ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураев Тимуран иллешна тIехула гIуда хьарчийна Нохчийчуьра яхархочух


Муцураев Тимур

Муцураев Тимуран "Иерусалим", "Уьш дIабахна" иллешца яьхна видеоклипаш социалан машане хIитторна меттигера яхархо Эскиева Хьалимат бехкейина Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело экстремистийн материалаш яржийна аьлла.

Административан гIуллакхан материлашкахь яздарца, социалан машанерчу шен агIонехь Эскиевас бардан иллица ши клип зорбане яьккхинера. Цхьана дийнахь, 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь бен ца латтийнера уьш.

"Уьш дIабахна" илли а, "Шаьлта тохар", "Нохчийчоь цIергахь", "ШахIид", "Тавхьид" композицеш а экстремистийн материалаш лерина федералан тептаре яьхна 2013-чу шеран мангал-баттахь Курган гIалин кхело. Санкт-Петербургерчу Петродворецкан кхелан сацамца 2015-чу шеран мангал-баттахь эксремистийн лерира "Иерусалим" илли.

Кхелехь Эскиева Хьалимат къера хилира шен бехкана, дохкоелира, Муцураевн иллеш экстремистийн ларарх шена хууш дацара аьлла.

Эскиевна дуьхьалъяьккхинчу Iедалан къепехь цхьа эзар соьма тIера кхаа эзаре гергга гIуда кхачадо йа гIирс схьа а боккхуш, лаьцна йита таро ло 15 денна.

Ерриг а Оьрсийчохь Муцураевн йихкинарг 30 композици ю. Царна публикаци ярна гIуданаш тухуш, лецна буьтуш бечу сацамашкахь кхелаша билгалдоккху, цуьнан иллеш "къаьмнашна юкъахь гамо гIаттон а, сепаратизмана а, терроризмана а пропаганда ян а хьажийна ду" аьлла.

  • Муцураевн иллешка социалан машанашкахь ладугIучарна Оьрсийчохь кест-кеста кхел йо, иштта Нохчийчохь а цхьаьна. Ткъе итт сов нохчийн бардан илли экстремистийн материалаш лерина, федералан тептаре даьхна ду.
  • Чиллан-баттахь Маршо Радионо яздира, Нохчийчоьнан Веданан кIоштан кхело Муцураевн "Исламан умма" компози бахьана долуш Сиржа-Эвларчу Магомадов Асланна гIуда тохарх.
  • Ставропол-махкарчу Трутновскан кIоштара Деряженцева Викторияна административан протокол хIоттийра полицино, экстремистийн материалаш яржийна аьлла бехкейина- Муцураев Тимуран "Гелагаевн спецназ", "ШахIидаш" иллешна тIехь яьхна клипаш яржорна.
  • Нохчийчуьра Гуьмса гIалин кхело меттигера вахархо Дускуев Ахьмад бехкевира "Одноклассники" социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна. "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даьккхинера цо, эзар сом гIуда хьарчийра цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG