ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша лачкъийначу шина вешина набахтехь даккха 6-8 шераш тоьхна


Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело набахтехь даккхийта ялх а, бархI а шераш тоьхна 20 шо долчу Магамадов Салехьа а, 18 шо долчу Исаев Исмаилна а, тIемалошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевина.

ТаIзарца а догIуш, шогачу хьелашкарчу колонехь ворхI шо а, цхьа шо набахтехь а доккхур ду Магамадовс, ткъа Исаевс – юкъарчу хьелашкарчу колонехь ялх шо доккхур ду. Шина вашас а, церан адвокаташа а чIагIдора, уьш бехке бац бохуш, таIзарна латкъамбийр бу апелляцин инстанцехь.

Адвоката Алексеев Марка билгалдоккху, таIзар дар вежарийн ориентацица а, Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь долчу Osal Nakh 95 телеграм-каналехь модераци лелорца а доьзна ду бохуш.

Кхелехь дIахьедира Алексеевс тешийн кийтарлонашкахь дуккха а шалхаллаш яра аьлла: талламо ца къастийна, герзашца хиллачу гIаттамхойн тобанан декъашхо хилла, тIаьхьо вийначу Борчашвили Рустамца бехкебечийн тIекере хилар, иштта ца далийна тоьшаллаш – иза гIаттамхо хиларан а. Борчашвилига бепиг, шоколад, кхинйолу кхачанан сурсаташ а чохь йолу тIоьрмиг дIабаларна бехкебина вежарий.

Билгалдоккху, бакъоларъярхойн шеконаш кхуллу, цара гIоьналла латтийна бохучо: цхьахволу ваша трансгендере дехьавала гIерташ хилла, ткъа шолгIаниг гей ву. Бакъонца Магамадовн а, Исаевн а агIо лецира гIо латточу ЛГБТ+ кризисан тобано "СК SOS".

  • Чиллан-баттахь Нижний Новгородерчу кризисан хIусамчуьра лачкъийна, Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а.
  • Марсхьокху-беттан 2021-чу шарахь вежарша дIахьедира, шайна йетта, шайгара кийтарлонаш яха гIерташ аьлла. Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло дуьхьало йира Iазапаш хьегийтарна бехкзуламан гIуллакх делла.
  • Магамадовс а, Исаевс а дийхира, шайн гIуллакх листар кхечу регионе дIало аьлла, хIунда аьлча, царна хетарехь, Нохчийчохь нийсонца хоттур дац церан дов. Кхело шайна дуьхьло йича мацалла кхайкхийра цара Дечкен-беттан 9-чу дийне кхаччалц. Дечкен-бутт бовш Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело тIаьххьара дуьхьало йира церан дехарна.
  • Бакъоларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн могIаре яьккхина, центр цунна реза яц) центро дIахьедира, Магамадов а, Исаев а политикан тутмакхаш бу аьлла. Amnesty International организацино катоххий маьршаваккха ши ваша Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а аьлла, кхайкхамбира.
  • ЛГБТ-н векалш хиларе терра, Исаев а, Магамадов а маьршаваккхарехь шайн ницкъех пайдаэцар доьхуш Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенте Джо Байдене а, Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочуьнга Блинкен Энтонига а хьажийна, дуьненаюкъарчу All Out платформи тIехь яржийначу петицина куьйгаш яздира 100 эзар сов стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG