Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий - 16 шо долу Ахьмад, 15 шо долу Эли, 14 шо долу Адам – шайн йишица, 23 шо долчу республикан культуран министрца Кадырова Iайшатца "ДНР" олучу меттиге кхечира. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь дукха дуьйцура уьш цига бахарх лаьцна – шен кхиазхойн хенаш йолу бераша баккъала а долчу тIеман тийсдаларшкахь дакъалаьцна хилар чIагIдо цо. Критикаша видеона монтаж йина хиларх дIахьедира. ТIаьхьо и тIелецира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада.
Масех де даьлча Кадыровн бераш цIадирзира. Цул тIаьхьа республикан куьйгалхочо фронте шайх лаамхой олучу эскархойн керла тоба хьажийра, тIаккха 300-400 республикан вахархочуьнга тIамехь дакъалаца аьлла кхайкхам бира – иза регионан бахархойх доьалгIа дакъа ду.
Кадыровн телеграмерчу посташкахь бахарехь, цуьнан кIентий "СВО йоьдучу меттигера хьалхарчу позицешка" кхечира, "тоьпан молхана хьожа яккха кийча хиларна" а, "18 шо кхачалц собардан дагахь цахиларна" а. Цунна тоьшалла деш цо видео арахийцира, цу тIехь Ахьмад, Эли, Адам ву жимачу ор чуьра автоматаш, гранатомет кхуьйсуш. Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан буьйранча Чалаев Замид а ву цаьрца. Видео тIерчу текстехь яздарехь, "ши агIо вовшашца тийсалучу меттигехь" яьккхина ю иза – аьлча а, оккупаци йинчу Украинан дозанехь. ДIахьедарехь, "тохарш дарца тIелатар деш болу эскархой хьулбеш" гIо доккху кхиазхоша. Видеон чакхенехь герзийн гIовгIа соцу, Чалаевс, Кадыровн бераша а камере а боьрзий, Украинехьа тIомбечу нохчашка кхайкхам бо, шайца тIомбан арабовла олий – зударшка санна до цара шайн къамел.
Фронтана уллехь яьккхина ю бохучу видео тIехь долчу суьрташа иза тылехь яьккхина хиларна тоьшалла до. Масала, "тIемаш бен" меттиг, кхул хьалха Кадырова Iайшатан делегаци тIеэцначу локацица йогIуш ю. Цуьнан терго йина оппозицин телеграм-каналаша. Оцу шина видео тIехь цхьатерра хьуьнан го бу – цхьатерра дитташ, коьллаш, хьуьнан сурт а.
Оцу шеконашна жоп делла зорбанан министра Дудаев Ахьмада. Шен телеграмерчу каналехь Кадыровн критикашка вирзина иза, яьккхина видео бакъалла а хилар чIагIдеш, цо дийцина, политикан берашца йолу и видеош арахецале ши де хьалха дIаязйина ю, гIадужу-беттан 17-хь.
"Цигахь иштта яьккхина масех видео ю… Оха [царах] монтаж йо. Монтажан режиссерийн болх бу иза. Цара… масех сурт, видео хоржу, тIаккха аудио тIеюьллу – и монтажхойн рогIера болх бу", - хаамбина Дудаевс.
Дукха хилар гIоле ю
Iайшат, Эли, Ахьмад, Адам Укрианан оккупаци йинчу латтанашкара гIадужу-беттан 20-хь юхадирзира. Оцу хенахь Кадыровн кIентарша украинхойн йийсархой Нохчийчу схьабалош репортаж гайтира пачхьалкхан "Россия 1" телехьожийло. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, кхо салти шен бераша "зеназа ваьккхина" – эскархойх лаьцна дуьйцуш, цо билгалдаьккхина, фронтехь барзакъ, кхача оьшура царна, тIаккха буьйранчаша, цо бахарехь, уьш терго йоцуш битина хиллера.
Нохчийчуьра Украине рогIера "лаамхойн" тоба хьажорах лаьцна дIахьедира Кадыровс шолгIачу дийнахь, амма церан терахь билгал ца даьккхира. Хьалхо ша политико чIагIдора, республикера тIамехь дакъалаца хIора кIирнахь 200 стаг хьажаво аьлла.
ГIадужу-беттан 24-чу сарахь гучуделира, Украинан ТIеман ницкъаша кадыровхойн Херсонан кIоштерчу штабана тIе тохар дина хилар, цунах лаьцна дийцира украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграмерчу каналаша. ВСУ-н официалерчу чоьтехь цунах лаьцна тIечIагIдар цкъачунна дац.
Иштта, украинхойн "Ищи своих" телеграм-каналехь яздо, 40 стаг вийна, 60-на чевнаш йина бохуш. ТIаьхьо нохчийн оппозицин Niyso телеграм-каналехь дIахьедира, лазийнарш 100 стаг хила мега аьлла. Нохчийн оппозицин 1ADAT боламан телегам-каналехь бохура, уьш "Нефтеполк" олучун эскархо бу - Нохчийчуьрчу Росгвардин хадаран Урхаллин мехкадаьттан а, газан а объекташ ларъеш йолу полицин полк ю иза.
Байъинчу кадыровхойх лаьцна хаамаш баржийча, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинерчу тIаме республикерчу бахархойн доьалгIа дакъа хьажоре кхайкхира. Амма Оьрсийчоьнан бахархой багарбаран сервисан 2021-чу шарера хаамашца, Нохчийчохь 1,5 млн стаг веха, царах 420 эзар пенсхо а, 551 эзар бер а ду.
Бутт хьалха Соьлжа-ГIалахь масех иттанаш меттигера зударий мобилизацина дуьхьал митинг хIотто гIоьртира – бакъоларъярхойн хаамашца, "лаамхойн" кепехь тIаме баха декхаре бира церан гергарнаш. Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин хаамашца, мобилизаци дIакхайкхийча республикехь шайн ярташкара дIабахначу божарийн тептарш хIитто долийра.
"Цуьнца нах Iехалур бац"
Шен цIе а ца йовзуьйтуш, Кавказ.Реалиин редакцица къамелдан реза хиллачу Нохчийчохь болх бина волчу бакъоларъярхочо Кадыровн бераш тIамехь долуш санна яьккхинчу видеох "трагифарс" олу.
"Баккъалла цунах муха тешар ву?! Вуно чIогIа ларваран барамаш хIиттош новкъабевллачу кхиазхойн хенарчу верасашца яьхна видеош. Iовдал пиар. Цхьаболу кегийрхой нуьцкъаха тIаме хьийсабо, амма шен берашца рекламан кинош йоху. Кхузахь наха адеквате мах хадабо цунна" Оцу роликашца цхьа а Iехалур вац", - чIагIдо къамелдечо.
Iовдал пиар. Цхьаболу кегийрхой нуьцкъаха тIаме хьийсабо, амма шен берашца рекламан кинош йоху
Кадыровн бераша дакъалоцучу оцу сюжетах "нохчи фронте кхайкхаран Iалашо йолу пропагандийн шоу-проект" аьлла нохчийн политолого Кутаев Руслана.
Кадыровн бераша тIеман пропагандехь дакъалацар чоьхьарчу аудиторина лерина ду, аьлла хета оьрсийн политологна, политикан Iилманийн кандидатана Преображенский Иванна:
"Кадыровн хьалхара а, коьрта а хьажархо – иза Путин Владимир ву. Масала, Золотовн кIент-кIант, хетарехь, мобилизацина кIел а нисвелла, армех вигина хилча, хаац билггал иза мичахь ву-м, тIаккха Кадыровс стенна ца дуьгу шен бераш цига? Иза церан юккъера акци ю – муьтIахь хилар гойтуш", - боху эксперта.
Преображенскийс бахарехь, Кадыровс оцу хенахь тIаме бIаьрг биттина, амма цигахь дакъа ца лаьцна, тIаккха цунна иза лартIахь хIума ца хета.
"Цхьа а ООН-н конвенцеш цо ца ешна, амма ешча а цо уьш тIелоцур яцара. ТIемалой хила луучу кIентаршна лерина цхьа ламаст хета цунна и, биссинчу нохчийн божарша и иштта тIелоцу а моьттуш. РогIерчу нохчийн бераш тIаме хьийсийна а ца Iаш, шен бераш а цигахь дакъа лаьцна бохуш гайта гIерта иза царна", - чекхдаьккхина къамелдечо.
"Султанийн раж"
Шен берхIийтта шаре бовлаза кIентий тIаме хьийсор хиларх Кадыров Рамзана дIахаийтинера гIадужу-беттан юьххьехь. Оппозицин блогерша бехкаш даьхначул тIаьхьа йина реакци яра иза - тIеман хьалхарчу позицешка могIарера нохчий хьийсабо, шен гергара нах ца бохуьйту, бохуш бехкевора регионан куьйгалхо. ГIадужу-беттан 3-хь цуьнан телеграмерчу каналехь видео араелира, цу тIехь, дийцарехь, Ахьмад, Эли, Адам а ву Гуьмсерчу спецназан университетехь тайп-тайпана герз карадерзош.
"Баккъалла болчу тийсдаларшкахь шаьш гайта хан тIекхаьчна, церан иштта дIагIертар ас къобал а до. Кестта тIеман хьалхене кхочур бу уьш, тIаккха цигахь уггар халчу тийсдаларийн меттигашкахь хир бу", - ишттачу дешнашца арахецнера Кадыровс и пост. Шена критика еш болчу оппозицихойх цо "йийбарш тIера нохчийн мотт буьйцу тIемалой" аьлла. ТIаккха шолгIачу дийнахь шен кIентарша парашютан спортан къийсдалар схьадоьллуш видео арахийцира цо.
Кадыровн бераш пропагандин видеошкахь гайтаран ши коьрта бахьана ду, боху Карлован университетан юкъараллин Iилманан политологин факультетан профессоро Эмиль Аслана.
"Дуьххьарниг – Кадыров шен доьзална а, династина а дуьхьа хьийзаш ву. Шен да вуно чIогIа, майра стаг хилла бохучул сов, ша а, шен бераш а иштта чIогIа, майра хилар, иза шайн цIийца хилар гайта гIерта иза. Султанистийн раж ю Нохчийчохь, къаьсттина цхьана стагна, диктаторна гонаха хьийзаш дац цигара хьал, церан цIийнах болчу массо божаржна, зударшна гонаха хьийзаш ду ", - тешна ву политолог.
ШолгIа бахьана – Кадыровна ладаме ду, цуьнан цIийнах мел верг тIемало ву бохуш дIагайтар, дуьйцу къамелдечо.
Султанистийн раж ю Нохчийчохь, къаьсттина цхьана диктаторна гонаха хьийзаш дац дерриг, церан цIийнах болчу массо божаржна, зударшна гонаха хьийзаш ду
"Нохчийн пиарна а, Оьрсийчоьнан чохьарчу пиарана а ладаме ду иза. ЧIогIа лераме нах шаьш бу а моттийтина, шайх кхерийта. Суна хетарехь, шен воккхачу кIантана Iедал караделча паргIат хир вара Кадыров – делахь а, хIинца хьалхе ду и къамелдан. Лукашенкос шен кIант Iедале вигаре терра, кхузахь иштта хьал хила мега", - боху Эмиль Аслана.
Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Украинан дозанахь Кадыровн бераш вуно чIогIачу кхерамазаллин барамашца лардеш дара, амма ламастех дерг дийцича – иза инициацин ламаст дара, боху Киеверчу политикан талламийн "Пента" Центран куьйгалхочо Фесенко Владимиро.
"Ша Кадыров ишттачу ламастех чекхваьлла. ХIинца иза дагадоуьйтуш Iедал дац, амма цо шен деца Оьрсийчоьнна дуьхьала тIом ма бина. ТIаккха хIинца шен кIентаршца а леладо цо иза – амма шайна кхерам а ца беш пиаран видеош яхарна лелош ду", - чекхдоккху Фесенкос.
Шаьш цигахь хилар дIагойтуш
Ахьмадца, Элица, Адамца сепаратистийн республике 23 шо долу церан йша Кадырова Iайшатца еара. Сепаратистийн "Донецкан къоман республикан" куьйгалхочуьнца Пушилин Денисца цхьанакхийтира иза, вукхо цунна ДоттагIаллин орден елира. Кху шеран зазадоккху-баттахь Пушилинан карара и орден кхечира цуьнан дега а, тIаакха вукхо Нохчийчоьнан коьрта орден елира сепаратисташна – Кадыров Ахьмадан цIарх орден.
Кху шеран зазадоккху-баттахь, Украинера тIом болабелла бутт баьлча, Кадырова Iайшата шен 22 шо долчу йишица Хадижатаца (школе дахазчу берийн дешаран Соьлжа-ГIалин мэрин департаментан куьйгалхо) а, 18 шо долчу Табарикца а Украине хьийсийначу кадыровхошна леринчу ламазашкаш дакъалецира. Оцу бараман декъашхоша цига нуьцкъаха гулдина хиларх дийцира – балхара дIадохур ду бохуш кхерамаш а туьйсуш, республикан тайп-тайпанчу кIошташкара бюджетхой дIагулбинера. Оцу хенахь Кадырова Iайшатан телеграмера канал сих-сиха гучудуьйлура цуьн ден посташкахь – масала, Кадырова Iайшата кадыровхошна леринчу эшарехь – амма стигалкъекъа-беттан 14-хь и канале лелочура сацийра.
Преображенскийн хетарехь, Кадыровн кIентий, цуьнан йоI Iайшат Украинан оккупаци йинчу латтанаш тIехь гучубовлар – и меттиг КадыровгIеран доьзалан куьйгкIелахь хилар гойтуш барам бу.
"Иза гуттара цигахь хилар гойтуш лелош ду иза, хIунда аьлча, дерриг оккупаци йинчу латтанаш тIехь Кадыровн гоно шайн интересаш схьагойту, уьш лар а йо, иштта оцу тIамехь ахча а доккху", - боху эксперта.
Массо Казахстане, Европе дIавоьдучу юкъанна, шен кхиазхойн хенара кIентий [Украинина дуьхьал болчу тIамехь] цхьаннах ца кхоьру бохуш дIагайта гIерта Кадыров, тIетуху политолого Эмиль Аслана.
"Кхеташ ду, тIеман партина юкъахь (оьрсийн Iедалхошлахь Украинера тIом марсабалийта луучу нахах олу иза – Ред. билг.) ша Путинна а, "оьрсийн идеяна" а супер муьтIахь хилар гайта гIерта иза, амма хуьлург чамбоцуш ду, и тиктокера видеош санна. Шена хуучу кепара леладо цо иза", - боху Аслана.
- Украине тIамца чугIоьртиначул тIаьхьа арахьарчу зорбанан гIирсашкахь хааамаш гучубуьйлура, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана урхалла дечу Оьрсийчоьнан эскаран дакъойх лаьцна. Малхбузен а, Европан а медиаш пайдаэца юьйлира "кадыровхой" бохучу дашах, вовшахтохараллех лаьцна дуьйцучу заманчохь Оьрсийчоьнан зорбанаша кест-кеста олура царах ишта. Кавказ.Реалиин сайто теллира, муха дуьйцу арахьарчу гIирсаша церан леларх.
- Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Регионерчу политикан вовзар дистина - чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Амма арахоьцучу контенте хаттарш кхоллало. Кавказ.Реалиица къамелдинчу эксперташа дийцина, доза доцу таронаш хилча, Нохчийчоьнан куьйгаллина дика информацин болх дIабахьа аьтто стенна ца хуьлу.