ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчоь: "Байракхийн тIом"


Кмузов Беслан

Летаршца а, сардамаш дехарца а марсабевлла хилла гIебартойн-балкхаройн къовсамхой герзаш детташ дIасалаьхкина полицино

Канжал лома тIера охьаяьлла, Элбрус ломанна гергарчу балкхаройн Кенделен юьрта кхача еза 30 дошлочух лаьтта ковра ларъеш Iен 1000 гергга гIебарто, ирх герзаш а, тIе гIожамаш а етташ, дIасалаьхкина кхаарийн сарахь.

Бахарехь, йиллинчу меттехь латта кенделенхошкара пурба даьккхина хилла гIебартоша. Амма, церан векалша дийцарехь, барт бохийна юьрто – чу ца битина дошлой.

Дошлойн акцин хьалханча волчу Яган ИбрахIима "Кавказ.Реалиига" бина латкъам бу иштта. Полицино бихкина Кенделене боьду некъ, ткъа бахархой-балкхарой хилла дошлошна тIелата кечлуш. Кенделенан кхечу маьIIехь дошлой ларбеш лаьттачу гIебартошна дIахезна балкхарой духьалонна кечлуш бу аьлла. Церан делегаци яхана юьртан меттигерчу куьйгалхошка маслаIат деха. Амма полицино дIасалаьхкина гулбелларш.

Гиначара дийцарехь, Кенделене 10 кир кхоьхьу а, 4 гIагIадиллина тIеман машен а еъна ОМОН-хойх йоьттина. Ницкъхой балийна ГIалгIайчуьра, Ставропол, ХIирийн мехкашкара.

Кхаарийдийнахь "Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, Iуьйранна Кенделенехула чекхъяьлла гIебартойн “Адыга уэй уэй” маьхьарий бетта 200 стаг хиллал тоба. Юьртарчу бахархоша Канжал лома тIе боьлху дошлой шайн лаьтта тIе ца бовлийтаро дарбинчара еш демарш хилла иза.

310 шо хьалха шайгара мохк баккха даьхкинчу ГIирмин эскарех летта гIебартой. Тоьлла. И де даздеш хIора шарахь а бо Канжал лома тIе некъ гIебартойн дошлоша.

"Хабза" юкъараллан хьалханчас Кочесоко Мартина "Кавказ.Реалиица " динчу къамелехь иштта элира: "Тхоьга баьхнера, тхо а, тхан дошлой а кхаарийдийнахь юьртах чекхбовлуьйтур бу".

Делахь а, Кенделенехула дIабаха боьллачу гIебартошна некъ а боьхкуш, церан карара адыгаша юкъара лору байракхаш дIаяха гIоьртина полици, Кочесокос бахарехь.

Балкхароша хиллачух лаьцна дуьйцург а тергалдо прессехь. "Кавказский узелехула" Кенделенан юьртдас иштта йовзуьйту инцидент. "Оха магийнера гIебартойн дошлошна тхайн юьртахула чекхбовла. Амма шайна оха дуьхьало ян тарлуш а хетта, уьш юьрта йистехула бевлла бахна Канжал тIе. Оцу юкъанна тхо царна вежаралла гайта кечлуш дара – дохкура лома тIера юхабогIучу дошлойн сий деш, тIедаха, гIебартойн даздаршкахь дакъалаца. Тхо тхаьшлахь и барт беш Iаш а лаьтташ, тхуна тIейолаелира тоба, карахь байракхаш яра, ирча маьхьарий хьоькхура. Уьш тхан юьрта юккъехула чекхбевлира, амма оха дехьа йистехь совцийра. Оцу кепехь хьийзар оьзда доцийла хьийхира, дукхахберш кхета а кхийтира, хетарехь. Тхоьга къинтIерадовлар дийхира цара. Оха хазахеташ тIе а ийцира церан къаро".

…Еарийдийнан Iуьйранна Нальчике бирзира гуламаш. Iедалан цIенна хьалха. ГIебартоша бохура, шайгара яьккхина бахархошна махкахь маьршша дIасабаха-бахка елла бакъо. Балкхароша доьхура Iедале республикехь нийсо лелийтар, шайн къам жима дара аьлла, цхьаьнгге а охьа цатеIадайтар. Шина а агIоно боху, низамаш массарна а ду цхьабосса, уьш лардан деза.

Фейсбукехула махкахошка къепе ларъяхьара, барт ма бохабахьара, аьлла, дехна ГIебарта-Балкхаройчохь президент лаьттинчу, хIинца мехкан цIарах Пачхьалкхан Думехь конгрессмен волчу Каноков Арсена. "Тахана цхьаьна лаьтта тIехь бехачу вежарийн барт боххол аргумент яц яхначу заманахь баьккхина я боккха а, я жима а толам", яздо цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG