ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Iаморашкахь ницкъхочун когах хIоьан гериг кхетта


Кадыровхой
Кадыровхой

Нохчийчохь куп тоьхначу эскарийн рогIера Iамораш дIахьочу заманчохь чевнаш йина ницкъхочунна. ГIуран-беттан 4-чохь тIеман Iаморех лаьцна леррина репортаж гайтира нохчийн телехьожийлехь.

Легендица а догIуш, 20 террорхочух лаьтта тоба Нохчийчоьнан шахьара а кхаьчна, юьстах дIатесна цхьа гIишло дIалаьцнера цара.

Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан хьаькамо дIакхайкхийра "Крепость Грозная" аьлла операци, цул тIаьхьа Росгвардин а, чоьхьарчу гIуллакхийн кеп-кепарчу дакъойн а бIе тIемало инцидент йолчу меттиге дIатасабелира.

Видео тIехь йиъ минот дIалоцу спецтехника арайоккхуш а, гIишлона гонах тIемалой дIахIиттош а. Ницкъаллин структурийн белхахой кхочу террорхоша дIалаьцначу гIишлонна герга БТР-ш тIехь, КамАЗаш тIехь а, кхечу лерринчу транспортца а.

Яккхийчу тоьпашца, гранатометашца, снайперан тоьпашца болчу тIемалоша дIалоцу йоллу периметр. Цхьахволчу белхахочо топ хьажайо кошан чурта тIехьара, шолгIаниг - тIеман бой тIехула яржийначу блиндаж чохь Iуьллуш ву.

Юкъараллин а, экономикан а кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Усмаев ВахIида Кадыровна дIахоуьйту, террорхой хIаллакбан Iалашонца вовшахтоьхначу операцехь дакъалоцуш 1 073 стаг ву, цара шайн чIогIачу контроле эцна аэропорт а, аьчкан некъан вокзал а.

Террорхой бу бохучу меттиге кхочу тIаьхьо Кадыров, цо терго латтайо гIишлонна ечу штурман. Йоллу тIеман элита ю цунна гонах – чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, ницкъаллин блокехула волу вице-премьер Висмурадов Абузайд, Нохчийчуьрчу Росгвардин Урхаллан куьйгалхо Делимханов Шарип, кхинберш а.

Кадыров реза ву хуьлучунна, штурм йирзинчул тIаьхьа "куьйгаш тIе виллина цхьахволу ницкъхо араваьккхиншехь". "Ахмат-Грозный" ОМОН-н командиро Бисаев Анзора олу Кадыровга, когах хIоьан гериг кхетта, чов йина ницкъхочунна.

"ХIуммаъ дац, схьайоккхур ю вай", - боху Кадыровс.

Сюжетан авторо дуьйцу хьовсархошна, Iаморийн Iалашо – тактикан хаарийн тIегIа лакхаяккхар ю. ОМОН-н командиро боху, мехкан куьйгалхочо лаккхара мах хадийна Iаморийн, ткъа иза коьрта ду аьлла. Изза дешнаш олу Усмаев Вахьида а: "Шеф реза вара, коьртаниг иза дара".

Регионна гонах блокпосташ хIиттон еза аьлла, Кадыровс дIахьединчул тIаьхьа, дозанашца лаьттачу кIошташка дIасахIиттийра ницкъаллин структурийн белхахой.

Iамораш нисделира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех хиллачу бертан гонах конфликт юха марсаяьллачул тIаьхьа. ГIалгIайн ДаьттIагIа эвлан кIоштарчу Фортанга хин бердаш чIагIдеш, нохчийн некъан белхахоша белхаш болийчу марсаделира юха а дов.

2018-чу шарахь Гезгамашин-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгашъздира регионийн куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а низамехь лерира хилла барт. ТIаккха митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Протестхошна хетарехь, дозанаш къастор нийсонца дацара.

Карарчу заманчохь Ессентукехь йоьдуш кхел ю гIалгIайн протестийн ворхI лидерна тIехь. Уьш бехкебо, Магасехь 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьал болчара хIоттийначу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна а, экстремистийн юкъаралла вовшахтохарна а. Прокуроро доьху кхеле, бехкебечарна набахтехь даккха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш тоха аьлла.

Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG