ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш латтош хилла аьлла бехкевинчу 73 шо долчу адвокатан хьокъехь сацамбина кхело


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Наркотикаш латтийна цо аьлла, Ставрополера Октябрьскан кIоштан кхело бехк тIечIагIбина Нохчийчуьра Мараков Сергейн, 60 эзар сом гIуда хьарчийна цунах, таIзарх а воккхуш.

"Адвокатийн газетана" йеллачу комментарихь 73 шо долчу Мараковн адвокато кхелан сацам кIеда "соломонан" лерина, амма дIахьедина, шаьш оцу сацамна латкъам бийр бу, хIунда аьлча, Мараковн бехк бац аьлла.

Хьалхо Маршо Радионо ма-дарра дийцира Мараковн гIуллакхах лаьцна. Шена дуьхьал бехк шайггара биллина, наркотикаш тийсинера шена, ткъа шена тIаьхьабовлар, цхьахволчу белхан накъоста бахарехь, ша лелийначу "цхьа могIа бахархойн гIуллакхашца" доьзна дара аьллера цо.

  • 2020-чу шеран гIуран-беттан 8-чохь лаьцнера Мараков. Иза лоцуш хIоттийначу рапортаца а догIуш, кега-мерса хулиганалла лелийнера цо. Итт дей-буьйсий чохь доккхуш, таIзар текхначул тIаьхьа иза бехкевинера наркотикаш лелорна. Мараковс дийцарехь, иза вехачу цIенна хьалхара могIарерчу духарца болчу наха лаьцна, полицин декъе дIавигинера иза, цигахь наркотикаш тийсинера – 200 грамм марихуана.
  • Юьхьанца Мараков лаьцна цIахь латтон сацамбира лахарчу инстанцин кхело, амма Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело хийцира и кеп, лаьцна чохь вуьтуш. 2021-чу шеран чиллан-баттахь дIахьедира адвокатан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх теллина даьлла аьлла. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Мараков маьршаваьккхира лаьцначуьра, дIасавалар а доьхкуш.
  • Соьлжа-ГIалара "Мемориалан" декъан куьйгалхо Титиев Аюб лаьцнера 2018-чу шеран дечкен-беттан 9-чохь. Суьдо Титиев бехке лерира, 4 шо хан а тухуш, марихуана карийна цуьнгахь аьлла. Бакъонашларйархоша и гIуллакх фальсификаци ю аьллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG