ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хийцам боцуш битина ницкъахоша лачкъийначу шина вешина-гейшна бина сацам


Исаев ИсмаьIил, Магомадов Салехь
Исаев ИсмаьIил, Магомадов Салехь

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело аппеляцин инстанцехь теллина, амма хийцам боцуш дитина вежаршна Магамадов Салахьна, Исаев ИсмаьIилна хьокъехь бина хилла сацамаш. Низамехь йоцу герзаца цхьанакхетараллан декъашхочун кхача латторна бехкево и шиъ.

Магамадовна бархI шо чохь яккха хан тоьхна, царахь цхьаъ набахтехь даккха деза цо, диссина ворхI шогачу рожан колонехь, Исаевн – ялх шо юкъарчу рожан колонехь даккха деза.

Къилбаседа Кавказехь кхерамна кIелахь лаьтта ЛГБТ-н декъашхошна гIо латтон "СК SOS" кризисан тобан пресс-секретаря Розанов Мирона дIахьедина, "гIуллакх гIардаларна а, юкъаралло реакции ярна" вежарий хIинца а дийна бу, цо тIетуьйхира, бакъоларъярхой оцу сацамна дуьхьала къийсам латтон дагахь бу, иштта кассацин латкъам чубала а.

Магамадовс, Исаевс шайн бехке ца хилар дIахьедо. Адвокаташа боху, церан гIуллакхехь бехк гучубоккху тоьшаллаш дац, иштта, шортта процессуалан низамаш хедор ду. Царна хетарехь, вежаршна тIаьхьбовлар церан сексуалан хьежамашца доьзна ду (шина вешех цхьаъ гей, ткъа важа кхечу гендере дехьавала гIерташ ву), иштта цара Нохчийчоьнан Iедалхошна оппозицехь хиллачу телеграмерчу каналана модераци еш дакъа лацарна а.

20 шо долчу Магамадовна, 18 шо долчу Исаевна хьокхехь бехкбуьллуш сацам бира Нохчийчоьнан ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело 2022-чу шеран Чиллан-беттан 22-хь.

Чиллан беттан 4-хь Нижнийчу Новгородехь лачкъийна Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Дахначу шеран Марсхьокху-баттахь вежарша дIахьедира, бехкаш тIелаца бохуш, шайна тIехь гIело латтош ю, аьлла. Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллехь реза ца хилира и гIело латторна бехктакхаман гIуллакх долон.

Магомадовс, Исаевс шайн гIуллакх таллар кхечу регионе дехьа даккхар доьхуш арз дира, царна хетарехь, Нохчийчохь дIахьош йолу кхел озабезаме ца хиларе даха дог дац. Кхело арз къобал ца дарна дуьхьал мацалла кхайкхийра вежарша, оцу хьолехь Iийра и шиъ Дечкен-Беттан 9-гIа дийне кхаччалц. Дечкен-Бутт чекхболуш Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело тIаьххьара тIе ца ийцира оцу хьокъехь кховдийна арз.

  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центро Магомадов а, Исаев а политикан тутмакхаш лерина. Amnesty International организацино сихонцца и шиъ маьршаваккхар тIедожийна.
  • Американ президенте Джо Байдене а, пачхьалкхан департаментан куьйгалхочунга Энтони Бликене а, шайн таронех пайда а оьцуш, Магамадов, Исаев кIелхьаваккхар доьхуш хьажийна йолу дуьненаюкъарчу All Out платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла 100 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG