ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна тIехь геноцид йина хилар къобалдайтинчех волу Европарламентан хилла депутат Дюпюи Оливье кхелхина

Дюпюи Оливье
Дюпюи Оливье

68 шо долу Транснационалан радикалан партин секретарь а, Европарламентан декъашхо а хилла волу Оливье Дюпюи Белгехь кхелхина. 2004-чу шарахь цо мацалла кхайкхийра, 1944-чу шарахь нохчийн халкъ нуьцкъала махкахдаккхар геноцид хиларх резолюци тӀеэцийта тӀеӀаткъам беш.

Йеххачу заманчохь лазар текхна велла иза, йаздо Италерчу Linkiesta сайто. Брюсселехь кху беттан 8-чу дийнахь иза дIаволла де билгалдаьккхина.

2004-чу шеран йуьххьехь, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш, Дюпюис дуьхьало йеш мацалла кхайкхийра дуьненаюкъарчу "Машар а, адамийн бакъонаш а" цӀе йолчу цхьаьнакхетараллин президентах, нохчочух Ибрагимов Сайд-Эмих дIа а кхеташ. Дюпюис мацалла лайнера 36 дийнахь, Ибрагимовс- 42 дийнахь. Эххар а Европарламенто къобалдира нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар геноцид хилар.

2017-чу шарахь тхан сайтана йеллачу интервьюхь Дюпюи Оливьес дӀахьедира, дуьненайукъарчу институто дуьххьара къобалдо хьалхо къайладаьккхина йа харцдеш хилла мехала политикан а, историн а бакъдерг аьлла.

  • 2004-чу шеран чиллан-беттан 26-чу дийнан резолюцин 15-чу могIарехь йаздина ду: "…1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь Сталинан омраца доллу нохчийн къомана Йуккъерчу Ази депортаци йар геноцидан акт йу 1907-чу шеран Гааган ЙоьалгIачу Конвенцино а, геноцидан зуламашна дуьхьало латточу ООН-н Инарла Ассамблейно 1948-чу шеран гIуран-беттан 9-чохь тIеэцначу Конвенцица а билгалдаккхарца" аьлла.
  • 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь йолийра "Чечевица" операци. БIеннашкахь нохчий а, гIалгIай а махках баьхна Йуккъерчу Ази дIабигира. Масех дийнахь Казахстане дIакхачийра 400 эзар гергга стаг.
XS
SM
MD
LG