ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн депутатан Закаевца хиллачу цхьанкхетарна тIехула Оьрсийчоьнан МИД-о тIекхайкхина Германин векал

Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Немцойн парламентан депутат Кисеветтер Родерих Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочуьнца Закаев Ахьмадца цхьанакхетар бахьана долуш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бехк биллина Германина "къоман кхерамзаллина кхерам латторна". Нохчийчоьнан Ичкери Республика террорхойн организацийн реестер йазйина кху деношкахь.

Министралан хаамехь далийна "дукха хан йоццуш Киевехь хилла цхьаьнакхетар", цигахь депутато дийцаре дина боху Ичкерин ницкъашна а, Германина а йукъахь цхьаьнаболхбарх. Оцу гIуллакхан цхьа агӀо йу аьлла, билгалъйаьккхина "Германехь бехачу Оьрсийчоьнан бахархошна вербовка йар" аьлла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралло леррина билгалдоккху, парламентан дуьненаюкъарчу гӀуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхо Закаевца цхьаьнакхетта хилар, иза "терроран организацин лидер" ву аьлла, кхайкхийначул тIаьхьа.

И цхьанакхетар билггал маца хилла, хууш дац. Шен Х-чу аккаунтехь немцойн депутато Кисеветтер Родериха йаздинера, ша охан-беттан йуккъехь "Украинехь хиларх". Оццу беттан йуьххьехь Соьлжа-ГIаларчу кхело Закаев Ахьмад коьртехь волу "Нохчийн Ичкерия Республика" дIакхайкхийра "террорхойн" йу аьлла. Оьрсийчохь а, иштта европахойн пачхьалкхашкахь цуьнан 29 декъана а цхьаьна дихкира болх бар. Германина бехкаш дахкале хьалха уьш Росфинмониторинган реестрна йукъайахийтира.

Ша Закаев оцу реестрехь ву хьалха дуьйна: 2024-чу шарахь цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхира, ВСУ-н декъахь цо лаамхойн батальон вовшахтохарна. Террорхойн йукъаралла вовшахтоьхна, терроризм къобал йо цо аьлла, бехкаш дехкира цунна.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гӀуллакхийн министралле кхайкхинчу немцойн векало Ламбсдорфф Графа цхьаьнакхетар хилале хьалха дӀахьедина, "Оьрсийчоьнан агӀонан шаьш дохку бехкаш бакъдан аьтто хир бу аьлла ца хета" шена аьлла. Ишта йаздо Tagesschau агенталло. Германин арахьарчу гӀуллакхийн министраллан Берлинерчу векало, и бехкаш "цхьана а кепара бух болуш а, бехк болуш а дац" аьлла, хаамбо Tagesspiegel газето.

  • Нохчийн Ичкерия Республика (ЧРИ) - СССР йоьхначул тӀаьхьа 1990-гӀа шерашкахь Нохчийчоьнна де-факто йозуш йоцу пачхьалкх хиллачу хенахь тиллина цӀе йу. Оьрсийчоьно болийна ши тӀом бахьана долуш, Ичкерин куьйгаллин Iедал карара делира цу регионехь. 2007-чу шарахь дуьйна Закаев Ахьмад дозанал арахьа Ичкерин политикан куьйгалхо ву; Оьрсийчоьно иза хьийзош волу 25 шо сов хан йу.
  • Карарчу хенахь Украинан эскарехьа тIемаш беш Ичкерин агIончех-нохчех лаьтта масех батальон йу. Шайх Мансуран цIарах батальон; Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.
  • 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра Ичкерин агIончашна. Бутт баьллачу хенахь Кадыровс кхайкхам бира Украинехьа тIемаш бечу махкарчу бахархошка, Закаев ве аьлла. И вийначунна даймахкахь аьхна дахар хуьлуьйтур ду ша аьлла, чIагIо а йеш.
This item is part of
XS
SM
MD
LG