Бакъоларъяран "Мемориал" ("арахьарчу агентийн" тептаре яьккхина организаци Оьрсийчоьнан Iедалша, "Мемориал" цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.) центро политикан тутмакхех хIоттийначу тептаре ваьккхина, Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх летта Джумаев Сайд-Мухьаммад.
"Мемориална" хетарехь, Джумаев Сайд-Мухьаммадера даьллачух хилла зен дац. Зен хилла бохучу ницкъхошна тIехь уьш Iалашбен экипировка хилла, коьртахь шлемаш а долуш, цундела царна хилла чов яц. Цул совнах, кхелехь шайн претензеш яц аьлла, дIахьедина а хиллера цара. ТIехула тIе видео тIехь гуш ду, Джумаевс еттачу хенахь царех цхьаъ охьа а ца кхетта, йа гал ца ваьлла, кIантана тIе чхьонкарш еттачуьра севцца а бац.
"Джумаевн гIуллакхан хьокъехь шога, бух боцуш дина таIзар ду: оцу кепарчу бехкашна сил яккхий хенаш кхачош яц. "Политикан" йа цхьа кхечу гIуллакхашкахула Оьрсийчоьнан кхелаша Зуламан кодексан 318-чу артиклех кеп-кепара пайдаоьцуш хилар тидаме эцча а, Джумаевна дина таIзар къаьсташ ду кхиндолчу "митингийн гIуллакхашна" юкъахь шен шогаллица", - билгалдоккху бакъонашларъяран центро.
"ОВД-Инфо" проектан зерашна тIетевжина "Мемориало" чIагIдо, оцу дийнахь йоллу Оьрсийчохь мел лахара а 64 манифестхочунна зенаш дина хиларх ницкъахоша. Оцу юкъанна, бакъонашларъяран органийн белхахошна дуьхьал даьккхина дац цхьа а бехкзуламан гIуллакх - лоьцуш бу беккъа цхьа демонстрантхой.
"Бакъо йоцуш протестан акци дIасайохо гIертачу заманчохь хилла ду Джумаевн омонхойх тасавалар. Оьрсийчоьнан Iедалхоша шога йохийна бахархойн маьрша гуламаш хIиттон бакъонаш, протестхойх хIоранна а кхерам бара лацарна, йа еттарна. Полисхоша ницкъ бечу хьелашкахь Джумаевн бакъо яра ша ларвархьама царна дуьхьал вала", - аьлла хета "Мемориалан" векалшна.
Цара чIагIдо, Навальный Алексей лаьцначул тIаьхьа пачхьалкхехь политикан репрессеш чIагIйина хилар, ткъа цуьнгахьа арабевллачу манифестацин декъашхоша дузарх зенаш динчийн терахь.
Стаг политикан тутмакх ларар - "Мемориал" цуьнан хьежамашна а, цо дуьйцучунна а, цо лелочунна а реза ю бохург дац.
Москварчу кхело юкъарчу рожан колонехь даккха пхи шо хан кхайкхийра МГУ-н студентана Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Иза бехкевира, оьрсийн оппозиционерехьа Навальный Алнексейгахьа хIоттийначу митингехь Iедалан векална дуьхьал ницкъ баккхарна.
Джумаевн адвокато Мусаев Мурада апелляци йина ша Iалашвечунна динчу таIзарна. Цо терго тIеозийна, зен хилларш бу аьлла, гIуллакхна юкъахь болчара шайн цхьана а кепара претензеш цахиларх дIахьедарна.
Карарчу шеран Дечкен-баттахь оьрсийн политикехьа Навальный Алексейгахьа хIоттийна митинг йирзинчул тIаьхьа видео гучуелира, Джумаев ОМОНхойх тийсалуш. Полицино лаца кхайкхийра иза, бакъоларъяран органийн белхахошна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла. Пхи де даьлча карийра Джумаев Псков гIалина гергахь, хетарехь, Евробертан доза хадон гIертачу заманчохь.