ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атта хир дац Иракъерчу а, Шемарчу а набахташкара зударий цIа берзо


Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:25 0:00
Линкана тIе

Нисса бутт хьалха, Оханан-беттан 17-чу дийнахь Иракъерчу кхелан сацамца елла дIаяллалц набахтехь яккха хенаш кхайкхийра Дагестанерчу 21 шо долчу Магомедханова Эльвирина а, 26 шаре яьллачу Исмаилова Алисина а.

Нохчийчуьрчу Iедалан цIарах болх бечу бакъонашларъярхочо Cаратова Хедас дехар деш кехат хьажийра Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан куьйгахочуьнга Бортников Александре, и зударий Оьрсийчу цIаберзош накъаосталла дар доьхуш. Саратована хетарехь, цу зударийн сатийсам хир бара Оьрсийчохь шайна бакхъонца кхел йийр хиларе.

Оццу хенахь, кхин а 12 де даьлча кхин 19 Оьрсийчоьнан махкахо кхелана хьалха хIоттийра Иракъан Iедалша. Царна а кхайкхийра Иракъан суьдо елла дIаяллалц набахтехь яккха хенаш.

ДIадаханчу оршотан дийнахь (Стигалкъекъа-беттан 14 де) шен кхеташо дIаяьхьира Иракъера а, Шемара а Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадерзор Iалашо йолуш кхоьллинчу белхан тобано. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикан цIарах сенатор волу Сабсаби Зияд а, Нохчийчуьра бакъонашларъярхо Саратова Хеда а, Москох болх беш волу адвокат Мусаев Мурад а.

Цу кхеташоне веанера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхин министран когаметта Богданов Михаил.

"Исламан пачххьалкх" тобанах дIакхетта болчу Оьрсийчуьрчу тIемалойн зударий бехке беш бу низамаш дохош дозанаш хедона а, Иракъан а, Шеман а территори тIехь экстремистийн тобанашкахь латтарна а.

Иракъан низамца а догIуш, бехктакхаман гIуллакх схьа а диллина, Iедалша жоьпе озо мегаш бу 12 шаре бевлла кхиазхой а. Цу шина пачхаьлкхехь кхелаш еш ю т1емалошна а, церан доьзалшна а, хууш ма хилла, ма дарра аьлча, боьдуш тIом а болуш. И бахьана долуш адамаш оьгIазе ду. ТIемалошна а церан доьзалшна а мелла а луьра таIзар дан лаьа царна.

Саратова Хедина хетарехь, Богдановца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа церан сатийсам кхоллабелла, арахьарчу гIуллакхийн министралло гIо дан мега "кхоллам нисбелла, цу тIаме а кхаьчна, эшам хиллачу Оьрсийчуьрчу бахархошна.

Оьрсийчуьрчу дипломаташа дийцарехь, парламентан харжамаш дIахьочу Иракъехь Iедале бахка мега Оьрсийчоьнца доттагIалла лело лууш боцу ницкъаш. Цундела ма моьтту атта долчух тера дац Оьрсийчоьнан махкахой цIаберзо.

Белхан тобанехь дакъалоцучу адвокато Мусаевс хаьттира бух болуш дуй аьлла "вайн Iедалш и зударий цигара цIабало лууш дац" бохуш дуьйцу къамелаш аьлла. "Дерриг а дан деза официалан векалшца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь. Нагахь векало дIабига аьлча, кхето деза уьш билггал муха цIабало беза", - жоп делира Богдановс.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь болчу хаамашца, дукхахболу лецна мехкарий курдаша дIалаьцначу Рожава олучу территори тIехь бу. Цу Рожавана а, Димашкъана а юкъахь тIемаш бу боьлхуш, боху Богдановс.

Карарчу хенахь Оьрсийчуьрчу дипломаташа зIе латтош ю 50 зудчуьнца. Ерриг а цу шина пачхьалкхарчу Iедалша лаьцна ю Оьрсийчуьра 63 зуда, 23 кхаана царах кхел йина хIинцале а.

Арахьарчу гIуллакхийн министраллан векалш кехаташ кечдеш бу и зударий муьлш бу къастош. Цу гIуллакхана ДНК-таллам бан беза. Ткъа иза дан хан оьшу.

Адвокато Мусаевс дийцарехь, ДНК-талламаш бар вовшатоха кийча ю церан адвокатийн бюро. Оьшуш долу ахча дала кийча ю Кадыровн Фонд. Сабсабис дийцарехь, цу фондо гIо а деш, Оьрсийчу цIаверзийна Иракъера а, Шемара 104 стаг.

"Цигахь бохаме кхаьчначу нехан гергарчара сатоха деза, БагIдадан кхело сацам баллалц. Тхон аьтто бац цигарчу кхелашна Iаткъам бан", - боху сенаторо Сабсабис.

Хьенан бехкенна хилла Нохчийчохь "Хьалхара тIом"?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG