаниг дара: мохк, къам, вай нохчий хилар. Иза чIогIа латто деза. Дин а ду. Iаьрбойн Iадаташ а оьшуш дац, кхечу къоман Iадаташ а ца оьшу. И хIуманаш дIа а даьхна, вайн ворхIе дайшкара дуьйна схьадогIу г1иллакхаш хила деза. Мегар ду аьлла, и барт бара-кх бинарг».

Гуьржийчуьрчу кистойн юкъараллехь и цакъетам иккхина хиларна, барт ца хиларна бахьнехь, дукха хIума кIел диснера ПIаьнгазахь бехачеран.

Шаьш наха, иза боккха бала бу бохуш даре дора. Доьзалехь а бекъабелла: цхьаъ-цхьана тобанехь, важа - вукху тобанахь. Салафитийн а, къанойн а барт хиларо боккха синтем беана кистойн дегнашка аьлла, дийцира меттигерчу вахархочо Бордзгор Сулхана.

Бордзгор: «Ша волу стаг воккхавеш ву цунах. Кху безачу мархийн баттахь барт хилар дика ду бохуш дукха наха дуьйцу. КIант джамаIатехь а волуш, да-Iадатехь а волуш а меттигаш бу. Гуьржаша а яздора дайн а, кIентийн а ши чIор вовшен дуьхьал даьлла бохуш. Вайнахана юкъахь иза хила йиш йоцийла хууш ма ду, амма мелла а цабезамаш хилар гуш дара. Цундела ПIаьнгазахь и барт хилар дика ду».

Ша а журналист волчу, Бордзгор Сулханна дика хета, шайн куьйгакIеллар бевллачу салафитийн тобанашка дIакхетта кегий нах къаноша дIатоьттуш ца хилар. Вовшашца барт а лохуш, дийцарш а деш, хаза кIеда-мерза хилча-гIоле ду аьлла кхин дIа а дийцира цо.

Бордзгор: «Суна хетарехь, иштта барт бича дика ду. Цхьаьна охьа а хевшина, цара къамел дича гIоле ду. Вовшех болу дегабаамаш дIабаьхча дика ду. ХIинцачул тIаьхьа вайнахах мел хьакхалуш долу хIума цхьана дийра ду вай, нахана хьалха декъаделла дуйла ца моьттийта, аьлла дина хIума ду иза. Селхана цхьанакхетта таравихь а цхьана дина цара».

Салафитийн могIарша кистойн юкъараллехь баржа буьйлабелира Нохчийчохь шолгIачу тIеман юьххьехь. Нохчийчура хIетахь дукха нах дехьабевллера паргIато йолчу Гуьржийчу. Цигахь бехачу наха дуьйцу, 2000-чу шерашкахь оцу чIожехь доцуш къам дацара бохуш. Берш а герзаца а бара уьш.

ХIинца дIацIанбелла царах меттигера бахархой. ХIетте а Оьрсийчоьно кест-кеста дIахьедарш до, ПIаьнгазахь вахабисташ бу, цигахь цара тIеман Iамораш деш а ду бохуш. Ткъа, схьа а дуьйлий хьовса, талла иза мел бакъ ду аьлла, гуьржийн Iедалша а, кистоша а кхайкхам бича вогIуш цхьа стаг вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG